Коммуни́зм (схьадаьлла лат. commūnis «юкъара») — юкъараллин бахаман кхолларан гӀирсийн бух тӀехь йолу теорин юкъараллин а, экономикин а хӀоттам, цуьнца латтайо социалан нийсо[1].

Практикехь иштта хӀоттам цкъан а хилла бац, амма «коммунистийн пачхьалкх» термин лелайора малхбузен прессо ССРСн а, социалистийн бу аьлла кхайкхийна мехкашна а. «Хьалхара бахаман коммунизм» термин лелайо классел хьалхара тайпанийн юкъараллин хӀоттам гойтуш (советийн историн терминологехь — «хьалхара бахаман юкъараллин хӀоттам»). Марксизман бух биллинчеран белхашца, коммунизмехь хила деза лакхара кхиина кхолларан ницкъаш, хила ца еза пачхьалкхаш, ахча, юкъараллин социалан классашна декъадалар. Иза хир ду боху, нагахь кхолларан гӀирсашна юкъараллин долахь бахам баржо таро хилахь[2]. Коьрта принцип: «ХӀора<!—Марксан „ХӀора“ ду, „ХӀорамма“ --> — хьуьнарца, хӀоранна — оьшшучул!»[3]

Кхин а, дукха хьолахь, «коммунизм» олу шайн Ӏалашо коммунистийн юкъаралла хӀоттор кхайкхочу идеологех[4]. Оцу контекстехь цхьаьнатуху тайп-тайпана шайна чу марксизм, социалан анархизм (анархо-коммунизм), ткъа иштта царна гергара политикин идеологин ишколаш а, некъаш а.

Терминан историНисъе

БилгалдахаршНисъе

  1. Райзберг Б. А., Лозовский Л. Ш., Стародубцева Е. Б. Коммунизм // Экономический словарь, М.: Инфра-М, 1999
  2. . Долара бахам дӀабаьккхина хила беза, ткъа цуьнан метте хӀуттур ю берриг кхолларан гӀирс юкъахь лелор, сурсаташ декъар юкъара бартаца. Долара бахам хӀаллак бар бу уггаре боца некъ оцу юкъараллин хӀоттаме. Цундела коммунисташа нийса аратоьтту шайн коьрта тӀедожор долара бахам хӀаллак бар (Фридрих Энгельс «Принципы коммунизма»)
  3. С введением социалистического общественного строя государство само собой распускается и исчезает. <…> [Рабочий] получает от общества квитанцию в том, что им доставлено такое-то количество труда (за вычетом его труда в пользу общественных фондов), и по этой квитанции он получает из общественных запасов такое количество предметов потребления, на которое затрачено столько же труда. <…> Когда вместе с всесторонним развитием индивидов вырастут и производительные силы, и все источники общественного богатства польются полным потоком, лишь тогда можно будет совершенно преодолеть узкий горизонт буржуазного права, и общество сможет написать на своём знамени: «Каждый — по способностям, каждому — по потребностям!» (К. Маркс «Критика Готской программы»)
  4. Dagger R., Ball T. Communism // Encyclopaedia Britannica

ХьажоргашНисъе