Вудард Линетт (инг. Lynette Woodard; йина 1959 шеран 12 августехь Уичитохь, Канзас штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а. Левзина тӀелета турслочун позицехь. 2004 шарахь дуьйна баскетболан сийлаллин залан декъахо.

Вудард Линетт
инг. Lynette Woodard
Карьера чекхйаьккхина
Позици ТӀелета турсло
Локхалла 180 см
Йозалла 70 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1959 шеран 12 август({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (64 шо)
Йина меттиг Уичито, Канзас штат, АЦШ
Ишкол Къилбаседа (Уичито, Канзас)
Колледж Канзас (1977—1981)
Драфт ДКъБА 10-гӀа (элитин шолгӀа раунд), 1997, Кливленд Рокерс

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Лос-Анджелес 1984 баскетбол
дуьненан чемпионаташ
Дети Бразили 1983
Деши Малайзи 1990
Панамерикин ловзарш
Деши Каракас 1983 баскетбол
Борза Гавана 1991 баскетбол
2004 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Вудард Линетт баскетболех ловза йолайелира бераллехь дуьйна, Ӏемаш йара воккха волчу вешийца, 10 шо долуш ловзуш йара кӀоштан баскетболан командехь, дукха хьолехь капитан хуьлура кӀентийн командин йукъахь. Лакхарчу классашкахь, Норт-Уичито лакхара ишколан гулйина командехь ловзуш, цуо шозза (1975 а, 1977 а шерашкахь) йаьккхира Канзас штатан хьалхейаккхар, кхузза йукъатуьйхира сийлаллин гулйина командин.

Канзасан университете хӀоьттинчул тӀаьхьа Вудардах университетан гулйина командин «Канзас Джейхоксан» седа хилира. Ша доьшучу хенахь цуо командица кхузза йаьккхира Миссури атагӀин университетийн турнир (цунна йукъа Канзасан йоцург, йукъайоьдура Миссурин университет, Небраскин университет, Сент-Луисера Вашингтонан университет). ТӀаьхьий-хьалхий деа шарахь йукъаяхуьйтура АЦШ студентийн сийлаллин гулйина командин, ткъа университетехь ловзуш гулйина очкош (3649) хӀинца а АЦШ рекорд йу зудаберашна йукъахь. Цуьнан жамӀ ца оьшу кӀентийн рекордал бен (3667 очко), иза йу Маравич Питан[1]. 1981 шарахь, шен тӀаьххьара дешаран шарахь, цуо даьккхира Уэйд Маргаретан цӀарах совгӀат а, иза ло АЦШ зударийн студентийн чемпионатан лакхарчу дивизионан уггаре дика ловзархочун, Бродерикан совгӀат а, иза ло студентийн спортан къоман ассоциацин уггаре дика спортхо-студентан[2]. Оцу хенахь Вударда Мехикохь йаьккхира 1979 шеран Универсиада, официалан йукъатуьйхира москохан Олимпиадина кечам беш йолчу АЦШ гулйина командин, амма Цхьаьнатоьхна Штаташа оцу ловзаршна бойкот яр бахьнехь, цуьнан олимпий дебют ца хилира диъ шо тӀаьхьий бен: 1984 шарахь цуо АЦШ гулйина командин капитан а йолуш, цуьнца йаьккхира Лос-Анджелесера зударийн баскетболан Олимпиадин турнир.

Олимпиадел тӀаьхьарчу шарахь Вудард хилира, гӀараяьлла гастролан «Гарлем Глобтроттерс» командин йукъахь, хьалхара зуда, цунна йукъахь дуккха а шерашкахь ловзуш вара цуьнан гергарниг Гиз Осби[3]. «Глобтроттерсехь» ши шо даьккхина, цуо кхин дӀайаьхьира ловзаран карьера, хьалха Италехь, цигахь левзира 1987 – 1990 шерашкахь. 1989 шарахь хилира Италин чемпион Приолон «Эникем» командин йукъахь, ткъа цул тӀаьхьа левзира Японехь (1991/92 шерашкахь). 1990 шарахь цуо АЦШ гулйина командица дуьненан чемпионат йаьккхира Малайзехь[4]. 90-гӀа шерийн шолгӀачу декъехь, масех шарахь Нью-Йоркера биржин брокер болх бина[5], иза йухайирзира ловзаран майдане, хӀинцца кхоьллинчу зударийн къоман баскетболан ассоциацехь ши шо даккха — хьалха «Кливленд Рокерсехь», ткъа цул тӀаьхьа «Детройт Шокехь». 1999 – 2004 шерашкахь Вударда болх бира Канзасан университетан зударийн баскетболан командица, 2003/2004 шо чекхдаьккхира коьрта тренер а йолуш. Амма йехачу ханна тренеран контракт цуьнца ца дира, Вудард йухайирзира финансийн консультантан сацийначу карьере[6].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Профайл на сайте команды Канзасского университета «Канзас Джейхокс» Архивйина 2014-11-13 — Wayback Machine (ингалс.)
  2. Blevins, 2012, p. 1067.
  3. Players and coaches honored. ESPN (2005 шеран 16 июнь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 15 май. Архивйина 2013 шеран 25 майхь
  4. Профайл на сайте Зала славы баскетбола(ингалс.)
  5. Lynette Woodard. Biography.com. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 15 май. Архивйина 2013 шеран 25 майхь
  6. Линетт Вудард в «Канзапедии» на сайте Исторического общества Канзаса (ингалс.)

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра