Дугучиев, Ислам Бетерсултанович

Исла́м Бетерсулта́нович Дугучи́ев (1966 шеран 15 апрель, Алтын-Эмель, Алматан область, Кхазакхстан, СССР) — нохчийн греко-риман латархо, Олимпиадан дато совгӀатхо, 4-за дуьненан чемпион, 2-за Европин чемпион, масийттуза СССР а, Российн а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, СССР Сийлахь спортан говзанча (1990), Российн Сийлахь тренер[1]

Ислам Бетерсултанович Дугучиев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьршаниг
Пачхьалкх
Говзалла Греко-риман латар
Клуб Динамо[d]
Вина терахь 1966 шеран 15 апрель({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (58 шо)
Вина меттиг Алтын-Эмель, Алматан область, Кхазакхстан, СССР
Спортан карьера 19782000
Тренераш
Локхалла 169 см
Йозалла 68 кг

Биография

бӀаьра нисйан

Вина Кхазакхстанехь. ЦӀа вирзинчула тӀехь Науран кӀоштахь Ӏийна. 1978 шарахь лата Ӏама волавелира. ТӀаьхьа Дон-тӀера-Ростовехь спортан интернатехь Ӏемаш вара.

1984 шарахь юниорашна йуккъера Европин чемпионатехь толам беккхира. 1986 шарахь шозлугӀа меттиг йаьккхира кегирхойн йукъара Европин чемпионатехь а, божарашна йуккъера СССР чемпионатехь а. 1988 шарахь иза СССР чемпион хилира. 1989 шарахь цо толам беккхира СССР чемпионатехь а, дуьненан Кубкехь а. 1990 шарахь иза Европин а, дуьненан а чемпион хилира.

1992 шарахь Олимпиадехь дакъа лецира СНГ цхьанатоьхна тобана йукъахь. Цигахь цо дато мидал йаьккхира цо. Цул тӀаьхьа цо дукха йахьаллонашкахь дакъа лецира дика кхиамашца. Масала, 1993 шарахь цо Германин Гран-при йаьккхира.

1996 шеран Олимпиадехь дакъа лацар ца нисделира цуьна лазваран бахьнехь. Цо шена бакъо йаьккхира 2000 шарахь Азербайджанан тобанан йукъахь Олимпиадехь дакъа лаца. Сиднейхь цо 6 меттиг йаьккхира.

Спорт йитинчула тӀехь иза тренер болх бан волавелира. ХӀинца иза Российн кадетийн гулйина тобан коьрта тренер ву[2].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан