Гриффит, Иоланда
Гриффит Иоланда Иветт (инг. Yolanda Evette Griffith; йина 1970 шеран 1 мартехь Чикагохь, Иллинойс штат) — Америкин хилла профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн КъБАхь а, европин командашкахь а. 2000 а, 2004 а шерашкара Олимпийн чемпион АЦШ гулйина командин йукъахь. 2006 шарахь хаьржира итт шеран гулйина командин йукъа, 2011 шарахь йукъайахийтира 15 уггаре дика ловзархочун, ткъа 2016 шарахь йукъайахара Зударийн КъБА 20 уггаре дика ловзархо.
Биографи
бӀаьра нисйанБералла а, жималла а
бӀаьра нисйанГриффит Иоланда йина Чикагохь, Харви а, Ивонн а ГриффитгӀеран доьзалехь пхеа берех жимахъерг йара. Ишколехь иза ловзура баскетболех а, софтболех а. Иоландин 13 шо долуш йелира цуьнан нана[1].
Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Гриффит хӀоьттира Айовин университете, амма дешар дита дийзира пхоралла бахьнехь. 1989 шарахь Иоландин йоӀ хилира, цӀе Кэндис[2] тиллира.
1993 шарахь Иоландас чекхйаьккхира Флоридин Атлантикин университет, оцу университетан баскетболан командехь ловза а ловзура.
Профессионалан карьера
бӀаьра нисйанНемцойн Ашаффенбург гӀалара «Wildcats» командехь диъ шо даьккхинчул тӀаьхьа (1996/97 шарахь Иоланда хилира Евролигин лидер, гулйинчу очкошца а, буьрка хьалха схьаэцарца а), Иоланда АЦШ цӀайирзира, цигахь левзира зударийн Америкин баскетболан лигехь (ABL), ткъа 1999 шарахь дуьйна — Зударийн КъБА (WNBA). WNBA хьалхарчу шарахь Иоланда къобал йира лигин MVP а, уггаре дика дуьхьалонан ловзархо а. 2005 шарахь Гриффита «Сакраменто Монаркс» йукъахь йаьккхира WNBA чемпионат, финалан серин MVP а лерира.
2000 а, 2004 а шерашкахь Гриффит АЦШ гулйина командин йукъахь шозза олимпийн чемпион хилира.
WNBA ловзучу хеннахь (гуьйрера бӀаьсте кхаччалц, аьлчи а Зударийн КъБА шина шеран йукъан заманахь) Иоланда ловзура европин а, азин а клубашкахь — 2000—2002 шерашкахь италин «Баскет Парма» командин йукъахь, ткъа 2003 шеран январера — екатеринбурган УГМК йукъахь, цунна йукъахь левзира деа шарахь. Хьалхарчу матчашкахь дуьйна Гриффит хилира УГМК коьртачех цхьа ловзархо, хӀоз бухахь тоьлуш, гулйинчу очкошца а, схьаэцарца а лидер йолуш. Дукхаха дерг цуьнан ловзар бахьнехь УГМК 2002/2003 шеран Евролигин толамхо хилира[3]. Иоланда шеран жамӀаца УГМК йукъахь шозза лерира уггаре дика ловзархо[4]. В 2005 году Гриффит стала капитаном команды[5].
2003 шеран гурахь Иоландин делира гуьржийн паспорт, иза бахьнехь цуьнан ловза бакъо хилира Российн чемпионатехь а, Евролигехь а европин ловзархо санна. Амма 2004 шеран 3 мартехь ФИБАс, чехин клубан «Брнон» арз бахьнехь, Гриффитан а, цуьнан коммандера накъостана Милтон Делишин а гуьржийн паспорт далар законехь ца хилар къобал а дина УГКМ клубан дисквалификаци а йина, йукъарайаьккхира Евролигин регламент дохадарна (европин къовсамашкахь ловзаш болчу европера боцучу ловзархошна регламенто барам хӀоттийнера)[6]. Амма баскетболхошна таӀзар ца дира.
2007 шарахь Гриффит левзира къилбакорейн «KB Savers» клубехь, кхин а шо даьлчи — «Хэнанан пийлашна» («Henan Elephants») йукъахь Цийчоьнан чемпионатехь[7]. 2008 шеран февралехь Иоландас контракт йаздира италин «Таранто» клубаца[8][9], амма бутт балале контракт дохийра[10]. Оццу шарахь Гриффит, ша 9 шарахь WNBA левзина «Сакраменто Монарксера», дехьайелираза «Сиэтл Шторме».
2009 шарахь Иоландас контракт йаздара «Индиана Фивер» командица. 2009 шеран 9 июнехь, шен керла командин кхоалгӀачу матчехь, Иоландин кӀажин пха хадийра, иза бахьнехь цуьнан дисина шо йукъараделира. Шо чекхдаьлча ловзархочун карьера йитар дӀакхайкхийра.
Тренеран болх
бӀаьра нисйан2011 шарахь дуьйна Иоланда болх беш йу, АЦШ сийлахьчех цхьаъ йолчу лдм, Дартмутан колледжан зударийн баскетболан командехь тренер-ассистент[7].
Кхиамаш
бӀаьра нисйанКомандийн
бӀаьра нисйан- Шозза олимпийн чемпион (2000, 2004).
- Зударийн КъБА чемпион (2005).
- Евролигин чемпион (2003).
- Евролигин борзанан совгӀатхо (2002).
- Италин чемпион (2001)[11].
- Италин кад баьккхинарг (2001, 2002)[11][12].
- Российн чемпион (2003).
- Российн чемпионатан детин совгӀатхо (2004).
- Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо (2005).
- Российн кад баьккхинарг (2005).
Шен кхиамаш
бӀаьра нисйан- ABL уггаре дика дуьхьалонан ловзархо (1998)[1].
- Зударийн КъБА MVP (1999).
- Зударийн КъБА уггаре дика дуьхьалонан ловзархо (1999).
- Зударийн КъБА уггаре дика керла ловзархо (инг. Newcomer of the year[13]) (1999).
- Зударийн КъБА финалан MVP (2005).
- Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина хьалхара командин йукъатоьхна (1999, 2005).
- Зударийн КъБА дерриг седарчийн гулйина шолгӀа командин йукъатоьхна (2000, 2001, 2004).
- Зударийн КъБА дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина хьалхара командин йукъатоьхна (2005).
- Зударийн КъБА дуьхьалонан дерриг седарчийн гулйина хьалхара командин йукъатоьхна (2006).
- Зударийн КъБА дерриг седарчийн матчан декъахо (1999, 2000, 2001, 2003, 2004, 2005, 2006, 2007).
- Зударийн КъБА дерриг седарчийн матчан MVP (2004).
- Российн кедан финалан йеаннан MVP (2005).
- Российн чемпионатан зударийн Суперлигин уггаре дика легионер (2005)[14].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Yolanda Griffith Biography (инг.). Black Book Partners. Архивйина 2013 шеран 2 майхь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
- ↑ Mother Owl Fau`s Yolanda Griffith Had Basketball Talent And An Unlimited Future -- Then She Had A Baby. (инг.). South Florida Sun-Sentinel (1993 шеран 2 январь). Архивйина 2013 шеран 2 майхь Архивйина 2015-09-27 — Wayback Machine
- ↑ Иоланда Гриффит и ДеЛиша Милтон остаются в «УГМК» . Коммерсантъ Урал. Екатеринбург (2003 шеран 11 сентябрь).
- ↑ Лучшим игроком УГМК признана Иоланда Гриффит . УГМК (2005 шеран 1 июнь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 29 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 16 мартехь Архивйина 2014-03-16 — Wayback Machine
- ↑ Иоланда Гриффит поставила рекорд! Комсомольская правда (2005 шеран 8 февраль). Архивйина 2013 шеран 2 майхь
- ↑ Проверка паспортного режима . Известия (2004 шеран 4 март). Архивйина 2013 шеран 2 майхь
- ↑ 1 2 Yolanda Griffith Bio (инг.). DartmouthSports.com. Архивйина 2013 шеран 2 майхь Архивйина 2015-11-12 — Wayback Machine
- ↑ Levoni Taranto col botto: ingaggiata Yolanda Griffith !! (итал.). BasketNet.net (2008 шеран 5 февраль). Архивйина 2013 шеран 2 майхь
- ↑ Griffith atterrata sul pianeta Taranto (итал.). BasketNet.net (2008 шеран 14 февраль). Архивйина 2013 шеран 2 майхь
- ↑ Griffith addio.... (итал.). BasketNet.net (2008 шеран 4 март). Архивйина 2013 шеран 2 майхь
- ↑ 1 2 Venerdi’a Parma l’All star game 2001 (итал.). Basketball.it (2001 шеран 28 ноябрь). Архивйина 2013 шеран 2 майхь
- ↑ Coppa Italia: La Meverin Parma supera in Finale il Famila Schio (итал.). BasketNet.net (2002 шеран 4 апрель). Архивйина 2013 шеран 2 майхь
- ↑ И совгӀат шеран уггаре дикачу керла ловзархочунна луш дерг дац (Rookie of the year), ткъа кхин шоззий бен йелла йоцу хӀонс ю
- ↑ Лауреаты Золотой корзины 2005 . Российская Федерация Баскетбола. Архивйина 2013 шеран 2 майхь Архивйина 2010-10-18 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Профайл на сайте WNBA.com(ингалс.)
- Профайл на сайте justsportsstats.com(ингалс.)
- Профайл на сайте USA Women's National Team(ингалс.)
- Статистика в WNBA на сайте Basketball-reference.com Архивйина 2016-08-01 — Wayback Machine(ингалс.)
- Олимпийн статистика на сайте Sports-reference.comАрхивйина 2009-05-02 — Wayback Machine(ингалс.)
- Гриффит Иоланда Иветт: история выступлений . Российский баскетбол в цифрах. Архивйина 2013 шеран 2 майхь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
Кеп:Зударийн КъБА рожера чемпионатан дӀайала лерина буьрка схьайаккхарехь лидераш
ХӀара баскетболхойх лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |
ХӀара Олимпийн ловзарийн совгӀатхойх лаьцна чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |