Коьрта меню схьаелла

Ӏабди Дудаевич Дудаев (1901 шо, Элистанжа, Нохчийчоь, Российн импери1937 шеран 24 декабрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн поэт а, яздархо а, нохчийн литературан бухбиллинчарах цхьаъ.

Ӏабди Дудаев
Дудаев, Абди Дудаевич.jpg
Вина терахь 1901 шо({{padleft:1901|4|0}})
Вина меттиг Элистанжа, Нохчийчоь, Российн импери
Кхелхина терахь: 1937 шеран 24 декабрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})
Кхелхина меттиг: Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Гражданалла: Российн импери Российн империССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
ГӀуллакхан тайпа: яздархо, поэт
Произведенин мотт: нохчийн

БиографиНисъе

Нохчийн поэт Дудаев Ӏабди вина Веданан районерчу Элистанжахь ахархочун Дудин доьзалехь. Исбаьхьа Ӏалам долчу ширчу нохчийн юьртахь дӀадахна Ӏабдин бералла. Деша ваххал хилча, шен дас хьуьжаре дӀавелла иза. Хьуьжарера ваьллачул тӀаьхьа, Ӏаьрбийн махка а вахийтина кхидӀа а дешийтина. Цхьайтта шо а даьккхина, цӀа веана Ӏабди. Дудин лиъна, шен кӀантах Ӏелам стаг хуьлийла. Ӏабдина а лиъна иза. Амма оцу хенахьлерчу социально-политически хьелашкахь кхочушхуьлийла дацара и лаам. Ӏабдин кхоллам новкъа бирзира.

Нохчийчохь йоза-дешар цахаарна дуьхьал къийсам дӀаболабечу муьрехь, Соьлжа-ГӀалахь педагогически курсаш чекх а яьхна, хьехархочун говзалла караерзийна Дудаев Ӏабдис. Цул тӀаьхьа Элистанжарчу юьхьанцарчу школехь хьехархочун а, тӀаккха директоран а болх бина цо. ХӀетахь дуьйна цуьнан дерриге а дахар халкъан юкъа йоза-дешар а, керла культура а яржорна дӀаделла хилла.

Дудаев Ӏабдис гӀиллакхе, даг тӀехь куралла йоцуш, оьзда стаг хилла. Яздархочо Мусаев Мохьмада Дудаев Ӏабди дагалоцуш яздина: «Дудаев Ӏабди гойла хилла сан. ХӀетахь а цӀеяххана вевзаш поэт вара иза. Амма иштта дара аьлла, нахаца къесташ, билгалвала гӀерташ вацара. БӀаьра хьаьжча, ца тосалуш ца дуьсура иза хӀуманан ойла еш, дуьненан къайленийн дуьхе кхиа гӀерташ стаг хилар а. ТаьӀначу басахь юьхь, лохха хьаж тӀе теттина куй, ойлане бӀаьргаш — иштта висна Ӏабди сан дагахь...»

СтихашНисъе

Серло тӀеузур вай къоламца хьостуш,

Бода дӀакъахкор вай Ӏилманца къехкош,

Орамца бакъор вай мактабехь

Мактаб — иза школа ю.

доьшуш.

Дудаевна дика гора нохчийн халкъана Ӏилманан серло оьшуш хилар: ХӀай нохчийн хьацархой,

Дешеран хьалхенаш

Сов чехка яхалаш.

Ненан мотт бийцалаш,

Беран сурт хийцалаш,

Хьанал болх лахалаш,

Жуккар

Жуккар — иза шен къинхьегамца вехаш воцу стаг ву.

нах тасалаш.

БилгалдахаршНисъе

ХьажоргашНисъе