Ткаченко, Владимир Петрович
Ткаченко Владимир Петрович (вина 1957 шеран 20 сентябрехь, Сочехь, РСФСР, ССРС) — советийн баскетболхо. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1979). 1979 шеран Уггаре дика Европин баскетболхо, Шеран баскетболхо Европехь, Европин Мистер.
Ткаченко Владимир Петрович | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Владимир Ткаченко | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Карьера чекйаьккхина | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | Центровой | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 220 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 140 кг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ССРС→ Росси | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1957 шеран 20 сентябрь (67 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Сочи, РСФСР, ССРС | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (1976, 1980), дуьненан чемпион (1982), Еропин кхузза чемпион (1979, 1981, 1985), ССРС доьазза чемпион (1983, 1984, 1988, 1990).
Чекхйаьккхина Киевн физикин оьздангаллин институт (1982). Мукъаваьлла полковник.
ГӀишлошйархо (Киев), ЦСКА (Москох), ССРС гулйина командашна йукъахь ловзуш, дуьненан баскетболан уггаре дикачех цхьаъ центровой аьлла ц\е йаьккхира. Локхалла 220 см а волуш, физики наг\ора онда, дика координаци йолуш вара. Дика чехка а, т\ехдика кхоссалуш а, йуккъера геналлера цхьаьнаэшшара дика буьрка кхуссуш а вара. Цуьнца цхьаьна къасталора к\еда хиларца шен турс бухахь ловзуш[1].
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1957 шеран 20 сентябрехь Сочехь. Владимиран да-нана локхаллица билгалдаьлла дацара, ткъа иза 12 шо долуш кхечира 188 см локхалле.
Бераллехь гӀоле хетара футбол, гӀуо ца латтара кевнашкахь. Цхьа хан йаьлча лекха кхиархочун тидам бира баскетболан тренеро Ельдин Владимира, дӀахӀоттийра спортан ишкол-интернате Соче. Кхин а шо даьлча Ткаченко йукъавахара Сочи гӀалин жимахойн гулйина командина.
1972 шеран аьхка Краснодаран мехкан ишколахошна йукъара хьалхейаккхарехь къобал вира уггаре дика центровой аьлла, селекционерийн тидаме кхечира — цуьнца цхьаьна кхайкхира ЦСКА, ленинградан «Спартаке», киевн «ГӀишлошйархо» йукъа. Ден-ненан хьехамца хаьржира «ГӀишлошйархо»[2] (по другим сведениям — по приглашению тренера Михаила Фурмана, после чего был определен в одну из киевских ДЮСШ.
1973 шарахь Ткаченко ловзуш вара киевра «ГӀишлошйархочунна» йукъара дублехь, ткъа кхин ССРС жимахойн гулйина командехь а, цунна йукъахь 1973 шарахь хилира жимахошна йукъахь Европин чемпион. 1974 шарахь дуьйна «ГӀишлошйархочун» коьрта хӀоттаман йукъахь ловза волавелира, шен дакъалецира клубо 1973/74 шеран ССРС чемпионатан «борзанан» мидалш йохуш. Оцу клубера доккхаха долу дакъа левзира Вдовиченко Борисан куьйгаллехь[3].
1973 шарах, ССРС гулйина команда къонйеш, Кондрашин Владимира команде кхайкхира 16 шо долу В. Ткаченко. Кхин а 3 шо даьлча , 1976 шарахь, Ткаченко левзира шен дуьххьарлера Олимпиадехь Монреалехь, цигахь къона хиларна а, зиеделла ца хиларна а, ца гайтаделира цуьнгара ган лиина ловзар[4].
1978 шарахь хилира дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо, цигахь цуо гайтира ша гулйина командин коьрта ловзархо санна. Амма ша уггаре къегина гайтина хьалхара турнир хилира 1979 шеран Италера Европин чемпионат, цуьнан жамӀашца иза хилира уггаре дика чемпионатан ловзархо, ткъа ССРС гулйина командо йехира дешин мидалш.
Москохан Олимпиада йолайала ах шо долуш неӀаран ангалица чӀогӀа хадийра аьтту куьг, кхо пӀелг хаалуш бацара, то ца белира. Ткаченкос дийцарехь, нисса оцу чевно новкъарло йира ахфинал чекхйолуш италихошна буьрка чукхосса, цуо таро ца йелира ССРС гулйина командин Олимпиадин финале йала[4].
1981 шеран Европин чемпионатехь Ткаченкос йуха а ша гайтира, Европин уггаре дика центровой хилла, шолгӀа а дешин мидалш йаха гӀо дира гулйина командина.
1982 шарахь Ткаченко дуьненан чемпион хилира, доккха дакъа лецира ССРС гулйина команде толам боккхуьйтуш АЦШ гулйина командин дуьхьала финалехь ловзуш, иза чекхйелира 95:94 чоьтаца.
Оццу 1982 шарахь, Киевн физикин оьздангаллин институт чекхйаккхарца, вигира «эскаре», БК ЦСКА йукъа. Эскархошна йукъахь левзира 1989 шо кхаччалц, капитан эскаран цӀере кхаччалц. ЦСКАца Ткаченко 4-зза ССРС чемпион хилла.
1983 шеран Европин чемпионате ца вахара, махкара къайлаха $1 000 ара а даьккхина йуха дохка дозанал арахьара къоьлла йолу сурсаташ деина уьш вайн махкахь дохка гӀортарна, дисквалификаци йар бахьнехь[5]. Иза бахьнехь цуьнан таро хилира дакъалаца ССРС къаьмнийн Спартакиадехь Украинийн ССР гулйина командехь, цара 1-ра меттиг баьккхира турнирехь, финалехь Москохан гулйина команда иэшийна. Толаман совгӀатан деллачу ахчанах ийцира шена керла «Волга» машен, иза йогӀура цуьнан дегӀаца, цул тӀаьхьа дуккха лелийра иза цуо[6]. Дукха хан йалале, Гомельский Александран ницкъаш бахьнехь, Ткаченкон дисквалификаци дӀайаьккхира.
1985 шарахь йуха а хилира Европин чемпион, ткъа 1986 шарахь — дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо.
1987 шо чекхдолуш лазийра букъан даьӀахк (букъа даьӀахкан экъан къуркъал), цуо таро ца йелира цунна 1988 шеран сеулан Олимпиадехь дакъа лаца.
1989/90 шарахь левзира испанин хьалхарчу лигера командехь «Гвадалахарехь. Испанера карьера сихха чекхйелира. Эха шарахь «Гвадалахара» йогӀура хьалхарчу меттигехь, ткъа Ткаченкос гулйора йуккъера барам 15,7 очко, 8-зза схьаоьцура буьрка, блок а йора. Амма Ткаченкон лазайевлира голаш, тӀаьхьа букъ. ЖамӀехь клуб охьайахара таблицин йуккъе, ткъа Ткаченко цӀа вахара дарба лело.
1990-гӀа шерашкахь болх бира коммерцин структурашкахь — аптекехь, турфирмехь, таксихь, банкехь машен лелош а вара. 2004 шарахь транспортан гӀуллакхехь коьртехь вара муниципалан «Барвиха» предприятехь (Одинцовн кӀошт, Москохан область)[7].
2007 шарахь куьйгалхо хилира Москохан бухарчу Барвихин цхьаьна йуккъерачу ишколан баскетболан классехь.
Шен дахар
бӀаьра нисйанЗуда — Ткаченко Неля. Йевзира, иза ЦСКАн лоьрийн-спортан диспансерехь болх беш йолчу хенахь (иза шозлагӀа йалийра Ткаченко Владимира)[8]. Воккхаха волу кӀант — Олег, болх а беш веха АЦШхь[9]. Жимаха волу кӀант Игорь — баскетболхо, левзира БК «Динамо» (Москох)[10], ЦСКА, казанан «Уникс» йукъахь.
Башха доттагӀалла дара ССРС гулйина командин центровойца Белостенный Александраца а, Сабонис Арвидасца а. Ткаченкон а, Сабонисан а доттагӀаллехь анекдот а ду: Сабонис а, Ткаченко а тойра цӀавогӀуш цхьацца эчиган сом карийна. Ӏуьйрана самбевлча — уьш канализацин негӀарш хилла[11].
Цул сов, доккха, онда куцдолу дегӀ къинхетамаллица а, иэх хетарца а цхьаьна забарен эффект хуьлура цуьнан командера накъосташлахь. Иза бахьнехь цунах хилира советийн баскетболехь халкъан турпалхо. Цу тӀе ша Ткаченко кхетарца хьоьжура «баскетболан уллера» хьолехь нисло йерриг забаршка а, анекдотан меттигашка[12].
Кхиамаш
бӀаьра нисйан- Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо: 1976, 1980.
- Дуьненан чемпион 1982
- Дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо: 1978, 1986
- Европин чемпион: 1979, 1981, 1985.
- Европин чемпионатан детин совгӀатхо: 1977, 1987.
- ССРС чемпион: 1983, 1984, 1988, 1990
- ССРС чемпионатан детин совгӀатхо: 1977, 1979, 1980, 1981, 1982, 1987
- ССРС чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1974
- 1983 шеран ССРС къаьмнийн Спартакиадин толамхо УССР гулйина командин йукъахь.
- 1979 шеран Европин уггаре дика баскетболхо.
- Дерриг дуьненан Универсиадин 1981 детин совгӀатхо
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- «Сийлаллин Билгало орден (1985)
- 2015 шеран 19 сентябрехь Ткаченко йукъатуьйхира ФИБА сийлаллин залан[13].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Павел Садков. Куда уходят чемпионы? Комсомольская правда (2005 шеран 13 март). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 июнь.
- ↑ Интервью, 2007.
- ↑ Ткаченко, Владимир Петрович // Енциклопедія сучасної України : [укр.] : у 30 т. / НАН України, Наукове товариство ім. Шевченка, Институт энциклопедических исследований НАН Украины. — К., 2001—…. — ISBN 944-02-3354-X.
- ↑ 1 2 Ткаченко Владимир Петрович
- ↑ Владимир Ткаченко: «Мне обидно за наш баскетбол»
- ↑ Центровой вне центра… Архивйина 2021-02-10 — Wayback Machine
- ↑ Интервью, 2007 (продолжение).
- ↑ Red-Army.Ru: Все о спорте, все о ЦСКА! ТӀекхочу дата: 2009 шеран 31 май. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 6 августехь Архивйина 2009-08-06 — Wayback Machine
- ↑ «А что я скажу Джордану? Думаете, он знает, кто такой Ткаченко?»
- ↑ Баскетбол.ру // Будущее баскетбольной России Архивйина 2009-03-06 — Wayback Machine
- ↑ Федотов Александр. Нашли как-то Ткаченко с Сабонисом по рублю… // Баскетбол от «СЭ». — № 5. — 1997.
- ↑ «Только его так били по почкам и по яйцам». Владимир Ткаченко — Чапаев советского баскетбола, который обыгрывал Сабониса и пил водку из ведра
- ↑ Лев Савари. «А что я скажу Джордану? Думаете, он знает, кто такой Ткаченко?» Чемпионат.ру (2015 шеран 31 июль). — Интервью. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 июнь.
Литература
бӀаьра нисйан- 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9
- Гигант с душой ребёнка // Советский спорт. — 25 ноября 1986
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Профиль
- Звезда советского баскетбола Владимир Ткаченко: За историческую победу над американцами в 1982 году нам в Москве заплатили по 700 рублей . СЕГОДНЯ.ua (2007 шеран 24 сентябрь). — Интервью. Архивйина 2007 шеран 24 сентябрехь
- Владимир Ткаченко: «Когда в Киеве прятался от ЦСКА, два раза в одном месте не ночевал» . СЕГОДНЯ.ua (2007 шеран 24 сентябрь). — Интервью (продолжение). Архивйина 2007 шеран 24 сентябрехь (ТӀе цакхочу хьажорг)
- Александр Федотов. Владимир Ткаченко . Спорт-экспресс (2000 шеран 20 май). — Интервью. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 19 июнь.