Бухарин, Николай Иванович
Буха́рин Никола́й Ива́нович (1888 шеран 27 сентябрехь [9 октябрехь], Москох — 1938 15 мартехь, Коммунарка, Москохан область) — оьрсийн революционер, советийн политикин, пачхьалкхан, партин гӀуллакххо. Партин ЦК декъахо (1917—1934), ВКП(б) ЦК декъе кандидат (1934—1937). РКП(б) ЦК Политбюро декъе кандидат (1919—1924), ВКП(б) ЦК Политбюро декъахо (1924—1929). ВКП(б) ЦК Оргбюрон декъе кандидат (1923—1924). ВКП(б) аьтту оппозицин лидер эриг, коллективизацин политикин виллина мостагӀа. ССРС ӀА академик (1929). 1938 шарахь тоьпаш тоьхна.
Бухарин Николай Иванович | |||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Николай Иванович Бухарин | |||||||
| |||||||
|
|||||||
|
|||||||
Дин | атеизм | ||||||
Вина терахь | 1888 шеран 9 октябрь[1] | ||||||
Кхелхина терахь | 1938 шеран 15 март[2][3][…] (49 шо) | ||||||
ДӀавоьллина | |||||||
Да | Бухарин Иван Гаврилович (1862—1940) | ||||||
Нана | Измайлова Любовь Ивановна (йелла 1915) | ||||||
Зуда | Ларина Анна Михайловна | ||||||
Парти | РСДБП (1906 шарахь дуьйна) | ||||||
Дешар | Москохан университет (1911) | ||||||
Динлелор | атеизм | ||||||
Латар | |||||||
Болхбаран меттиг | |||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Революцил хьалхара гӀуллакх
бӀаьра нисйанВина ишколан хьехархойн Бухарин Иван Гавриловичан (1862—1940)[4][5] а, Измайлова Любовь Ивановнин (йелла 1915) а[6] доьзалехь. 1893 шарахь дуьйна доьзал деа шарахь баьхна Кишинёвхь, цигахь Иван Гавриловича болан инспектор болх бира. Цул тӀаьхьа йуха а Москохахь, цигахь Николайс дийшира Хьалхара гимназехь, иза чекхйаьккхича 1907 шарахь дуьйна дийшира Москохан университетан юридически факультетан экономикин декъехь отделении[7], цигара 1911 шарахь дӀаваьккхира революцин гӀуллакх лелорна лацар бахьнехь[8].
1905—1907 шерашкара революцин заманахь шен уггаре дика доттагӀчуьнца Эренбург Ильяца жигара дакъалецира Москохан университетан студенташа йина студентийн демонстрацешкахь. 1906 шарахь большевикех а кхетта РСДБП йукъавахара. 1907 шарахь 19 шо долуш Сокольников Григорийца Москохахь йира кегийрхойн конференци, иза тӀаьхьа лерира кегкомсол хьалхарниг[8].
1908—1910 шерашкахь — РСДБП Москохан комитетан декъахо, Говзберташкахь болх дӀакхехьара. Оцу хенахь гергарло тасаделира В. М. Смирновца а, шен хин йолчу зудчуьнца Н. М. Лукинаца а. 1909—1910 шерашкахь кхузза лецира йоцучу хенашна. 1911 шеран июнехь лаьцна, 3 шарна хьажийра Онеге (Архангельскан губерни), оццу шарахь цигара ведира. Документаш довллалц личкъира В. М. Шулятиковн квартирехь[9]. Цул тӀаьхьа къайлаха аравелира Ганновере, ткъа 1912 шеран гурахь Австри-Мажаройчоь дӀавахара[8].
1912 шарахь Краковхь Бухаринна вевзира В. И. Ленин, цуьнца тӀаьхьа доттагӀалла лелийра. Эмиграцехь шен дешар тодан волавелира, Ӏамабора марксизм кхоьллинчеран кхолламаш а, социалистийн-утопистийн а, кхин а шен нийсархойн а. Бухаринан ойла кхолларна башха боккха Ӏаткъам бира А. А. Богдановс[10].
1914 шарахь, Дуьненан хьалхара тӀом болабаларца, лаьцна Австри-Мажаройчоьнан Ӏедало Швейцаре араваьккхира шпионалла леладарна. 1916 шарахь Францехула а, Ингалсехула а кхелхира Стокгольме. Швецехь вехира нехан цӀарах Долголевский Мойшин[11][12][13].
Мухажиршна шведийн политикин йукъагӀерта ца магийнашехь, цуо йаздора скандинавин аьрру газеташна, дакъалоцура мухажирийн клубан гуламехь, иза шведийн полицис лорура кӀелонна хӀоттийна революцин кхоллам. Лецира 1916 шеран 23 мартехь Сальмэтаргатанан квартирехь, цигахь иза вехара кхин шина большевикца (Пятаков Юрийца а, Бош Евгенияца а). Полицин декъехь вийцира ша Долголевский Мойша аьлла. Масех кӀира набахтехь даьккхина 1+916 шеран апрелехь араваьккхира Швецера Норвеге, Вехира Кристианехь (Осло), Копенгагенехь, 1916 шеран октябрехь дуьйна — Нью-Йоркехь (АЦШ), цигахь вевзира Троцкий Лев а, Коллонтай Александра а, Троцкийца цхьаьна редакци йора (1917 шеран январехь дуьйна) «Керла дуьне»[10] газетан.
Доккха дакъа лаьцна АЦШ коммунистийн парти кхолларан планаш хӀиттош, иза вара (Троцкийца цхьаьна) шайн карахь Социалистийн партин а, йерриг америкин аьрру боламан а хӀин дерг дозуш болчу кӀезигчарех цхьаъ. Америкин социалистан ЛорЛюдвиган (Ludwig Lore) а, японийн социалистан Катаяма Сэнан (Sen Katayama) а дагалецамашкахь даладо, масала, 1917 шеран 14 январехь Бруклинехь хилла америкин аьрру социалистийн а, российн мухажарийн (шен Бухаринан, А. Коллонтайн, Л. Троцкийн, В. Володарскийн, Г. Чудновскийн) а хийшамашкара «америкин социалистийн боламан радикалан ницкъаш кхолларан Ӏалашо йолу аьрру социалистийн белхан программа» йийцаран къамел[14].
1915тшарахь йазбина «Дуьненан бахам а, империализм а» болх, иза лерина бара XX бӀешеран йуьххьера капитализман башхаллин анализна. Ленина цунна йаздина (революцел хьалха зорба ца тоьхна) деша хьалхе, лелийна цхьа могӀа цуьнан меттигаш шен «Империализм капитализман лакхара тӀегӀа» балхахь (1916). Кхечу агӀора, Дуьненан хьалхара тӀом болабелча дӀайиллина социал-демократашна йукъара шайн лаам билгалбаккха къаьмнийн бакъонех лаьцна дискуссица Бухарин дуьхьалавелира Ленинан позицин а, цуьнан агӀончашна а (масала, Сталинна а, Зиновьевна а). Бухаринна а, цунна тӀаьхьа хӀоьттинчу Пятаковн а йолу ойланех Ленина элира «марксизман карикатура», церан мах хадийра политикин хеттарш экономикинчех къасто ца хуу 1890-гӀа шерашкара экономизман рецидив аьлла[10].
[Бухарин] Ник. Ив. болх беш волу экономист, оцу белхан тӀехь оха цунна гӀолоцура. Амма иза (1) эладитех тешаш ву (2), политикин агӀора чӀогӀа цхьанна тӀехь латталуш а вац.
1917 шеран февралан революцил тӀаьхьа Бухарина сихха сацам бира даймахка цӀаверза, амма Россех 1917 шеран майхь бен ца веира, хӀунда аьлча лецира Японехь, цигахула хьевзина цӀавогӀуш. Челябинскехь салташна а, матросашна а йукъахь агитации лелорна лецира меттигера Ӏедало[15]. 1917 шеран 25 июнехь хаьржира Москохан гӀалин думин кхажтосург[16].
Теоретик а, экономист а
бӀаьра нисйан1917 шарахь VI гуламехь хаьржира РСДБП(б) ЦК декъахо, цул тӀаьхьа болх бира Москохан партин комитетехь, редакци йира зорбанан «Москохан тӀеман-революцин комитетан» арахецараллин. Бора жигара пропагандин болх 1917 шеран Октябран революци йолуш, лаьттира радикалан аьрру позицехь. Рид Джона шен «Дуьне цецдаьккхина итт де» жайнахь чӀагӀдо, Бухарин лорура «Ленинал алсама аьрру». Дуккха а шерашкахь 1918 шарахь кӀеззиг йукъаравалар доцург — «Бакъдерг» газетан коьрта редактор, факт хилла коьрта партин идеолог. Кечбина промышленностан национализацин а, коьртехь халкъан бахаман Лакхара кхеташо йолу экономикин урхаллин меженаш кхолларан а кховдамаш (ХБЛКх)[17].
1917—1918 шерашкахь «аьррукоммунистийн» «Коммунист» газетан редактор волуш, кхечу «аьрру» коммунисташца цхьаьна вара «аьрру» коммунистийн лидер, ткъа кхин а аьрру эсерашца цхьаьна дуьхьала вара Брест-Литвара немцошца болчу машарна, дуьхьала вара куьг йаздарна а, советийн делегацин куьйгалхочун Троцкий Леван позицин, цуо кховдабора дуьненан пролетарин революцин некъ. ТӀаьхьа, 1923 шарахь Троцкийс ВКП(б) фракцех лаьцна йинчу дискуссешкахь, дери дира, Брестан машар буьйцучу хенахь аьрру эсерийн цхьаьна декъо 24 сахьтанна Ленин а лаций, коьрта пачхьалкхашца машаран бертан дуьхьалончех лаьтта коалицин социалистийн правительство кхоллар кховдийра. Аьрру эсераш чӀагӀдора, оцу правительствон таро хир йу барт бохо а, революцин къовсам дӀабахьа а, амма Бухарин чӀогӀа дуьхьалавелира партин а, пачхьалкхан а тхьамданан дуьхьала къайлаха барт барна. Брестан машарна куьг йаздинчул тӀаьхьа цхьа хан йаьлча Ленинан агӀора дехьавелира, цуьнан тешалла дара 1918 шеран июлехь аьрру эсерийн гӀаттамал тӀехьа Бухарин «Бакъдерг» газетан коьрта редакторан дарже йухавар.
1918 шеран майхь арахийцира шуьйра гӀарайаьлла брошюра «Коммунистийн (большевикийн) программа», цунна чохь теоретикица бух буьллу къахьогуш йоцучу классашна къинхьегам тӀебилла иэшарна. «Рантьен политикин экономи» а, «Дуьненан бахам а, империализм а» болх зорбатоьхначул тӀаьхьа хилира РКП(б) коьрта экономист-теоретик. 1919 шеран мартехь хаьржина ЦК РКП(б) Политбюро декъашхойн кандидат. 1919—1920 шерашкахь хилла Коминтернан Кхочушдаран комитетан декъахо [17].
1919 шеран 25 сентябрехь Бухаринан террористийн акт йира: иза лазийра бумбаэккхийтарца. Бумба кхоьссира террористаша-анархисташа Леонтьевн урамалгера Москохан РКП(б) комитетан гӀишлон чохь[17].
1919 шеран октябрехь Преображенский Евгенийца цхьаьна йаздира, тӀаьхьа 20-зза сов йуха зорбатоьхна «Коммунизман абат» жайна. 1920 шарахь йаздира (Пятаков Георгийца цхьаьна) «Дехьаваларан муьран экономика. Дакъа I: Трансформацин процессан йукъара теори» жайна[17]. И белхаш дийнна схьаэцча дикачу агӀора тӀеийцира Ленина, амма цуо лорура, цхьа могӀа гӀуллакхаш Бухарина ца леладо марксизмаца, ткъа леладо А. А. Богдановс кхиочу «йукъара кхолламан Ӏилманашца», кхин а йемал вора автор тӀех дустийна дийцаран хатӀ хиларна. Хаза хета Ленинан «Дехьаваларан муьран экономика» жайнина йазйина забаран рецензи, цунна чохь белам бо Бухарин кхечу меттанийн лексикина тӀеверзарна:
Оцу дикачу жайнин дика аматаш йо цхьайолу деквалификаци, хӀунда аьлча доза туху primo хьолаца, авторо тоъал фундировать йо шен постулаташ…
Дийна схьаэцча 1918−1921 шерашкара Бухаринан белхаш йаздина «тӀеман коммунизман» практикин боккха битамца, иза доьзна дара мехкан экономикехь экономикехь доцург ницкъала шуьйра лелорца. Амалера цитата:
Историн масштабера шен боккха барамера хьаьжча, пролетарино ницкъала дайтар шен йерриг кепашца, тоьпаш тохаран тӀера, ницкъала болх байтаре кхаччалц, коммунистийн адамаллин хьесапах даьккхина капиталистийн муьран адамийн материалах йу.
Кинохь денвар
бӀаьра нисйан- «Ленин 1918 шарахь» (1939) — Виктор Кулаков
- «Мисси Москоха» (1943) — Константин Шэйн
- «ЧӀагӀо» (1946) — ??
- «В. И. Ленинан суьртан амалш» (1969) — Олег Табаков
- «Кханенга йоьду цӀерпошт» (1970) — Алексей Сафонов
- «Staline-Trotsky: Le pouvoir et la révolution» (1979). Бернисат Жан-Марис роль ловзийна.
- «Хьоме Горбачёв» (Итали, 1988) — Харви Кейтель
- «Халкъан мостагӀ — Бухарин» (1990) — Александр Романцов
- «Сталин» (1992) — Йерун Краббе
- «Сталинан зуда» (2006) — Сергей Багиев
- «Вайца Сталин» (2013) — Виктор Полторацкий
- «Къаьхьа маьрсахан» (2017) — Роб Митчелл-Джеймс
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 Соболев В. С. Николай Иванович Бухарин (1888–1938), Nikolay I. Bukharin (1888–1938) // Историко-биологические исследования — 2013. — Т. 5, вып. 3. — С. 81—84. — ISSN 2076-8176; 2500-1221
- ↑ Nikolai Iwanowitsch Bucharin // Энциклопедия Брокгауз (нем.)
- ↑ Kuznetsov S. Nikolay Bukharin // Bukharin, Nikolay (инг.) // Grove Art Online / J. Turner — [Oxford, England], Houndmills, Basingstoke, England, New York: OUP, 2017. — doi:10.1093/GAO/9781884446054.ARTICLE.T012167
- ↑ Горелов, 1988, с. 9, 178.
- ↑ «Иван Гаврилович Бухарин 1862—1940» Захоронение И. Г. Бухарина в колумбарии Донского кладбища
- ↑ Самые секретные родственники — Мікалай Аляксандравіч Зяньковіч, Николай Зенькович — Google Книги .
- ↑ Императорский Московский университет, 2010, с. 108.
- ↑ 1 2 3 Горелов, 1988, с. 8—34.
- ↑ По другим сведениям, в Кунцево на даче, снимаемой В. М. Шулятиковым
- ↑ 1 2 3 Горелов, 1988, с. 34—48.
- ↑ Olga Hess Gankin, Harold Henry Fisher The bolsheviks and the world war. 1940. p. 249
- ↑ Aleksandr Shliapnikov. On the eve of 1917
- ↑ Бьеркегрен Х. Скандинавский транзит. Российские революционеры в Скандинавии. 1906—1917. — М.: Омега, 2007. — С. 225.
- ↑ Иванян Э. А. Энциклопедия российско-американских отношений. XVIII-XX века.. — Москва: Международные отношения, 2001. — 696 с. — ISBN 5-7133-1045-0.
- ↑ «В Челябинске… он был арестован меньшевиками.» И. Горелов. Николай Бухарин. C. 48. По другим сведениям, Бухарин был арестован во Владивостоке (Д. Волкогонов. Сталин. Политический портрет. Книга I)
- ↑ Московская Городская Дума после Октября // Красный архив, т. 2(27), 1928, c. 58-109
- ↑ 1 2 3 4 Горелов, 1988, с. 64—81.
<ref>
«Nenarokov» цӀарца, кху <references>
йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла йозан йукъахь йац.Литература
бӀаьра нисйан- Бордюгов Г., Козлов В. Николай Бухарин. Эпизоды политической биографии // Коммунист. — 1988. — № 13.
- Бухарин В. И. Дни и годы. — М.: Аиро XX, 2003. — ISBN 5-88735-102-0
- Бухарин: человек, политик, учёный / сост. Солопов А. Н. — М.: Политиздат, 1990. — 414 с. — 100 000 экз. — ISBN 5-250-01063-6.
- Ваганов Ф. М. Правый уклон в ВКП(б) и его разгром. — М.: Политиздат, 1977.
- Горелов И. Е. Николай Бухарин. — М.: Московский рабочий, 1988. — 288 с. — (История Москвы: портреты и судьбы).
- Грамши А. Тюремные тетради(ТӀе цакхочу хьажорг) (в том числе критика книги Бухарина «Теория исторического материализма. Популярный учебник марксистской социологии»)
- Евтушенко Евгений. Вдова Бухарина / поэма // Известия. — 1988. — 10 июня.
- Емельянов Ю. В. Заметки о Бухарине: Революция. История. Личность. — М.: Молодая гвардия, 1989.
- Коэн С. Бухарин: Политическая биография. 1888—1938 = Bukharin and the Bolshevik Revolution: A Political Biography, 1888–1938. — М.: Прогресс — Академия, 1988. — 574 с. — ISBN 5-01-001900-0 и 1989 г.: 5-338-00678-2, 5-01-001900-0.
- Коэн С. Николай Бухарин: Страницы жизни // За рубежом. — 1988. — № 16.
- Кеп:Нп4 Бухарин: его друзья и враги. — М.: Республика, 1992. — 480 с. — ISBN 5-250-01080-6
- Левин М. Бухарин и проблема бюрократии // «Провинциальный еженедельник Континент» (Набережные Челны). № 11-13. — 1992.
- Лиходеев Л. И. Поле брани, на котором не было раненых. М.: Политиздат, 1990.
- Павлов Н. В., Фёдоров М. Л. Николай Иванович Бухарин // Вопросы истории КПСС. — 1988. — № 10.
- Писигин В. Н. Бухарин и политическая борьба в мирных условиях // Вечерняя Казань. — 1988. — 11 авг.
- Резолюция Х пленума ИККИ о тов. Бухарине // Бакъдерг. — 1929. — 21 августа.
- Розенталь И. С. БУХАРИН Николай Иванович // А. Ю. Андреев, Д. А. Цыганков Императорский Московский университет: 1755—1917 : энциклопедический словарь. — М.: Российская политическая энциклопедия (РОССПЭН), 2010. — С. 108—109. — ISBN 978-5-8243-1429-8.
- Цакунов С. В. Развитие экономических взглядов Н. И. Бухарина после перехода к нэпу // Бухарин: Человек, политик, учёный. — М., 1990.
- Шулятиков В. И. Письма из заграницы (Письма Шулятикову В. М. Бухарина Н.И) «Учительская газета», 4 октября 1988.
- Юнге М. Страх перед прошлым. Реабилитация Н. И. Бухарина от Хрущёва до Горбачёва. — Аиро XX, 2003. — ISBN 5-88735-101-2
- Hedeler, Wladislaw (2015). Nikolai Bucharin. Stalins tragischer Opponent. Eine politische Biographie. Matthes & Seitz, Berlin. ISBN 978-3-95757-018-5. (Владислав Хеделер. «Николай Бухарин. Трагический оппонент Сталина. Политическая биография»)
- Theodor Bergman, Gert Schafer. «Liebling der Partei». Bucharin — Theoretiker des Sozialismus. Beiträge zum internationalen Bucharin-Simposium, Wuppertal 1988. Hamburg: VSA-Verlag, 1989.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Работы Бухарина Архивйина 2005-12-15 — Wayback Machine
- А. М. Ларина. Незабываемое
- Артём Кречетников. (Би-би-си): «Любимец партии» или Звезда и смерть Николая Бухарина
- Постановление о группе тов. Бухарина Архивйина 2017-08-25 — Wayback Machine. 17.11.1929. Проект Российского военно-исторического общества «100 главных документов российской истории».
- Профиль Николая Ивановича Бухарина РlА официалан сайтехь
- Бухарин Николай Иванович . Летопись Московского университета. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 18 декабрь.
- Николай Бухарин Архивйина 2018-03-07 — Wayback Machine на сайте «1917. Свободная история»