Хамза́т Ваду́дович Джабраи́лов (1956 шеран 7 апрель, ГӀиргӀазойчоь, СССР — 2013 шеран 19 февраль, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн боксёр, СССР а, Спартакиадан а чемпион, дуьненан Кубок йаккхинарг, дукха халкъашна йуккъера турнирийн толамхо, хьалхара нохчийн спортхо Российн Сийлахь спортан говзанча а, Российн Сийлахь тренер а цӀерш йаккхинарг[1].

Хамзат Вадудович Джабраилов
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг
Пачхьалкх ССРС СССР Росси
Говзалла Боксёр
Вина терахь 1956 шеран 7 апрель({{padleft:1956|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})
Вина меттиг ГӀиргӀазойчоь, СССР
Кхелхина терахь 2013 шеран 19 февраль({{padleft:2013|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (56 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Спортан карьера 1969-1983
Тренераш
Йозалла 71 кг

Иза вина 1956 шеран 7 апрелехь ГӀиргӀазойчохь. ЦӀа вирзиначул тӀехь 1969 шарахь Устрада-ГӀалахь бокс Ӏамо волавелира. Цуьнан хьалхара тренер вара цуьнан школан хьехархо Хусейн Мудаев.

1975 шарахь деша вахара Соьлжа-ГӀалин мехк-даьттан институте. Цигахь цуьнан тренер Григорий Вартанов вара[2].

Цуьнан хьалхара боккха кхиам бара 1978 шарахь. Цо Алма-Атахь хилла йолу халкъашна йуккъера турнирехь а, Орджоникидзехь хилла РСФСР первенствехь а толам беккхира. Вукха шарахь иза хилира СССР а, Спартакиадан а чемпион. Нью-Йоркехь цо йаккхира дуьненан Кубок. И бахьнехь цунна йелира Халкъашна йуккъера классан СССР спортан говзанчан цӀе[3].

1980 шарахь цо СССР чемпионатехь дато мидал йаккхира. 1981 шарахь иза кхоьчу йозаллин категоре велира. Оцу категорехь цо борзан мидал йаккхира.

1982 шарахь цо толам беккхира Болгарехь хилла йолу халкъашна йуккъера турнирехь. Цигахь цо нокаутца эшийра гӀарваьлла Кубера боксёр Хосе Гомес. Латар чекхдаьлча хьовсиначара карахь дӀавихьира Хамзат ринган тӀера[4].

1980 шарахь Москвара Олимпиаде ваха кечлуш хенахь Хамзат вара коьрта кандидат. 6 раундехь хилла йолу спаррингехь цо эшира шен конкурент Александр Кошкин. Амма Олимпиаде вахитира Кошкин. Наха дуьйцура, вовшахтоьхна командан коьрта тренер Киселёв шен лаамехь ца вахийтира Кошкин Олимпиаде[5].

Изза хилира Джабраилов 1979 шарахь Кёльнехь хилла йолу Европин чемпионате воьдуш хенахь. Хамзат В. Савченко нокдаунца эшира. Цунна виза тӀехь йолу кхоьчу пачхьалкхан паспорт делира. Амма иза чемпионате ца вахийтира.

26 шо кхаьчна волуш Хамзатас бокс йитира шега хьекимаш лелош долу хӀилланаш ла ца делча. Цо спорт йитинчул тӀехь а иза СССР вовшахтоьхна тобанехь доьналлин а, къинхьегаман а масалан валош вара.

Спортара дӀавахча иза тренер хилира. Цо дукха боксёраш кхиира. Царна йукъахь И. Арсангалиев а, Х. Устарханов а — дуьненан чемпионаш; В. Магомадов — профессионалашна йукъахь СССР чемпион; А. Муртазалиев, А. Дудаев и И. Халидов — Европин чемпионаш; Ю. Джамалдаев — Российн чемпион; А. Амаев — Российн вице-чемпион; Тамерлан а, Руслан а ХалидовгӀара — Москохан а, Российн Герзан ницкъийн а чемпионаш.

1993 шарахь Джабраилован йелира Российн Сийлахь тренеран цӀе. 2004 шарахь цунна йелира Российн Сийлахь спортан говзанчан цӀе. Цуьнан баккхи кхиамаш бара спортхон санна а, тренер санна а. Иза велира 2013 шеран 19 февралехь Соьлжа-ГӀалахь[6].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Знаменитый боксер Хамзат Джабраилов Архивйина 2013-10-22 — Wayback Machine
  2. Шукран Якумова. Хамзат Джабраилов оставил яркий след в истории чеченского бокса. Грозный-информ (2013 шеран 5 апрель). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 май. Архивйина 2013 шеран 23 майхь
  3. Мовлади Абдулаев. Хамзат Джабраилов. Бокс — это моя жизнь. wsport.free.fr (2009 шеран 26 май). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 май. Архивйина 2013 шеран 23 майхь
  4. [1]
  5. [2]
  6. Хожбауди Борхаджиев. Жизнь, отданная боксу. Гумс (2013 шеран 28 февраль). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 21 май. Архивйина 2013 шеран 23 майхь Архивйина 2014-03-24 — Wayback Machine

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан