Ковале́вская Со́фья Васи́льевна (йинчу хенахь 1858 шо кхаччалц — Круковская, тӀаккха Корвин-Круковская; 1850 шеран 3 [15] январь, Москох1891 шеран 29 январь [10 февраль], Стокгольм) — XIX бӀешеран Российн империн математик а, механик а, 1889 шарахь дуьйна — Петарбухан Ӏилманан академин кхечу махкара декъашхо-корреспондент. Российн имперехь а, Къилбаседа Европехь а дуьххьарлера зуда-профессор, дуьненахь дуьххьарлера зуда — математикин профессор (хьалха и цӀе йелла Аньези Мария цкъан а хьоьхуш хилла йац). «Нигилистка» повестан (1884) а, «Бераллера дагалецамаш» жайнин а (1889, дуьххьара оьрсийн маттахь — 1890) автор.

Ковалевская Софья Васильевна
Корвин-Круковская Софья Васильевна (1858 шо кхачале — Круковская)
Корвин-Круковская Софья Васильевна (1858 шо кхачале — Круковская)
Бакъ цӀе оьрс. Софья Васильевна Корвин-Круковская
Йина терахь 1850 шеран 3 (15) январь[1]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1899 шеран 10 февраль({{padleft:1899|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})[2][3][…] (49 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа математик, физик, романист, университетан профессор, коммунар, йаздархо
Ӏилманан кхоче математика, механика
Белхан меттиг Стокгольман университет
Альма-матер Гейдельберган университет,
Берлинан университет
Ӏилманан дарж доктор философии
Ӏилманан куьйгалхо Вейерштрасс К. Т. В.
Воьвзу сана
Йоьвзу сана
СовгӀаташ а, премеш а

Борденан совгӀат (1888),

Академийн пальмийн орденан эпсар
Автограф Автографан сурт
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
 
 
Шуберт Фёдор Иванович
 
Кронгельм Луиза Фредерика
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Шуберт Фёдор Фёдорович
 
Раль Софья Александровна
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Корвин-Круковский Василий
 
Шуберт Елизавета
 
Шуберт Александр
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Круковский Фёдор
 
 
 
Круковская Анна
 
 
 
Ковалевская Софья
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Жаклар Виктор
 
 
Ковалевский Владимир
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
 
Ковалевская Софья (Фуфа)


Ковалевская Софья Васильевна йина 1850 шеран 3 (15) январехь Москохахь, Стрельцов Алексейн цехан гӀалара кертахь. Москохан синмехаллин консисторин Никитин сорокан, Петровски кевнашна дехьара Знаменски килсан метаркин жайнахь, 1850 шарахь йаздина йоза ду[7]:

  3 январехь йина, 17 — жӀар тоьхна Софиян; цуьнан да-нана — Артиллерин полковник Василий Васильевич Круковскаян кӀант, цуьнан законехь йолу зуда Елизавета Федоровна; майра православин дин лелош ву, ткъа зуда лютеранин дин. Тешаш: мукъа ваьккхина Артиллерин подпоручик Семен Васильевич Круковскаян кӀант, провиантмейстер Василия Семёновича Круковскойн кӀант, йоӀ Анна Васильевна. ЖӀар тохаран къайле йина меттигерчу мозгӀаро Крылов Павела, диаконца Попов Павелца а, пономарца Сперанский Александрца.  

Артиллерин инарла-лейтенантан В. В. Корвин-Круковскийн а, Елизавета Фёдоровнин (ден фамили — Шуберт) а йоӀ. Ковалевскаян ненада, инфантерин инарла Шуберт Ф. Ф., хилла гӀараваьлла математик, ткъа ненадеда Шуберт Ф. И. — кхин а чӀогӀа гӀараваьлла астрономом.

Бер долучу хенахь йаьхна Россехь тайп-тайпанчу меттигашкахь, хӀунда аьлча цуьнан да белхан гӀуллакх бахьнехь сих-сиха кхелхура доьзалца цхьаьна[8].

Ковалевскаян дагатийсамашца, иза кхуьуш йара «акха» бер санна — къоьхкура хьешех а, кхечу берех а, ткъа хан хене мел йолу сингаттам богӀура, «хетара бода тӀебогӀуш санна». Гуттара а жима йолуш иза «тешна хеташ йара», ша доьзалехь йезаш ца хиларх — ткъа йоккхаха йолу йиша Анна а, жимаха волу ваша Федя дезаш хиларх. Иштта ойланаш кхуьура цуьнан дукхаха дерг бабас Фёкла цӀе йолчу йоьӀе дина къамеле къайлаха ладоьгӀна. Бабас дуьцура, Софья «шен хенахь» ца йина: нисса и дуьнен тӀейолуш Софьян дас кехатех ловзуш дукха ахча иэшийна, тӀаккха дийзира «зудчун жовхарш закъалтан дахка». Кхин тӀе дас-нанас сатуьйсура кӀенте, — ткъа йоӀ йинчул тӀаьхьа «нана халчу хӀоьттира йоьӀе хьажа а ца лууш». Ткъа бабас кхаа берех шен хьомениг хетара Софья, кхечу берел алсама йезара иза, дуьйцура, ша кхиийна иза бохуш, хӀунда аьлча кхечарна цуьнан бала бацара». Ковалевскаяс йаздора, ша уггаре ирс долуш хетара шена шен бабина юххехь — цуо сих-сиха Ӏаьржачу валарх, берзах-ешапах, 12 корта болу саьрмаках туьйранаш дуьцушшехь, ткъа йоӀ кхоьрура оцу туьйранех…»[9]

 
Корвин-КруковскийгӀеран керт, 2014 шеран сурт. Кхузахь ду С. В. Ковалевскян музей-цӀа

1858 шарахь да эскарера мукъаваьллачул тӀаьхьа, берриг доьзал кхелхира шайн доларчу махка Полибине, иза лаьттаара Витебскан губернера Невелан уездехь (хӀинца — Пскован областан Велики Лукин кӀоштара Полибино эвла). Кхузах Софьяс дӀадаьхьира шен бералла наггахь а ара ца йолуш оцу меттигера[10].

Полибинехь Ковалевская Ӏамош, кхиош дуккха а шерашкахь йара ингалсан гувернантка Смит Маргарита Францевна (1826—1914)[11], Софьян дагалецамашца иза йара «буьрса, хьуьнаре, хала» стаг». Ковалевскаяс дери до, гувернанткан ша кхиориг ша-кепара йезара, амма и безам бара «беза, эмгараллин, гӀалато ца ловш, цхьан а кӀеда-мерзалла йоцуш»[12]. Софьян дешар Ӏамош вара Малевич Иосиф Игнатьевич (1813—1898), жима латта долу шляхтичан кӀант, шен дахарехь даиман а цӀера хьехархо, хьехамхо болхбина волу, цуо Ӏамадора шуьйра программица, берашна лора дика ондда хаарш"[11] (1890 шеран декабрехь «Оьрсийн шира зама» жайнахь цуо зорба тоьхна шен дешархочух дагалецамаш).

Ковалевскаян «Бераллера дагалецамаш» жайнара дагалецамашца, математика йезар деира цунна шина бахьнийца: хьалхара, оцу Ӏилманан «кӀоргера лерам» бора цуьнан хьомен воккхаха волчу девашас Корвин-Круковский Пётр Васильевича, цуьнца хазахеташ тайп-тайпана теманех лаьцна къамелаш дора Софьяс, цу тӀе девашас воккхачуьнца санна къамел дора, иза а хазахетара йоьӀан, — нисса цуьнгара дуьххьара хезира гуон квадратурех а, асимптотех а. ШолгӀа бахьна Ковалевскаяс хуьлийтара «забаре хилам»: Полибине кхелхича, цхьаьна берийн чохь ца тоьира обойш — тӀаккха пенах летийра академик М. В. Остроградскийн дифференциалан а, интегралан а ларарийн лекцийн зорбан арахецаран кехаташ. Иштта чоь лаьттира дуккха а шерашкахь — ткъа Софьяс дойура оцу «къайленан» пенан хьалха дийнна сахьташ, иза бахьнехь дуккха а формулаш а, фразаш а чуйуьйлира иэсан, ткъа тӀаьхьа, 15 шо долчу хенахь иза дифференциалан лараран Ӏамолаш оьцуш йара, цхьаболу математикин кхетамаш Ӏомара цунна цецбуьйлуш атта, «хьалха дуьйна хууш долуш» санна[13].

1866 шарахь Ковалевская дуьххьара дозанал арахьа йахара, ткъа цул тӀаьхьа йехира Петарбухехь, цигахь математикин анализийн Ӏамолаш ийцира А. Н. Страннолюбскегара.

Лакхара дешар, маре дар

бӀаьра нисйан

Зударий лакхара дешаран меттигашка хӀитта Россехь дихкина дара. Цундела Ковалевскаяга дозанал арахьа бен дешалур дацара, амма дозанал арахьа лела паспорт дала йиш йацара де-нена йа майрачун пурбанций бен. Да дала гӀерташ а вацара пурба, хӀунда аьлча кхин дӀа йоьӀе дешийта ца лаьара. Цундела Софьяс йира харц брак къуоначу Ӏилманчийца В. О. Ковалевскийца. Бакъ ду, Ковалевский тешаш а вацара, шена иза йезалур йу аьлла.

1868 шарахь къуона доьзал дозанал арахьа бахара. 1869 шарахь Ковалевскаяс дийшира Гейдельберган университетехь Кенигсбергер хьоьхуш а волуш, ткъа 1870 - 1874 шерашкахь — Берлинан университетехь К. Т. В. Вейерштрасс хьоьхуш а волуш. Университетан низамца зударийн бакъо йацара лекцешка ладогӀа. Амма Вейерштрасс, лууш вара Софьян математикин похӀма дӀаделла, цуо куьйгалла дира Софьян дешаран. Йазбира кхо болх: «Схьадаьлла кхаьчнарган уравненийн теорегахьа», «КхоалгӀа рангера абелевн интегралийн цхьа класс эллиптийн интегралашка йалор», «Сатурнан хӀозан кепах болу Лапласан талламаш бузар а, билгалбахарш а».

Иза дог лозуш йара революцин къийсамех а, утопийн социализман ойланех а, цундела 1871 шеран апрелехь майраца В. О. Ковалевскийца цхьаьна йеира гуо лаьцначу Париже, Ӏуналла дира чевнаш йинчу коммунарашна. ТӀехьуо дакъа лецира Парижан коммунан гӀуллакххо В. Жаклар набахтера кӀелхьара воккхуш, иза майра вара цуьнан йишийн-революционеран Аннин.

Софьян эмансипацин доттагӀаша къобал ца дора цуьнан гергаралла харц майрачуьнца. Церан дийзира баха вовшенна гена. Оцу гӀуллакхо сагатдора шинненан а. 1874 шарахь уьш цхьаьна баха буьйлабелира, ткъа диъ шо даьлча церан йоӀ дуьнен тӀейаьлира.

Зорбанан арахецарш

бӀаьра нисйан
  • Борьба за счастье: две параллельных драмы Архивйина 2020-03-21 — Wayback Machine / Ковалевская С. В. , Леффлер Алиса Карлотта / Соч. быв. проф. Стокгольмского университета Софьи Ковалевской совместно с Алисою Карлоттого Леффлеръ; пер. с швед. М. Лучицкой. — Киев: Издание книжного магазина Ф. А. Иогансона, 1882. — 2, 258 с.
  • Vera Vorontzoff: Fortaelling fra Rusland / Sonja Kovalevsky; Overs. af Otto Borchsenius. — Kjøbenhavn: Gyldendal, 1893. — 178 с.
  • Научные работы Архивйина 2019-09-21 — Wayback Machine / С. В. Ковалевская; ред. и коммент. П. Я. Полубариновой-Кочиной. — [М.]: Изд-во АН СССР, 1948. — 368 с., 2 л. портр. — (АН СССР. Классики науки)
  • Ковалевская С. В. «Воспоминания и письма» — М.: Издательство АН СССР, 1951.
  • Ковалевская С. В. Воспоминания. Повести : К 125-летию со дня рождения / АН СССР. — М. : Наука, 1974. — 559 с. — (Литературные памятники).
  • Ковалевская С. В. «Воспоминания. Повести» — М.: Издательство «Правда», 1986.
  • Ковалевская С. В. «Воспоминания» — М.: АСТ-ПРЕСС, 2005. — (Знак судьбы) — ISBN 5-7805-1114-4

Доьзал (гӀарабевлларш)

бӀаьра нисйан

Литературехь

бӀаьра нисйан
  • Манро, Элис. Слишком много счастья // Слишком много счастья / Пер. А. Степанов. — СПб.: Азбука, 2014. — С. 273—336. — (Азбука Premium). — 5000 экз. — ISBN 978-5-389-07504-7.
  • Великие Россияне. Биографическая библиотека Ф. Павленкова.
  • Яновская Ж. И. Сестры: [Повесть о С. В. Ковалевской и А. В. Жаклар]: [Для старш. возраста] / [Ил.: Л. Рубинштейн]. — Ленинград: Детгиз. [Ленингр. отд-ние], 1962. — 215 с.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Большая российская энциклопедияМ.: Большая российская энциклопедия, 2004.
  2. 1 2 Ковалевская, Софья Васильевна // Русский биографический словарьСПб.: 1903. — Т. 9. — С. 20—21.
  3. Архив по истории математики Мактьютор — 1994.
  4. Ковалевская Софья Васильевна // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  5. Sonja Kovalevsky (швед.) — 1917.
  6. Hedvig Eleonora kyrkoarkiv, Död- och begravningsböcker, SE/SSA/0006/F I/14 (1890-1893), bildid: 00012484_00072 — С. 73.
  7. Кочина, 1981, с. 7—8.
  8. Ковалевская, 1974, «Воспоминания детства», с. 10.
  9. Ковалевская, 1974, «Воспоминания детства», с. 12—15.
  10. 1 2 Валентина Румянцева. Легенды и были Полибинской усадьбы // «Наука и жизнь» : журнал. — 2015. — № 11. — С. 134—143.
  11. 1 2 Ковалевская, 1974, Примечания / П. Я. Кочина, А. Р. Шкирич (сост.), с. 511.
  12. Ковалевская, 1974, «Воспоминания детства», с. 35.
  13. Ковалевская, 1974, «Воспоминания детства», с. 42—43.
  14. 1 2 Румянцева В. П. Родословная Корвин-Круковских // Невельский сб. — СПб., 1997. — Вып.2. — С.146—157.
  15. Корвин-Круковский Ф. В. Воспоминания о сестре. [С коммент.]. // В кн.: Ковалевская С. В. Воспоминания и письма. — Изд. 2-е, испр. — М., 1961. — С. 367—372.
  16. Метрическая запись о крещении в Петропавловской церкви при Императорском Университете
  17. База данных MPC по малым телам Солнечной системы (1859)(ингалс.)
  18. Аэрофлот ввел в эксплуатацию самолёт А320 «С.КОВАЛЕВСКАЯ». aeroflot.ru (25 апреля 2011). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 9 июнь. Архивйина 2015-10-26 — Wayback Machine

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан