КаӀбат

Делан цӏа, бусалба нехан къилба
(ХьаьжцӀа тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 1 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2024, 23 июль).

Каӏбат (Ӏаьр. الكعبة المشرفة‎‎ [Аль-КаӀбатул-Мушаррафат] – «Сийлахь КаӀбат») ХьаьжцӀа — иза СаӀудийн Ӏаьрбийчоьнан Макка гӀалахь долу бусалбанийн къилба а, ислам динехь деза лоруш долу хьалхара цӀа (маьждиг) а ду.

Маьждиг
КаӀбат
Ӏаьр. الكعبة‎‎
Пачхьалкх  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Регион Макка
Координаташ 21°25′21″ къ. ш. 39°49′34″ м. д.HGЯO
Маьждиган тайпа ЖамӀат маьждиг
Архитектурин хатӀ Исламан архитектура
ГӀишлошъярхо Маликаш
Адам
Шис
Нохь
ИбраьхӀим
605 — Къурайшийташа КаIбатан реконструкци яр
638 — Iабдулла ибн аз-Зубайран реконструкци
693 — Iабдул-Малик ибн Марванан реконструкци
1629 Мурад Хан султанан заманера реконструкци
1996КаIбатан реставраци
Ерриг майда
  • 119 квадратан метр
Чоьнан майда м²
Локхалла 13,1 м
Хьал хӀинца а лелаш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ХьаьжцӀа — иза АллахӀ дала шен хьалхара цӀа ду аьлла билгалдина ду Къуръанехь. АллахӀ-дала сийлахь дина иза. Дуьххьара иза динарг маликаш а, Адам пайхамар   а хилла. Цул тӀехь цуьнан кӀант Шис-пайхамара юха дина хилла иза. Цул тӀехьа Нохь пайхамара   дина хилла. ТӀаьххьаре, ИбраьхӀим пайхамара   шен кӀантаца ИсмаьӀилца   юха дина иза. ИбраьхӀим деле дийхира иза даима ларде аьлла. ИбраьхӀим-пайхамаран заманахь дуьйна, АллаӀ-дала иза лардеш долу маьждиг ду. Цигахь садолу хӀума ен а, цӀий Ӏано а, къа латадан а цамега.

АллахӀ-дала боху къуръанехь:

Баккъалла, дуьххьара нахана дуьйгӀина долу цӀа, оцу Баккахь (Маккахь) дерг ду. Иза дуьйгӀина декъала хилийта а, дуьненахь куьйгалла дайта а.

Этимологи

бӀаьра нисйан

Дош «الكعبة‎»Ӏаьрбийн маттахь цуьнан маьӀна «Квадратин цӀа» бохург ду. Кхин а «بيت الله» (БайтуллахӀ) «Делан цӀа» олу цунах.

 
 

КаӀбатан дакъош

бӀаьра нисйан
Ислам ·Маьждиг ·Хьаьж

 

Вовшахтосу дакъош:

1.Ӏаьржа тӀулг 2.НеӀ 3.Апари 4.Цоколь 5.ИсмаьӀилан хьиджр 6.Мультазам 7.ИбраьхӀиман макъам 8.Ӏаьржа тӀулган маьӀиг 9.Йеменан маьӀиг 10.Шаман маьӀиг 11.Ӏиракъан маьӀиг 12.Кисват 13.ШагатӀулган аса 14.ИбраьхӀим лаьттина меттиг

Хьажа иштта

аль-ХьарамЗамзамКиблаТӀаваф Бани ШайбаУмрат

Викиларма

КаӀбатан 14 дакъа ду:

  1. Ӏаьржа тӀулг (Ӏаьрб. الحجر الأسود — аль-хьаджар аль-асвад) — тӀулг, малх-балехьара КаӀбатан сонехь берг.
  2. НеӀ (Ӏаьрб. باب الكعبة) — КаӀбатан неӀарш.
  3. Мизаб (Ӏаьрб. ميزاب) — къинхетаман хи дӀадохуьйту апари
  4. Цоколь (Ӏаьрб. الشاذروان) — КаӀбатан пенаш лардеш ерг.
  5. ИсмаьӀилан хьиджр (Ӏаьрб. حجر إسماعيل) — буьткъа горга пен, цу чохь дӀадоьллина ИсмаьӀил, ХӀаджар ду.
  6. Мультазам (Ӏаьрб. ملتزم) — Ӏаьржа тӀулган а, неӀаран а юккъахь долу дакъа, 2-метар ду.
  7. ИбраьхӀиман макъам (Ӏаьрб. مقام إبراهيم) — ангалин а, эчиган а меттиг, ИбраьхӀим-пайхамар тӀаьхьа лаьттина тӀулг бу цигахь.
  8. Ӏаьржа тӀулган соне (Ӏаьрб. زاوية الحجر الأسود)
  9. 'Йеменан са (Ӏаьрб. الركن اليماني)
  10. Шаман са (Ӏаьрб. الركن الشامي)
  11. 'Ӏиракъин са (Ӏаьрб. الركن العراقي)
  12. Кисват (Ӏаьрб. كسوة الكعبة — кисват аль-каӀбат) — айаташ тӀехь долу шаршу.
  13. ШагатӀулган аса — хьалха баьццара яра, а хӀинца кӀайн ю.
  14. ИбраьхӀим лаьттина меттиг — ИбраьхӀима цӀа дуттучу хенахь, лаьттина меттиг..

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан