Картве́лийн ме́ттанашкъилбакавказан; гуьрж. ქართველური ენები) — Чоьхьара Кавказан (Къилба Кавказан) малхбузехь, коьртаниг Гуьржийчоьнан махкахь, баьржина меттанийн доьзал.

Картвелийн меттанаш
Таксон доьзал
Ареал Чоьхьара Кавказ
Классификаци
Категори Евразин меттанаш
Ностратийн макродоьзал (гипотеза)
ХӀоттам
Меттанийн тобан кодаш
ISO 639-2
ISO 639-5 ccs

Классификаци

бӀаьра нисйан
 
Картвелийн доьзалан меттанаш даржар

Генетикин уьйранаш билгала ца яьхна. Хьалха дукха хьолахь юкъатухура гипотетикин кавказан йа иберийн-кавказан (макро)доьзална. Кхин а гипотеза ю картвелийн доьзал ностратийн макродоьзална юкъабахарх [1]. Амма, и позици емал йира тайп-тайпана говзанчаша, лору иза чӀогӀа къовсаме а, цунах хьесапаш тӀе ца оьцу дукхаха болчу компаративхоша, уьш хьовсу ностратийн меттанийн теорега ерриг галъяьлча санна, я, уггаре дукханиг, тешош воцу теорега санна[2][3].

Картвелийн меттанашна юкъахь бу иштта Гуьржийчоьнан шира литературин мотт — ширагуьржийн мотт.

Наггахь ша-тайпа картвелийн мотт санна билгала боккху гуьржийчоьнан жуьгтийн (жуьгтийн-гуьржийн мотт) мотт, Гуьржийчохь цунах киврули олу, ткъа Израилехь Ӏеб. גרוזינית יהודית‎ (грузинит йехудит) йа Ӏеб. גאורגית יהודית‎ (георгит йехудит) олу. Дукхаха болчу лингвисташа лору иза гуьржийн меттадакъа, дуккха а дешнаш схьаэцна ду ивритера а, Ӏарамийн маттара а. Йоза — жуьгтийн йоза.

ХӀинцалера картвелийн меттанех йоза дац гуьржий меттан бен. XIX бӀешарахь дуьйна гӀерта лазийн меттана (латинан йозанан бух тӀехь Германехь а, Туркойчохь а), мегрелийн меттана (гуьржийн йозанан бух тӀехь Гуьржийчохь, ткъа хьалха, кириллицин бух тӀехь а) а йоза даккха.

Грамматикин башхаллаш

бӀаьра нисйан

Картвелийн меттанашкахь ю 11 - 15 модалан-хенан кеп. Дац грамматикин тайпа цӀердешан а, меттан кхечу дакъойн а. Хандешан юьхьанцара кеп лору карарчу хенан кхоалгӀа юьхьан цхьаллин терахьан кеп. Аблаут[9] ю. Кавказан метанашкахь хуьлу ткъоллин чоьтан система. Синтаксисан уьйран хьесапаш — урхалла, координаци, тӀетовжар, барт бар. Къастало коьрта кхо предложенин конструкци: номинативан, эргативан (кхечуьнга доолу хандош дукхачу хенашкахь), дативан (кхегаран хандешнашкахь). Хандош гӀерта предложенин чеккхенга. Дошкхоллар префиксалан, суффиксалан, коьртачу кепара — префиксалан-суффиксалан (циркумфиксаш). Дош вовшахтасар ду. Дукха дескриптиван дешнаш ду. ТӀеэцна дешнаш ду Ӏаьрбийн, гӀажарийн, тюркийн меттанашкара[10]. ДештӀаьхьен система (дуста — хӀинди-европин меттанашкахь, царна юкъахь оьрсийн а, лелабо предлоган предложенин могӀа).

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Британская энциклопедия, 15-е издание, Статья Caucasian languages.
  2. George Starostin. Nostratic. Oxford Bibliographies. Oxford University Press (2013 шеран 29 октябрь). doi:10.1093/OBO/9780199772810-0156. — «Nevertheless, this evidence is also regarded by many specialists as insufficient to satisfy the criteria generally required for demonstrating genetic relationship, and the theory remains highly controversial among mainstream historical linguists, who tend to view it as, at worst, completely invalid or, at best, inconclusive.» Архивйина 2015 шеран 13 сентябрехь
  3. Нерознак В. П. Праязык: реконструкт или реальность? // Сравнительно-историческое изучение языков разных семей : Теория лингвистической реконструкции / Отв. ред. Н. З. Гаджиева. — М.: Наука, 1988. — С. 36—38. — ISBN 5-02-010869-3.
  4. Joshuaproject. Georgian
  5. Joshuaproject. Margaluri, Mingrelian
  6. Joshuaproject. Laz, Lazuri
  7. Joshuaproject. Svanetian, Mushwan
  8. DoBeS (Dokumentation Bedrohter Sprachen, Documentation of Endangered Languages)
  9. Гамкрелидзе Т., Мачавариани Г. Система сонантов и аблаут в картвельских языках. Типология общекартвельской структуры. На груз. яз. — Кеп:Тб., 1965.
  10. Большая советская энциклопедия, см. Картвельские языки

Литература

бӀаьра нисйан
  • Климов Г. А. Картвельские языки // Языки мира.
  • Климов Г. А. Склонение в картвельских языках в сравнительно-историческом аспекте, М., 1962.
  • Климов Г. А. Этимологический словарь картвельских языков. М., 1964.
  • Цагарели А. А., Сравнительный обзор морфологии иберийской группы кавказских языков, 2 изд., Тб., 1957.
  • Bopp Fr., Die kaukasischen Glieder des indoeuropä ischen Sprachstamms, B., 1847.
  • Deeters G., Das kharthwelische Verbum, Lpz., 1930.
  • Harris A. C. Diachronic Syntax: The Kartvelian Case (Syntax and Semantics, 18). New York: Academic Press, 1985.
  • Schmidt K.-H., Studien zur Rekonstruktion des Lautstandes der südkaukasischen Grundsprache, Wiesbaden, 1962.