Дагаев, Валид Шитаевич
Ва́лид Шита́евич Дага́ев (1940 шеран 30 июнь, Керла Алда, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн эшархо, музыкант, композитор, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист (1970 шо), РСФСР Сийлахь артист (1973 шо)[1], РСФСР Халкъан артист (1984 шо), Ахмат Кадыровн орденан кавалер (2009 шо)[2].
Валид Шитаевич Дагаев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | композитор, эшархо |
Вина терахь | 1940 шеран 30 июнь |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 2016 шеран 22 сентябрь (76 шо) |
Кхелхина меттиг | |
Корматалла | эшархо, музыкант, композитор |
Гражданалла | ССРС → Росси |
СовгӀаташ |
Арахьара суьрташ | |
---|---|
Валид Дагаев |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1940 шеран 30 июнехь Керла Алдахь. 1944 шеран 23 февралехь нохчий а, гӀалгӀай а цӀерабехира. Цу хенахь лайна халонаш бахьнехь цуьнан бӀаьраса талха доладелира.
Жима волчу хенара дуьйна иза вара эшараш локхуш хазахеташ. Цунна чӀогӀа пондар безар. Амма иза эца таронаш йацар цера. Цундела гӀожех пондар сурт дина иза ловзош цӀо шен пӀелгаш лаза бохура. Кестта цуьнан де йишас цунна балалайке белира. ХӀора динахь цунна тӀехь ловза Ӏемира иза. Кеста иза хилира нахана йуккъехь вевзаш пондарча.
1957 шарахь волавелира Нохч-ГӀалгӀайн эшеран а, хелхаран а пачхьалкхан ансамблехь солист болх бан. Дика аз хиларна а, пондар дика лакхарна а иза кеста нахан вевзира а, везавелира а. Цо локху дукха эшараш кхоьллина бевзаш болу нохчийн поэташца цхьана: Магомед Мамакаев, Магомед Сулаев, Шайхи Арсанукаев, Ахмад Сулейманов, Магомед Гадаев, Шаид Рашидов, Магомед Дикаев, кхибераш а.
1968 шо дуьйна иза вара Нохч-ГӀалгӀайн филармонехь болх беш. 1970 шарахь цунна йелира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артистан цӀе. 1972 шарахь иза хилира Дон-тӀера-Ростовехь хилла Йерригроссийн фестивалин лауреат. 1973 шарахь цунна йелира «РСФСР Сийлахь артистан» цӀе, 1988 шарахь — «РСФСР Халкъан артистан» цӀе.
Валид Дагаеван репертуарехь йу эшараш гуьржийн, гӀиргӀазойн, кхазакхийн, гӀумкийн, оьрсийн меттанашкахь а, Российн а, СНГ а халкъийн меттанашкахь а. Валид Дагаевс дагатуьйсу[3]:
Тбилисехь гастролешкахь волуш аса гуьржийн маттахь эшар лекхира. Наха чӀогӀа тӀараш диттира. Концерт чекхйаьлча суна тӀе ши гуьржи веара. Цхьаммо хеттира: хьо гуьржи вуй? Аса бах: вац. ТӀаккха шозлугӀачьо элира: хьажахь, сайн машенах вели-кх со!
|
Хьалхара тӀом баьлча цуьнан шен болх бита бийзира. И тӀом бахьнехь цуьнна кхуза шен цӀенош йухадан дийзира. Керла халонаш долчуна а тӀе цуьнан бӀаьрса талхира. Амма иза хӀинца а ву концерташкахь дакъа лоцуш а, йукъараллин болх дӀакхоьхьуш а, къона артисташан гӀо деш а, нахан гӀоьнан йеш йолу концерташкахь дакъа лоцуш а.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ В. Дагаев — певец Чечено-Ингушетии. О присвоении почётного звания Заслуженного артиста РСФСР. Советская эстрада и цирк. 1973, № 4, С. 15 // Летопись печати Чечено-Ингушской АССР до 1973 года. Грозный, 1980, С. 184.
- ↑ Указ президента Чеченской Республики от 21 ноября 2009 года № 363 О награждении орденом Кадырова Дагаева Валида Шаитовича. Вести республики. 2009, № 243, С. 4.
- ↑ Валид Дагаев. ЖЗЛ Архивйина 2014-03-15 — Wayback Machine
Литература
бӀаьра нисйан- оьрсийн маттахь
- Исраилова Сацита. Валид Дагаев: «Я самый счастливый человек в мире…» // Грозненский рабочий : газета. — 2005. — № 30 сентября.
- Башаев Малик. Красота и совершенство — в истоках // Молодёжная смена : газета. — 2010. — № 64. — С. 4.
- Шовхалов Исмаил. Народному артисту — 65 // Молодёжная смена : газета. — 2006. — № 92. — С. 4.
- Рашидов Шаид. Три струны Валида Дагаева // Объединённая газета : газета. — 2005. — № 19(75). — С. 10-11.
- нохчийн маттахь
- Саралиева Т. Дагаев Валидан кхоллараллин суьйре (чеченский) // Даймохк : газета. — 2013. — № 66. — С. 4.
- Гайтукаев Асламбек. Цуьнан иллеш муьлххачу герзал нуьцкъал ду, дагчу шаьш кхеташ (чеченский) // Халкъан дош : газета. — 2006. — № 79-80. — С. 6.
- Гайтукаев Асламбек. Цуьнан иллеш муьлххачу герзал нуьцкъал ду (чеченский) // Даймохк : газета. — 2005. — № 52. — С. 3.
- Гайтукаев Асламбек. Халкъан дог схьадилли илланчин озо (чеченский) // Гумс : газета. — 2005. — № 60-61. — С. 5.
- Кузаев Махьмуд. Нохчийн илланча (чеченский) // Хьехархо : газета. — 2006. — № 24(48). — С. 6.
- Асламбеков Г. Валид — вайн дозалла (чеченский) // Даймохк : газета. — 2010. — № 70. — С. 3.
- Саралиева Табарик. Шен башхачу озаца адмийн дегнашка кхийдарг (чеченский) // Даймохк : газета. — 2010. — № 70. — С. 3.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Валид Дагаев . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 15 март.
- Валид Дагаев. ЖЗЛ . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 15 март.
- Валид ДАГАЕВ - Батто сагатдо YouTube чохь