Бесленей
Бесленей (оьрс. Бесленей) — Российн Федерацин Кхарачой-Чергазийчоьнан Хабезан кӀоштара эвла.
Эвла | |
Бесленей | |
---|---|
гӀебарт.-чергаз. Беслъэней, оьрс. Бесленей | |
44°14′48″ къ. ш. 41°44′30″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | Росси |
Республика | Кхарачой-Чергазийчоь |
Муниципалан кӀошт | Хабезан кӀошт |
Йуьртан меттиг | Бесленейн |
Истори а, географи а | |
Йиллина | XIX бӀешарахь |
Хьалхара цӀерш | 1925 шо кхаччалц Тазартукай (Тхьастыкъуей) |
Майда | 37 км² |
Центран локхалла | 580 м |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Бахархой | |
Бахархой | ↘3496[1] стаг (2016) |
Луьсталла | 96,86 стаг/км² |
Къаьмнийн хӀоттам | чергазий |
Динан хӀоттам | бусалба-суннийш |
Бахархойн цӀерш | беслене́йхой, беслене́йхо |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +7 87873 |
Поштан индекс | 369 414 |
Автомобилан код | 09 |
Код ОКАТО | 91240000005 |
Код ОКТМО | 91640408101 |
Картин тӀехь | |
Кхуллу муниципалан кхоллам Бесленейн йуьртан меттиг ша цхьаъ нах беха меттиг юкъахь йолуш.[2]
Географи
бӀаьра нисйанЭвла лаьтта Хабезан кӀоштан малхбуза декъехь, Доккха Зеленчук эркан аьтту бердаца. КӀоштан центр йолчу Хабезан къилбаседа-малхбузен агӀора 22 км генахь йу, Черкесск гӀалин 25 км йу, дозанехь йу Кхарачой-Чергазийчоьнан а, Краснодаран мехкан а.
Йуьртан меттиган майда йу — 37 км2.
Доза ду Вако-Жиле (къилбаседа-малхбузехьа), Псаучье-Дахе (малхбалехьа), Инжичишхо (къилбехьа), Краснодаран мехкан Зеленчук Мостовой (малхбузехьа) кӀотаран латтанашца. Къилба-малхбалехьа йуьртан меттиган латташ дехьадовлу байданийн байнашка.
Нах беха меттиг лаьтта республикин ламанан кӀажошкахь. Меттиган рельеф коьртаниг чӀогӀа йекъна гунаш болу аре йу. Йуьртан меттиган махкара юккъера локхалла ю 580 метр хӀордан сизал лакхахь. Уггаре лекха меттиг ю, эвлан малхбалехьа лаьтта — Дугужиб лам (705 м.). Эвлан къилбаседехьа лаьтта Коследжан боьра.
Климат барамера. Шеран юккъера хӀаваан температура ю +9,5°С гергга. Уггаре шийла бутт — январь (юккъера беттан температура –1,5°С), ткъа уггаре бовха — июль (+20,5°С). ГӀоролаш йолало декабран юьххьехь, чекхйовлу апрелан юьххьехь. Шеран йочанийн юккъера барам шарахь 700 мм гергга. Церан коьрта дакъа догӀу апрелера июнь кхаччалц болчу муьрехь.
Этимологи
бӀаьра нисйан1920-гӀа шерашкахь Тазартукай эвлан цӀе хуьйцу Бесленей олий. Бахархоша дехарш дора цӀе Бесленей алий хийца бохуш — оцу эвлахь бехачу этносан бесленейгӀеран цӀарах, ткъа Ӏедало ойла йора цӀеран кхечу маьӀнин, гора цунна юкъахь бесленейгӀеран хьалханчех цхьаъ Кавказан тӀамехь — эла Каноков Беслан. Масийттаза жоп ца деллачул тӀаьхьа эвлахойн лаам кхочуш бира.
Истори
бӀаьра нисйанБесленей эвла (хьалха Тазартукай), хӀинца йолчохь йиллина XIX бӀешеран юккъехь, Оьрсийн-Кавказан тӀом чекхбаьллачу муьрехь.
XIX бӀешо юккъе даххалц Тазартукай эвла яра Уруп эркан лакхенашкахь. Кавказан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа, эвла кхалхийра паччахьан Ӏедало билгалдаьккхинчу латташ тӀе, Исправни гӀалин герга. Цул тӀаьхьа эвла кхалхийра Невинномысск гӀалин йистте. ТӀаккха эвлан бахархой кхалхийра хӀинца йолчу меттиге.
Таханлера Бесленейс цхьаьна туху шенан чохь хьалхалера бесленейгӀеран кхоъ эвла: Тарканей(эвлан лахара дакъа), Тазартукай (эвлан юккъера дакъа), Богупсей (эвлан лакхара дакъа).
Эвла Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман заманахь
бӀаьра нисйан1942 шеран август болалуш Чергазийн АО юкъахула боьдура некъ, оцу новкъа далош дара гуо бинчу Ленинградера бераш, уьш буьгура Гуьржийн ССР. Бесленей эвлан гергахь севцира тӀаьхь 32 бер долу ворданаш. Иза хиира эвлан бахархошна, сацам бира бераш эвлахь а дитина дӀасадекъа, хӀунда аьлча дукхаха дерш царех гӀуон хьал долуш дара мацаллийна а, халчу новкъо кӀела дитина а.
Бахаман колхозан тептарехь оццу буса дерриг бераш дӀаяздира чергазий аьлла, цӀераш а, фамилеш а хийцина, Чергазийн АО тӀелета немцойн-фашистийн эскарех хьулдархьама.
Бесленейхоша динчунна 2010 шеран 7 майхь эвлан юккъехь дӀайиллира мемориалан комплекс.
2013 шеран январехь Москохахь гойтуш дара Чистяков Николайн историн поэмин шолгӀа дакъа — «Деган иэс. Бесленейн Ленинградан чергазий», иза ду чергазийн эвлан, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман шерашкахь гуо бина Ленинградера эвакуаци йина 32 жуьгтийн бер кӀелхьара даьккхина бахархойн турпалаллех лаьцна[3].
Бахархойн дукхалла
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
2002[4] | 2010[5] | 2012[6] | 2013[7] | 2014[8] | 2015[9] | 2016[1] |
3175 | ↗3520 | ↗3537 | ↗3542 | ↘3517 | ↘3504 | ↘3496 |
Сахьтан аса
бӀаьра нисйанКхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Аул Бесленей на официальном сайте КЧР Архивйина 2020-02-20 — Wayback Machine
- Две битвы аула Бесленей . Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 2 апрелехь Архивйина 2015-04-02 — Wayback Machine
- Официальный сайт Хабезского района
- Коды ОКАТО и ОКТМО — Бесленей . Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 2 апрелехь
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Закон Карачаево-Черкесии от 16 декабря 2004 года № 48-РЗ «Об установлении границ муниципальных образований на территории Хабезского района и наделении их соответствующим статусом» . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 14 март. Архивйина 2015 шеран 2 апрелехь
- ↑ Память сердца. Ленинградские черкесы Бесленея
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Численность постоянного населения территорий КЧР по окончательным данным Всероссийской переписи населения 2010 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 октябрь. Архивйина 2014 шеран 10 октябрехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь