Дуи Ум-Хьаж
Дуин Ӏума (1809 шо, Зумса – 1878 шо, Соьлжа-ГӀала) тІеман баьчча, Кавказхойн–оьрсийн тIеман декъашхо, 1860-1861-чу а, 1877-чу а шерашкахь Нохчийчохь а, ДегІастанехь а хиллачу гӀаттамийн куьйгаллин декъашхо[1]. Шаройн тукхуман а, уллехь йоьлла жІайхойн эвлашн а, Зумсойн а наиб. Тайпан Зумсо[2].
Дуин Ӏума | |
---|---|
Вина терахь | 1809 |
Вина меттиг | Зумса, Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | 1878 |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь |
Пачхьалкх | Имамат |
ТӀемаш |
Кавказхойн–оьрсийн тIом 1763–1864 Нохчийн гІовттар 1860-1861 Нохчийчоь а, ДегІаста а гІаттара 1877-1878 |
СовгӀаташ | Зорба, шаьлта |
Дахаралла
бӀаьра нисйанВина ву Зумса эвлахь, Хилдиехьаран кІотарехь. Имам Шемалан наиб хилла а ву, Имамат йоьжнач йукъанна нохчийн гІовттаран куьйгалхо а хуьттара, БойсгІариц а 1860 шарахь, Ӏелбаг-Хьаьжац а 1877 шарахь. Кхиъ шовза ХьаьжцӀа вагІнера иза. Шемалс шен тура а, зорба а йеллера Ум-Хьажан.
Орбелиани бохуш а, кавказан эскаран командир а волуш оьрсешка йаза до:
«Дуин Іума Шемалан наиб волуш хеннахь, шен майраллица а, цІен дог-ойлац а, нийсонца а чекх ваьлла дела, къоман йукъахь лараме адам ду, цунна чӀогІа амалин бахьана долуш къоман гІовттаран куьйгалхо хилла йиш йу иза».
Дуьххьарлера йоза (оьр.)«Ума Дуев — занимая должность наиба при Имамате, своей храбростью, справедливостью и бескорыстием успел приобрести общее уважение целого народа, и по многим своим качествам может сделаться главою народного восстания»[3]
ГІазгІумкхийн Жамалдин кІант Абдурахьман шен Имаматех лаьцна тептар тІаьхь йаза до:
«Ас кхузахь баз бина болу наибаш, сунна сайн гина, церан хьал а дойзуш вара со. Оц наибашн йукъахь бара цІен дог-ойла а йоьллуш, Шемалан тешаме а хеттуш нах. Йа шен бахаман а са ца гатт деш, йа шеха къаъ ца хеттуш а, нахана йукъахь нийсо а лелайеш. Дукха хьолехь нийсонца чекх боьвла Нохчийчоьхь бара наибаш: Шуайб, Сухаиб, жІайхойн махкара Ахьвердин Махьма, Талхик, Іусман, Зумсойн Іумма»
Дуьххьарлера йоза (оьр.)«Наибов, которых здесь перечислил, я видел своими глазами несколько раз и сам знал об их положении... Среди этих наибов были такие, которые чистосердечно были преданы имаму и ради дела не жалели ни своего имущества, ни себя соблюдая среди народа, подвластного им, справедливость... Самыми справедливыми наибами в Чечне были: Шуайб, Сухаиб, Ахбердиль Мухаммед из Хунзаха, Талхик, Осман, Умма из Зунсы»[4].
Кхин хьажа
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Восстание в Аргунском ущелье в 1860-1861 гг. grozniy.bezformata.com. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 22 декабрь.
- ↑ Далхан Хожаев. Чеченцы в Русско-Кавказской войне. Архивйина 2014-12-22 — Wayback Machine Издательство «СЕДА» 1998 ISBN 5-85973-012-8
- ↑ Зарема Ибрагимова. Чеченский народ в Российской империи. Адаптационный период. — Litres, 2017-09-05. — 1135 с. — ISBN 978-5-04-003703-2. Архиван копи 2022 шеран 7 апрелехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ саййид Абдурахман ал-Хусайни ал-Кибуди ал-Газигумуки ад-Дагестани. Книга воспоминаний саййида Абдурахмана. — 1869. Архиван копи 2022 шеран 20 мартехь дуьйна Wayback Machine тӀехь