БесленейгӀар (шеш шайха олу: адыгэ, беслъэней) — таханлера адыгашна йукъадахана адыгийн (чергазийн) тайпа[1].

БесленейгӀеран эвланаш 1830—1850 шерашкахь. 1 — инарла Зассас аренашка кхалхийна исс юрт; 2 — цӀе ца йевза.

Йукъара хаамаш

бӀаьра нисйан

БесленейгӀар хьалха дӀалоцура Лабин а, цуьнан аьтту генан Ходзюн а эркийн лакхенашкара мохк, малхбалехьа а, къилба-малхбалехьа Уруп эркаца а, цуьнан геннашца Доккха а, Жима а Тегенашца, кхечу эркашца, Упорни а, Отрадни а гӀаланийн асане кхаччалц, цу тӀе уьш къилбаседа-малхбузехьа махошгӀаьрца, малхбузехьа — мамхегашца, къилбехь а, къилба-малхбалехь а — абазошца[2].

БесленейгӀар амалшца, оьздангаллица, схьабовларца гергара бу гӀебартошна, ткъа ша бесленейгӀеран адыгийн меттан меттан га (йоккха башхалла ю мукъаза аьзнаш аларехь) уггаре герга ду гӀебартой меттан генна, цуо новкъарло ца йо гӀебартошца а, кхечу адыгашца къамел деш[2].

Дин лелориш бусалба-суннийш бу.

БесленейгӀеран шира элин тайпанаш лору КануковгӀар а, ШалоховгӀар а, легенда хилла, гӀебартой элин тайпа долийна, Иналан кӀентан Бесланан тӀаьхье[2].

XVI—XVIII бӀешеран оьрсийн хьосташкахь гайтина тайп-тайпана цӀерашца: бесленейгӀар, беслингӀар, бесленейн чергазий, кхин а, ткъа цара дӀалаьцна кӀоштах — Бесленей, Бысленей, Бесленейн эвланаш[3].

БесленейгӀар. XVI бӀешо

бӀаьра нисйан

Дуьххьара исторехь БесленейгӀар хьахийна XIV бӀешарахь. Иштта масала — российн тептаршкахь хаамаш бисина, 1552 шарахь Москоха Иван Грозница барт бан баьхкинчу хьалхара гӀебартойн векалшна йукъахь, вара бесленейгӀеран цхьа эла — Маащук[4].

Дукхаха йолчу адыгийн этносийн тобанийн санна, бесленейгӀеран а бара феодалан хӀоттам. БесленейгӀар бехара Доккха а, Жима а Лабин тогӀенашкахь, Уруп а, Ходзь а, Фарс а эркийн бердашца, ТемиргойгӀарна а, Абадзехашна а малхбалехьа, бесленейгӀарна къилбехьа бехара абазой-ашхараш: башилбайгӀар, баракайгӀар, кызылбекаш[5]. Коьрта гӀуллакх дара латталелор а, даьхнийлелор а, боккха тидам тӀебохуьйтура бошмашлелорна.

XVIXVIII бӀешерашкара хаамашца бесленейгӀар гуттаренна майра дуьхьалонаш йора дукха болчу арахьарчу мостагӀашна (ногӀашна, гӀалмакхашна, гӀирмин гӀезалошна, туркошна, кхарачошна), шайн дайн латтанашна а, бахамна а тӀе бӀаьрг биллина Ӏаш болчу.

1571 шарахь бесленейгӀар ГӀирмин ханан омарца дакъалецира ГӀирма Москох тӀелатар (1571), иза чекхделира москохан цхьа дакъа дагорца а, 100 эзар йийсархо лацарца а, цундела бесленейгӀар оцу историн муьрехь дакъа ца лецира оьрсийн паччахьца барт беш, хӀунда аьлча царна болу ГӀирмин ханан Ӏаткъам чӀогӀа боккха бара. XVII бӀешеран йуккъерачу тептаран могӀанаш ду: «бесленейгӀара ло гӀирмин ханан Шан-Гирин ясакх: лайш – зударий а, зудабераш а, аргамакаш (дикачу хӀух говраш), гӀагӀанаш (оцу хенахь чӀогӀа еза хилла), ерриг ягарйинарг пхи бӀе, ткъа Шан-Гирин оьшу эзар, …».

БесленейгӀар. XVII бӀешо

бӀаьра нисйан

БесленейгӀар. XIX бӀешо

бӀаьра нисйан

С. М. Броневскийс йаздора бесленейгӀарах: «Беха хьал долуш, цӀена Чергазийн Ӏадатехь яккхийчу эвланашкахь, 1 500 доьзал барамехь; кӀеззиг бепиг дуьй, дуккха а даьхний леладо, дукхаха дерг уьстагӀий, уьш дӀалохку барх бархӀ чаккхарма Прочни Окопан лакхахьа. КӀезиг дац къоланаш дар луларчу латтанаш тӀехь я, цара ма-баххара, тӀеман нехан говзалла лелайо…». Цуо дуьйцу, бесленейгӀара даггара тӀеоьцу бевддарш кхечу адыгийн тайпанашкара. Бакъдолуш, хӀинцалера чергазийн къам кхолладаларан шолгӀа ладаме компонент гӀебартой бу, уьш яккхийра тобанашца дӀаоьхура гергарчу Кубанал дехьене, шайн латтанаш тӀехь российн пачхьалкхан низамаш хӀитто гӀертачара бохург ца деш.

БесленейгӀеран элий

бӀаьра нисйан
  • Воккха эла Маащук (лакхахь вийцина)
  • Баккхий элий (Пщы) — КъанокъуэгӀар, ШолэхугӀар;
  • Хьалхара тӀегӀанан элий (Лъакъуэлъэш) —ТэркъанейгӀар, АнэжокуэгӀар, БогупсгӀар, ДохьучокъуэгӀар, КургӀокъуэгӀар, МысрыкъуэгӀар, СанэшӀыкъуэгӀар, ТхьэстокъуэгӀар, ТӀлъэхьуэдыггӀар.

Таханлера хьал

бӀаьра нисйан

Оьрсийн-Кавказан тӀом чекхбаьлча бесленейгӀар а, церан меттан га а Россехь 5 эвлахь бен ца дисира: шиъ Кхарачой-ЧергазийчохьБесленей (Тхьастыкъуей), Вако-Жиле (Дохъчокъуей); шиъ Краснодаран мехкан Успенскан кӀоштахьКургоковски (Кургъокъуей), Коноковски (Бэчымзей); цхьаъ Республика АдыгейхьУляп (Улапэ).

Чергазийн (адыгийн) диаспорехь бесленейгӀар коьртаниг беха Туркойчохь, илашкахь: Болу, Амасья, Чорум, Биледжик, Эскишехир, Нигде.

  1. Коряков Ю. Б. АДЫГЕЙЦЫ // Большая российская энциклопедия. Электронная версия (2016); https://bigenc.ru/ethnology/text/2800144 Архивйина 2019-12-08 — Wayback Machine Дата обращения: 29.08.2017
  2. 1 2 3 Социально-экон. строй Адыгеи в XVIII-начале XIX веков. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 14 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 22 декабрехь
  3. Этнография России Архивйина 2013-01-21 — Wayback Machine
  4. К 450-летию заключения военно-политического союза России и Черкесии(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. Kavkazskiö Fond. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 22 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 2 августехь Архивйина 2012-03-24 — Wayback Machine

Литература

бӀаьра нисйан
  • Бижев А. Х. Бесленей в историческом и этнокультурном контексте адыгского этноса // Археология и этнология Северного Кавказа. — Нальчик, 2015. — Вып. 4. — С. 136—143. — ISBN 978-5-91766-098-1.
  • Бесленеевцы // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Виноградов В. Б. Средняя Кубань: земляки и соседи. — Армавир, 1995.