Милтон Бирд-жимахверг Ральф (инг. Ralph Milton Beard Jr.; 1927 шеран 2 декабрехь, Хардинсбергехь, Кентукки штат, АЦШ2007 шеран 29 ноябрехь, Луисвиллехь, Кентукки штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхой, дагахь лаьтта шен студентийн тӀегӀанехь «Кентукки Уайлдкэтс» йукъара «инзаре пхеа ловзархочунца». Левзина Къоман баскетболан ассоциацера «Индианаполис Олимпианс» клуб йукъахь. 1948 шеран Лондонера Аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпион. 1951 шарахь валлалц дӀакъастийна КъБА ловзарех жамӀашца харцонаш лелорна.

Бирд Ральф
инг. Ralph Beard
Карьера чекхйаьккхина
Позици ловзар дӀахьо турсло / тӀелета турсло
Локхалла 178
Возалла 79
Гражданалла  АЦШ
Вина терахь 1927 шеран 2 декабрь({{padleft:1927|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг Хардинсберг, Кентукки, АЦШ
Кхелхина терахь: 2007 шеран 29 ноябрь({{padleft:2007|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) (79 шо)
Кхелхина меттиг Луисвилл, Кентукки, АЦШ
Ишкол Луисвиллан божарийн ишкол (Луисвилл, Кентукки)
Колледж Кентукки (1945—1949)
Драфт КъБА 22-гӀа (2-гӀа раунд), 1949, Чикаго Стэгс
Статистика
Ловзарш 126
Очкош 2006 (15,9 йуккъера барам ловзарехь)
Схьаэцар 251 (2 йуккъера барам ловзарехь)
ДӀайалар 551 (4,4 йуккъера барам ловзарехь)

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Лондон 1948 баскетбол
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хьалхара шераш нисйе бӀаьра

Бирд Ральф вина 1927 шеран 2 декабрехь Хардинсберг гӀалахь (Кентукки штат), дешна Луисвиллан божарийн ишколехь изза цӀе йолчу гӀалара, цигахь левзина меттигера баскетболан командехь.

Студентийн карьера нисйе бӀаьра

1949 шарахь чекхйаьккхина Кентуккин университет, цигахь деа шарахь левзина баскетболан «Кентукки Уайлдкэтс» командехь, цунна йукъахь Баскетболан сийлаллин залан декъахо волчу тренеран, Рапп Адольфан куьйгаллица, аьттонца дӀайаьхьира карьера, 139 ловзарехь кхоьссира 1517 очко (йуккъера 10,9 ловзарехь). Бирд волуш «Акха цицигаш» деа шарахь хьалхий-тӀаьхьий йаьккхира рогӀера чемпионат а, Къилба-Малхбален конференцин турнир а (1946—1949), ткъа кхин а шина шарахь йелира АЦШ студентийн чемпионатан плей-оффе (1948—1949), хӀоттийра деа шеран ийна, университетан баскетболан командин рекорд (130 толам 10-зза иэшам).

Шина шарахь «Кентукки Уайлдкэтс» Студентийн спортан къоман ассоциаци (NCAA) чемпион хилира. 1948 шеран 19 мартехь уьш бевлира NCAA турниран йеаннан финале (инг. Final Four), цигахь хьалха ахфиналан матчехь, 20 мартехь, иэшийра Кафтан Джорджан а, Коузи Бобан команда «Холи-Кросс Крузейдерс» 60—52 чоьтаца, цигахь Бирд жамӀаца шолгӀа ловзархо хилира шен командехь, 13 очко кхоьссина, цул тӀаьхьа финалан ловзарехь, 23 мартехь, хӀаллакйира Робинсон Джекин а, Оуэнс Рэдан а команда «Бэйлор Бирс» 58—42 чоьтаца, цигахь Ральф иштта а жамӀаца шолгӀа ловзархо хилира шен командехь, 12 очко кхоьссина. Йуха шарахь «Акха цицигаш» йуха а девлира NCAA турниран йеаннан финале, цигахь хьалха ахлуфиналан матчехь, 22 мартехь, цӀенна иэшийра Эддлеман Дуайтан а, Эриксон Биллан а команда «Иллинойс Файтинг Иллини» 76—47 чоьтаца, цигахь Бирд жамӀаца кхоалгӀа хилира шен командехь, 9 очко а йоккхуш, тӀаккха финалан ловзарехь, 26 мартехь, иэшийра Харрис Бобан а, Паркс Джей Элан а команда «Оклахома A&M Эггис» 46—36 чоьтаца, цигахь Ральф жамӀаца воьлгӀа хилира шен командехь, йерриг 3 очко бен ца кхуссуш.

Цул сов 1946 шарахь «Кентукки Уайлдкэтс» баскетболхой хилира Къоман кхайкхаран турниран чемпионаш (NIT), финалан матчехь гӀоьртина къовсамехь иэшийра Род-Айлендан университетан «Род-Айленд Рэмс» команда 46—45 чоьтаца, ткъа 1947 шарахь — оцу турниран вице-чемпионаш хилира, финалан матчехь гӀоьртинчу къовсамехь ийшира Ютин университетан «Юта Ютес» командин 45—49 чоьтаца. Хьалхий-тӀаьхьий деа шарахь «Уайлдкэтс» йукъахь Ральф йукъатуьйхира Къилба-Малхбален конференцин дерриг седарчийн гулйина 1-ра командина, кхин а хьалхий-тӀаьхьий кхаа шарахь — NCAA йерригамерикин гулйина 1-ра команда. «Кентукки Уайлдкэтс» йукъахь Бирд левзина 12-гӀа лоьмар йолу свитер, йукъара йаьккхина дӀаоьллина «Рапп-аренин» тхьов кӀелахь, иза шена тӀехь «Акха цицигаш» цӀера матчаш ловзо баскетболан майда йара.

Профессионалан карьера нисйе бӀаьра

Левзина ловзар дӀахбо турслочун а, тӀелета турслочун позицехь. 1949 шарахь Ральф Бирд хаьржира АБА драфтехь 22-гӀа лоьмарца Къоман баскетболан ассоциацин (КъБА) «Чикаго Стэгс» командо, амма, цунна йукъахь матч ца йоккхуш иза воьхкира «Индианаполис Олимпианс» клубана, цигахь дӀакхийтира шен студентийн командехь хилла накъостех Гроза Алексех, Баркер Клиффех, Джонс Уоллесах, цунна йукъахь дӀайаьхьира йерриг шен йоца профессионалан карьера. 1951 шарахь дакъа лецира КъБА дерриг седарчийн матчехь. Цкъа йукъавахара КъБА дерриг седарчийн гулйина 1-ра команда (1951), ткъа кхин цкъа а — КъБА дерриг седарчийн гулйина 2-гӀа команда (1950). Дерриг КъБАхь Бирда даьккхина 2 шо, оцу шерашкахь левзина 126-зза, цигахь кхоьссина 2006 очко (йуккъера барам 15,9 ловзарехь), 251-зза буьрка схьаийцира, 551-зза буьрка дӀайелира.

1951 шарахь масех накъостаца Кентуккин университетан хиллачу ловзархошца бехке вира 1948/1949 шеран жамӀаш хийцарна. КъБА комиссара Подолоф Мориса лигехь кхин ловза йиш йоцуш гӀуда туьйхира.

Гулйина командера карьера нисйе бӀаьра

1948 шарахь Бирд Ральф АЦШ гулйина командехь хилира Лондонера аьхкенан Олимпийн ловзарийн олимпийн чемпион, цуьнан гур бара «Кентукки Уайлдкэтс» йукъара «Инзаре пхиъ» а, кхин а «Филлипс 66» командин Йезархойн спортан цхьаьнакхетарийн (AAU) ловзархой.

Валар нисйе бӀаьра

Бирд Ральф велира 2007 шеран 29 ноябрехь йеара дийнахь, 80-гӀа шо долуш шен цӀахь Луисвилл гӀалахь (Кентукки штат).

Хьажоргаш нисйе бӀаьра