Бахьрайн
Бахьрайн (Ӏаьр. البحرين), официалан — Бахьрайнан пачхьалкх[1] (Ӏаьр. مملكة البحرين, Мамлакатул-Бахьрайн[3]) — иза Къилба-Малхбузан Азин ГӀажарийн айманера Бахьрайн цIе йолчу архипелаг тIера гIайренан пачхьалкх йу. Бахьрайно дIалоцу кхоъ дикка доккха а, шортта кегийра а гIайренаш, СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан бердашна 16 км малхбалехьа, оцу махкаца уьйр йу автомобилан тIайн тIехула.
Бахьрайн | |||||
---|---|---|---|---|---|
Ӏаьр. البحرين | |||||
| |||||
Бахьрайнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли | |||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 14 август 1971 (Йоккха Британех) | ||||
Официалан мотт | Ӏаьрбийн мотт | ||||
Коьрта гӀала | Манама | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Манама | ||||
Урхаллин тайпа | Конституцин монархи[1] | ||||
Монарх Премьер-министр |
Хьамад бин Ӏиса Аль Халифат Халифат бин Салман Аль Халифат |
||||
Пачхь. дин | ислам, суннийш | ||||
Латта | |||||
• Шадерг | 766 км² (184-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 0% | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор | 1 343 000 стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг | $34,908 миллиардов долл. (109-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | $29,146 долл. | ||||
АДКИ (2013) | 0,796[2] (ЧIогIа лакхара; 48-гӀа меттиг) | ||||
Ахча | Бахьрайнан динар (BHD, код 48) | ||||
Интернет-домен | .bh | ||||
Код ISO | BH | ||||
Код МОК | BRN | ||||
Телефонан код | +973 | ||||
Сахьтан аса | +3 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора | ||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Паччахьаллин махкахь Манаман гергарчу Джуффэйрехь дIатарйина АЦШн ПхиалгIачу флотан коьрта оперативан база.
Истори
бӀаьра нисйанВайн эрал III эзар шо хьалха оцу мехкан латта тӀехь йаьржинера, шайн чӀагӀйина нах беха меттигаш а йолу, кхиина цивилизаци. Шира пачхьалкхан цӀе Дильмун хилла, иза йара йоккха хӀордан махлелоран центр, цигашхула зӀенаш латтайора шумераш а, кхечу Шина хин йукъан къаьмнаш а ХӀиндан тогӀенан къаьмнашца.
- IV—VI бӀешерашкахь — йукъахь йу СасанигӀеран пачхьалкхан, цул тӀаьхьа — Ӏаьрбийн халифатан.
- IX—XI бӀешерашкахь — къарматӀийн пачхьалкхан центр.
- XIII бӀешарахь — маьрша йолу, амма дукха хан йаллале Ормузан эмиратан дакъа хуьлу.
- 1521 шо—1602 шо — Португалин мохк.
- XVII—XVIII бӀешерашкахь — сефевигӀеран Иранан йукъайоьду.
- 1780-гIа — йуха а кхайкхийна маршо.
- XIX бӀешо — Бахьрайне ингалсхой кхочу.
- 1871 — Йоккха Британис протекторат хӀоттайо Бахьрайн тӀехула, амма факт хилла цунах колони йар.
- Хьалхара дуьненан тIом — кхоьллина йоккха британин тӀеман база. Иранан правительство лору Бахьрайн закон дохош схьабаьккхина мохк.
- ШолгIа дуьненан тIом — британин правительство дехьакхуьйсу Бахьрайне даккхий эскарш. 1946 шарахь Манама — ГӀажарийн айман чуьра британин администрацин резиденци йу.
- 1968 — Катарца а, Бертан Оманца цхьаьна кхайкхадо ГӀажарийн айман чохь Ӏаьрбийн олаллин федераци кхоллар.
- 14 август 1971 — маршо йелла.
- 1975 — парламент дӀасахецна.
- 1990-гӀа шераш — Бахьрайнера гӀовттамаша, демократин хийцамаш бира.
- 14 февраль 2011 — махкахь буьйлабелира халкъан массийн гӀовттамаш, карзахбаьна Тунисехь а, Мисрахь а хилла революцеш. Керла массийн дуьхьалонан акцеш йуьйлайелира 2012 шеран чеккхенгахь[4].
Дипломатин йукъаметтигаш йу Российн Федерацица (хӀиттийна ССРСца 29.09.1990).
Дика хьоьгучеран некрополь
бӀаьра нисйанШирачу заманахь дуьйна гӀайре гӀарадаьлла хазаллийца а, меттигера жовхарийн дикаллийца а, цуьнан бехк хета бердашца долчу хинан башха хьал[5]. Бахьрайнан жовхарш кхиаран процесс дӀайодара дуьра а, теза а хиш иэлучу хьолашкахь. Хин буха оьхучара дӀабиллина тамашийна Ӏаламан хиламо — ГӀажарийн айман бух тӀиера Ӏаламан теза хьосташ довлар — цӀе йелла гӀайренна, «ши хӀорд вовшахкхета меттиг» (маджму Ӏу-ль-Бахьрайн) аьлла, мифологехь а. Угаритийн «дела» Илу Ӏа меттиг хилла «шина эркан хикхоче»[6]. Шумерийн «делийн» коьртачех цхьаъ хилла Энки, хьекъалан а, латан тӀиера, бухара хин а дела, вуьллуш хилла паччахьан кепара, шина белаш тӀиера чохь чӀерий долу, хи охьаоьху стеган суртаца[7].
Археологашна карийна, шифр дӀайаьккхина тексташа гойту, Бахьрайн гӀайре Шумеран шира бахархоша лоруш хилла йеза меттиг санна, «беллачеран синош эхартан беркат схьаоьцу меттиг», ткъа цигахь дӀаволларан бакъо «лорура дерриг дахарехь делан муьтӀахь хиларна делла даккхийчу совгӀатех цхьаъ»[8].
М. Б. Пиотровскийс йаздина[9]: «Бахьрайнан мистикан маьӀна гуттаренна долчу дахарца башха уьйр йолу меттиг санна, го, масала, дӀаволларан меттиг санна иза нахана оьшуш хиларна».
Бахьрайнан динан-историн тӀаьхьенан иэс йу йисина шира некрополаш, цара дӀалоцу шуьйра аренаш гӀайренан къилбаседа декъехь. Уьш йар талламхоша дӀахьо вайн эрал деалгӀа а, кхоалгӀа эзар шо хьалхе. ДӀабоьхкинчеран барам, царна йукъахь йерриг Шумерера гӀарабевлла нах, тӀемалой, багарбо бӀе эзарнашкахь. Талламхошна хетарехь, наггахь кешнаш хьалххе заказ деш хилла, хӀунда аьлчи цхьадерш царех деса дисина. Баьрзнаш хийцало барамашца. Уггаре хьалхарниш царех овалан кепара хилла, локхалла 1,5 м гергга. ТӀулгийн камерехь лахьта доккхуш хилла дӀаволларан гӀирс чубуьллуш. «Элийн» кешнаш чохь ши лахьта деш хилла, цхьаъ вукханна тӀехула, тӀулгаца къовлуш хилла. Ерриг гӀишлона гуо беш хилла тӀулган пенаца. Пенан а, лахьтан а йукъ, тӀехуле йузуш хилла тӀоца. Иштта барз 15 метре кхочуш хилла.
Бахьрайн тӀехь дӀабохкаран ламаст дисира эллинизман муьрехь а. ТӀаьххьарниг царех терахь тоьхна йу вайн эрал хьалхарчу бӀешерашца[10]. Кешнийн дакъа дайна ца Ӏа Ӏаламан эрозии бахьнехь, иза дайна 1950-гӀа шерашкахь деса лаьттанаш лелодахар а, гӀалийн меттигаш кхиор а бахьнехь.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ Human Development Report 2013 (инг.). United Nations Development Programme (2013). Архивйина 2013 шеран 13 августехь
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуа
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ "«Арабская весна» наступает в Бахрейне". Russia Today. 10 декабря 2012. ТӀекхачаран де: 2017 ш. июнь.
{{cite news}}
: Проверьте значение даты:|accessdate=
(справка) - ↑ 5000 лет истории жемчужного промысла в Бахрейне .(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Древневосточные корни ислама . Архивйина 2013-10-13 — Wayback Machine
- ↑ Афанасьева В. К. Гильгамеш и Энкиду — М.: Наука, 1979, 220 с., — сс. 73, 124
- ↑ Д. Рол. Генезис цивилизации — М.: Эксмо, 2002, 480 с.
- ↑ Пиотровский М. Б. Живая вода Бахрейна — /в кн.: Тилос. Путешествие в загробный мир — С.-Пб.: Изд-во Гос. Эрмитажа, 2012, с. 3
- ↑ Смерть в Тилосе: хорошо подготовленное путешествие . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 7 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 6 мартехь Архивйина 2016-03-06 — Wayback Machine
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |