Дегаорам
Дегаорам (лат. Valeriána), (оьрс. Валерьяна) — Берзан цӀазамаш (Caprifoliaceae) доьзалера, Дегаорамаш (Valerianoideae)[1] бухара доьзалан бецан ораматийн дукха шерийн тайпа, царна йукъайогӀу ши бӀе сов кеп. Латинан тайпан цӀе схьайаьлла лат. valere — могуш хила дашах. Иза дуьххьала хьахийна италин ботаникан Сильватико Маттеон жайнахь (1285—1342).
Дегаорам | |||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| |||||||||||||||||
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||
Valeriana L. (1753) | |||||||||||||||||
Синонимаш | |||||||||||||||||
Номенклатуран тайпа | |||||||||||||||||
|
Уггаре йевза кеп — Дарбане дегаорам (Valeriana officinalis L.), шуьйра лелабо дарбане гӀирс санна.
Ботаникан сурт дийцар
бӀаьра нисйанОраман бохалла 2—4 см, диаметр 2 см, дуккха а тӀийрагаш санна кегийра 20 см деха а, 1—4 мм диаметрехь а долу орамашца. Ораман шен тайпа хьожа ю.
ГӀад нийса лаьтта, хершнаш долуш, цилиндран, лакхарчу декъехь геннашца, локхалла 2 м гергга.
ГӀаш дуьхь-дуьхьар, кепаца а, декъаран тӀегӀанца а тайп-тайпана. Лахара гӀаш дечиг тӀехь, лакхарнаш — тӀехевшина.
Зезагаш кегийра, хаза хьожа йогӀуш, бос кӀайчун тӀиера таьӀна-ровзанан тӀекхаччалц, гулдина хьесийн кепара я кенан кепара зазане.
ХӀу — сирла-боьра я мокха дахделла-хӀоакепара кӀужалца болу буьртиг. 1000 буьртиган йозаллин барам 0,4—0,6 г.
Кхуьу майра августе кхаччалц, хӀу кхуьу июлехь — сентябрехь.
Кхуьу меттигаш
бӀаьра нисйанКхуьу Европехь, Азин йуккъерачу а, къилбаседа дакъошкахь, Къилбаседа а, Къилба а Америкехь. Россехь акхачу кепара кхуьу массанхьа а, Йисттера Къилбаседа а, Йуккъера Азин гӀум-аренийн кӀошташкахь доцург. Дегаорам кхуьу ломан басешкахь, хин бердашца, хи тӀедолу а, уьшалаш долу а меттигашкахь, хьуьнан йистехь. Дукха хьолахь даккхий къухаш довлу, уьш леладо орамаш кечдеш.
Культиваци йо Российн йуккъерачу асанехь а, къилба кӀошташкахь а.
Биологин башхаллаш
бӀаьра нисйанКхуьу майра август кхаччалц. ХӀуш кхуьу июнехь — сентябрехь. Дарбанен дегаорам лаьтта шайна йукъахь морфолиган билгалонашца а, кхиаран меттигашца а къаьстачу масех бухарчу кепех а. Иза дика муьлххачу гуонахьарчу хьолехь, муьлххачу латтан тӀехь а, температуран хьолашкахь а кхуьу. ТӀуналлаеза культура хиларе терра, дика кхуьу сов тӀуьначу латташ тӀехь. ГӀоле хета дайн механикин хӀоттам болу Ӏаьржа латта, ткъа иштта структуран дайн сацкъар-гӀум а, гӀум-латта а. Дика кхуьу лакъийначу а, культивации йиначу торфан уьшалца.
Дебар а, агротехника а. Деба хӀушца. ДӀадуьй чутаьӀначу меттигехь гуьйренан ялташ хьаькначул тӀаьхьа я яккъашца доьн ялташна тӀаьхьа (кертахь тӀуьночу меттиге юьй).
Латта кечдо самсадоккхий бухара ялта дӀадаьккхича, 25- 27 см кӀорга охана деш (байн-кӀоран латтанаш тӀехь гумусан чкъоьра тӀекхаччалц). бӀаьста аренашна мекха доккхий культиваци йо. Коьрта охана далее кхаьлли юхку — 30-40 т/га, суперфосфат — 200—300 кг/га, азотан а, калийн а туьха — 150—200 кг/га хӀора а. ДӀадиелие латта охьатаӀадо. ДӀа Ӏаьн кӀела дуьй, я бӀаьстенан юьххьехь а, аьхка а могӀнийн яккъаш 45-70 см шуьйра юьту. ХӀу дӀадеран барам (кг/га): Ӏаьн кӀела дуьйш — 9-10, бӀаьста а, аьхка а — 7-8. ХӀу дуьй 1-2 см кӀорге.
ТӀехь банбеза болх: асар дӀадаккхар, латта самсадаккхар, туьха а, кхаьлли а тохар, зуламен садолу хӀуманашца а, цамгаршца а тӀом латтор. Алсама орамаш довлийтархьама шина шеран хаснаш тӀехь зезагаш ца довлуьйту.
Талхабо дегаораман мекхашхочо, можа деган нӀаьно, кхоьшан мизано, хӀаллакбо мекхалло а деман тхино а.
Ялта гулдар а, аьргалла Ӏалашъяр а. Дегаораман орамаш схьалахьабо сентябрехь — октябрехь дӀабийначу шолгӀачу шарахь. Аьхкина орамаш латах цӀандо, гӀаш дӀадоху, дика дуьлу хица. ТӀаккха ӀиндагӀехь Ӏовдадолуьйту, дакъадо леррина дакъо йинчу чохь 40 °C температура сов ца йолуьйтуш. Цул тӀаьхьа орамаш кепа туху, латтадо екъачу а, дика мох кхетачу а чохь. Гектар майдан тӀиера 2,5 тонн орамаш довлу.
Дегаорам хӀун гулбо бийначул кхо шо тӀаьхьа. Гектар тӀиера 200 кг хӀу гулдо.
Лелабар
бӀаьра нисйанДаарехь а, маларехь а лелабар
бӀаьра нисйанАЦШ дегаорам эссенцеш, ликёраш, настойкаш еш лелабо. Ароматизаторан меттана иза туху гаванан цигаьркан а, туркойн тонкан а.
Чам бийриг санна, дегаорам лелабо дукхаха дерг европин маьхкашкахь. Ингалсехь керла гӀаш туху хастоьмийн берамах. Наггахь цунах кечбо чӀерах дааршна берам-гарнир.
Дарбанан хьолаш
бӀаьра нисйанДегаорам медицинехь седативан гӀирс санна лелабо. Дегаораман терапевтиин Ӏаткъам бихкина бу цунна чохь долу хӀуманийн комплексех, уггаре хьалха эфиран даьттанах а, алкалоидех а. Орамашкахь эфиран даьттан барам 2 % кхочу. Даьттан коьрта дакъа: борнил-изовалерат, дегаораман мусталла, борнеол, камфен, α-пинен, лимонен, кхин а.
Дегаораман препараташ лелайо дукхах йолчу пачхьалкхашкахь сапаргӀатдоккху гӀирс санна наб ярехь, нервийн карзахваларехь, дегапхенийн системан неврозан пхенаш тӀехабарехь, тахикардехь, ткъа иштта эпилепсехь, са лецар, мигренехь, Хьеран-йоьхьийн некъ тӀехабарехь, нейродермитан дарба дарехь. Наггахь дегаорам лелабо бром препараташца, деган, кхечу а гӀирсашца цхьаьна. Дегаорам йукъабогӀу зеленинан тӀадамашна, валокординан, кардиоваленан, кхечу комплексан препараташна, ткъа иштта дарбанан бецашна; эфиран даьтта ду коьртачех цхьа дакъа корвалолан (терачу препаратийн).
Дегаорам лелабо настойка, басар, чорпа, экстракт, хӀур кепара. Профессоран В. И. Ищенкон белхаш гайтина, дийна кегийра аьтта ораматийн аьргаллех дина молхан буьртигаш 2,5-за гӀоле хилар, дегаораман ораман экстрактех дина молхан буьртигел[2].
Кепаш
бӀаьра нисйанThe Plant List терахьийн базан хаамашца, тайпанан йукъайогӀу 289 кеп[3]. Царех цхьайерш кхуьу Нохчийчохь, Российн мехкашкахь гергарчу мехкашкахь а:
- Valeriana amurensis P.Smirn. ex Kom. — Амуран дегаорам
- Valeriana dubia Bunge — Шеконан дегаорам
- Valeriana fedtschenkoi Coincy — Федченкон дегаорам
- Valeriana officinalis L. typus — Дарбанан дегаорам
- Valeriana rossica P.Smirn. — Оьрсийн дегаорам
- Valeriana simplicifolia Kabath — Дийна гӀа долу дегаорам
- Valeriana sisymbriifolia Vahl — Гулявникан гӀа долу дегаорам
- Valeriana tiliifolia Troitzk. — Хьехан гӀа долу дегаорам
- Valeriana tuberosa L. — Орамстоьман дегаорам
- Valeriana wolgensis Kazak. — Ийдалан дегаорам
The Plant List терахьийн базан хаамашках Аянан дегаорам (Valeriana ajanensis Kom.) кепан билгала статус йац[4].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Валериана // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
- ↑ Хишова О. М., Ищенко В. И., Кугач В. В. Разработка состава и технологии таблеток корневищ с корнями валерианы . Достижения медицинской науки Беларуси. НИО РНМБ (1998). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 октябрь.
- ↑ Valeriana (инг.). The Plant List. Version 1.1. (2013). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 23 сентябрь.
- ↑ Valeriana ajanensis (инг.). The Plant List. Version 1.1. (2013). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 23 сентябрь.
Литература
бӀаьра нисйан- Герценштейн Г. М., Траншель В. А. Валериана // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. Проверено 11 февраля 2009 г.
- Горбунов Ю. Н. Валерианы флоры России и сопредельных государств: Морфология, систематика, перспективы использования / Под ред. Б.Н. Головкина. — М.: Наука, 2002. — 207 с. — ISBN 5-02-006414-9.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Валериана // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978. (Хьаьжина 19 сентябрехь 2012)
- Викидошамехь «валериана» термин билгалаяккхар