Ки́то (испан. San Francisco de Quito) — Эквадоран коьрта шахьар, кхин а политикин, экономикин, оьздангаллин йукъ, цӀе тиллина шира индахойн киту тайпанах. Бахархойн барамца (Гуаякилал тӀаьхьа) Эквадоран гӀала. 1978 шарахь Кито а, Краков а хилира ЮНЕСКОн Дерригдуьненан оьздангаллин тӀаьхьенан испискин йукъатоьхна хьалхара гӀаланаш.

ГӀала
Сан-Франциско-де-Кито
испан. San Francisco de Quito
Сурт
Байракх[d] ХӀост
Байракх[d] ХӀост
0°13′07″ къ. ш. 78°30′35″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Эквадор
Мэр Santiago Guarderas
Истори а, географи а
Йиллина 1534 шеран 6 декабрь
Майда 290 км²
Центран локхалла 2850 м
Сахьтан аса UTC-5
Бахархой
Бахархой 1 739 000 стаг (2014)
Официалан мотт Испанхойн мотт, Кичуа (мотт)[d]
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +593 2
Поштан индекс EC1701 (керла формат), P01 (шира формат)
quito.gob.ec (испан.)
Картин тӀехь
Сан-Франциско-де-Кито картан тӀехь
Сан-Франциско-де-Кито
San Francisco Plaza, Кито

ЭтимологиНисйе

ГӀала йиллина 1534 шарахь испанхоша индахойн йуьртан меттигехь, цӀе тиллина индахойн тайпанан китун[1] этнонимах.

ГеографиНисйе

Кито лаьтта Къилба Америкин къилбаседа-малхбузен декъехь, Андаш лаьмнашна йуккъера чутаьӀенехь, Пичинча тӀапломан къилба басенехь, хӀордан тӀегӀанал 2818 м лакхахь. Гала лаьтта экваторал 24 км къилбехьа. ГӀалин майда 290 км² гергга йу.

Кито йиллина тӀапломан чим тӀехь, цуо сихха дӀахӀуду тӀуналла. Цуо хала кхуьийта Эквадорехь алсама лелайо орамаш. ГӀалин гергара латтанаш индахоша XV бӀешарахь даьхний дажадарна, хӀинца Китон йисташкахь лохий коьллаш бен ца кхуьу, къе хьаннаш а йолуш.

Китон йисташкара дийнаташ цхьацца кепара рептилеша а, олхазарша а, цӀий муьлу бирдолагаша а, кӀеззиг декха дийнаташа а бен ца гойту.

ТранспортНисйе

ГӀалахь болх беш йу сиха лела автобусан транспорт «Red Integrada de Transporte Público». Цуьнан аса гӀалех чекхйолу къилбаседехьара къилбехьа, йекъна кхаа декъе: троллейбусан «баьццара аса» гӀалин йуккъехь, «цӀен аса» къилбаседа-малхбален декъехь, «сийна аса» къилбаседа-малхбузен[2], болх беш йу метро[3].

2012 шеран августехь муниципалитето дӀайиллина цхьаьна «Bici Q» вилсапеташ лело система[4][5][6].

Дуьненайукъара аэропорт Кито — Марискаль Сукре[en] — лаьтта гӀалин йукъан 18 км генахь, Табабелин приходехь. Иза болхбан йолайелла 2013 шарахь, гӀалин чохь йолу шира аэропорт хийцина.

КлиматНисйе

Кито лаьтта субэкваторан климатан асанехь. Амма хаъал гӀала хӀордан тӀегӀанал лакхахь хиларна цигахь тропикин тов ца хуьлу, ткъа экваторна гергахь хиларна жимйо шеран температураш шарахь лестар, иза дерриг шеран дохаллехь лаьтта +13…+15 °C. Амма цуьнца цхьаьна хаало йоккха башхалла дийнан а, буьйсанан а температурашна йукъахь. Шеран йуккъера максимум хуьлу +19,3 °C, шеран йуккъера минимум хуьлу +9,8 °C.

Китон махкахь хуьлуу 1200 мм гергга йочанаш шарахь, коьртаниг сентябрера май кхаччалц тӀекхоьссина догӀу догӀан кепара.

Китон амалехь ду догӀанийн шеран зама а, йекъа зама а. ДогӀанийн хьалхара зама лаьтта декабрера март кхаччалц, шолгӀа — июнера сентябрь кхаччалц. Йекъачу заманах гӀала йиллина йу къилбехьара шийлачу механна, оцу муьрехь наггахь де-бусанан йуккъера температура хуьлу +10 °C гергга. Наггахь гӀоролаш а хуьлу, амма ло ца хуьлу, хӀунда аьлча оцу муьрехь йочанаш ца хуьлу ала мегар ду.

Китон климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 29 26 32 25 30 29 31 25 29 25 29 29 32
Юккъера максимум, °C 19 19 19 19 19 19 20 20 20 20 19 19 19,3
Юккъера температура, °C 14 15 15 15 15 15 14 15 15 15 14 14 14,7
Юккъера минимум, °C 10 10 10 10 10 10 9 9 9 10 10 10 9,8
Юьззина минимум, °C 1 0 0 0 1 0 1 1 1 1 0 1 0
Йочанан норма, мм 114 130 152 175 125 48 20 25 79 127 109 104 1209
Хьост: Meoweather[7], Weather Channel[8]

Guápulo, КитоНисйе

ХӀокху заманан КитоНисйе

ГӀаланаш-вежарийНисйе

ГовзаллехьНисйе

  • Медведев Олеган «Эльдорадо» эшар[9] йолало "Ӏа дика йойла, набаран Кито..." могӀанца йолало.

БилгалдахаршНисйе

  1. Поспелов, 2002, с. 205.
  2. Sistema Convencional de Transporte (es) : diario. — Metrobús Quito. Архивйина 2008  шеран  3 сентябрехь. Архивированная копия. Теллина 2014 шеран 13 октябрехь.
  3. В столице Эквадора заработало метро(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  4. BiciQ Bicicleta Pública (испан.). BiciQ. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 18 сентябрехь. Теллина 2013 шеран 13 сентябрехь.
  5. Bici Q: 1.078 carnetizados (Spanish), Quito, Ecuador: La Hora (2012, 31 август). Архивировано коч дечара 25 июлехь 2013. Хьаьжна 13 сентябрехь 2013.
  6. La bici pública rodará desde el martes (Spanish), Quito: Grupo El Comercio (2012, 27 июль). Архивировано коч дечара 28 июлехь 2013. Хьаьжна 13 сентябрехь 2013.
  7. Weather history for Quito, Pichincha, Ecuador. 'Meoweather. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 20 августехь. Теллина 2011 шеран 14 декабрехь.
  8. Monthly Averages for Quito, Ecuador. The Weather Channel. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 20 октябрехь. Теллина 2012 шеран 18 октябрехь.
  9. Эльдорадо, Олег Медведев.(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).

ЛитератураНисйе

оьрсийн маттахь
кхечу меттанашкахь

ХьажоргашНисйе