Къуръан

Мухьаммад пайхамаре доссийна исламан Деза Жайна
(Коран тӀера хьажжина кхуза)

Къуръа́н (Ӏаьр. الْقُرْآنُ الْكَرِيمُ‎‎ [аль-Къуръа̄нул-Карӣм] — «Сийлахь Къуръан») — иза ислам динехь Делан Ӏаламат хаза Жайна ду. Бусалбанаша даздо иза, уьш тешаш бу иза Делан къамел хиларх. И доссийна Мухьаммад пайхамарна ﷺ тӀе Жибрил малико, нахана и кхето а, уьш гӀорасизбан а шен Ӏаламаташца. Бусалбанаш тешаш бу иза куьг тохарх а, харцхьадаккхарх а лардина ду адамийн дегнаш чохь а, могӀанашкахь а аьлла. Иза схьадеана ду рогӀаллица (таватурца)[1]. И дешарца Далла Ӏибадат до. Стигалан жайнех тӀаьххьарниг а ду иза, ИбрахӀиман тептарш а, Таврат а, Забур а, Инжил а дӀадаьлла чул тӀаьхьа[2][3]. «Къуръан» бохучу дешан маьӀна Ӏаьрбийн маттахь «хозуьйтуш дешар» а, «хьехам» а бохург ду[4][5].

Къуръан — иза Ӏаьрбийн шира жайна ду. И лоруш ду меттан Ӏилманан лаккхара мах хадош, цо шена чохь гулдо дела хаза къамел а, риторика а. Къуръанан лар а, сий а ду Ӏаьрбийн мотт а, цуьнан литература а, цуьнан морфологин а, синтаксисан а Ӏилманаш цхьаьнатохарехь а, уьш кхиорехь а. Иштта Ӏаьрбийн меттан бакъонийн коьрта Ӏалашонаш хӀиттайарехь а, йахкарехь а, цхьаьнатохарехь а. Ӏаьрбийн мотт цхьаьнатохаран дикалла Къуръан доссадаре йухадоьрзуш ду, хӀунда аьлча, цул хьалха цхьаьнатоьхна хилла бац и, ша хьалдолуш мотт боллушехь а.

Къуръанан суратийн могӀа

бӀаьра нисйан
ЦӀе Ӏаьрбийн цӀе Гоч
1 Аль-Фатихьат الفاتحة Схьадоьллург
2 Аль-Бакъарат البقرة Йетт
3 Алу Ӏимран آل عمران Ӏимранан доьзал
4 Ан-Нисаъ النساء Зударий
5 Аль-Маидат المائدة Шун
6 Аль-АнӀам الأنعام Даьхний
7 Аль-АӀраф الأعراف Дуьхьалонаш
8 Аль-Анфал الأنفال ХӀонс
9 Тавбат التوبة Тобадар
10 Юнус يونس Юнус
11 ХӀуд هود ХӀуд
12 Юсуф يوسف Юсуф
13 Ар-РаӀд الرعد Стигал къовкъар
14 ИбрахӀим إبراهيم ИбрахӀим
15 Аль-Хьиджр الحجر Чоьнаш
16 Нахьль النحل Накхармозий
17 Исра́ъ الإسراء Исраъ
18 КахӀф الكهف Хьех
19 Марйам مريم Марьям
20 ТӀа ХӀа طه ТӀа ХӀа
21 Анбийаъ الأنبياء Пайхамарш
22 Хьадж الحج Хьаьж
23 Муъминун المؤمنون Делех тешарш
24 Ну́р النور Нур
25 Фуркъан الفرقان Башхалла
26 ШуӀараъ الشعراء Илланчаш
27 Намль النمل Зингаташ
28 Къасас القصص Дийцар
29 Ӏанкабут العنكبوت Гезг
30 Рум الروم Рим
31 Лукъман لقمان Лукъман
32 Саждат السجدة Сужда
33 Ахьзаб الأحزاب Ахьзаб
34 Сабаъ سبأ Саба
35 ФатӀир فاطر Кхоллархо
36 Йа Син يس Еса
37 Саффат الصافات МоггӀар дӀахӀиттинарш
38 СӀад ص Элп СӀад
39 Зумар الزمر ЖӀуга
40 ГӀафир غافر Гечдийриг
41 Фуссилат فصلت Кхетораш
42 Шура الشورى Совет
43 Зухруф الزخرف Хаздар
44 Духан الدخان КӀур
45 Джасийат الجاثية ГорхӀоттар
46 Ахькъаф الأحقاف ГӀамаран баьрзнаш
47 Мухьаммад محمد Мухьаммад
48 Фатхь الفتح Толам
49 Хьужурат الحجرات Чоьнаш
50 Къаф ق Къаф
51 Аз-Зарият الذاريات Чан дIасаяржораш
52 Ат-ТӀур الطور Лам
53 Ан-Нажм النجم Седа
54 Аль-Къамар القمر Бутт
55 Ар-Рахьман الرحمن Къинхетамениг
56 Аль-ВакъиӀат الواقعة Дужург
57 Аль-Хьадид الحديد Эчиг
58 Аль-Муджадилат المجادلة Дуьхьаллера
59 Аль-Хьашр الحشر Гулам
60 Мумтахьанат الممتحنة Зер
61 Саф الصف МогӀанаш
62 Аль-ДжумуӀат الجمعة ПӀераска
63 Аль-Мунафикъун المنافقون Шалхолелораш
64 Ат-ТагӀабун التغابن Ша-шен Ӏехадар схьадаьллар
65 Ат-ТӀалакъ الطلاق Галморзахдахар
66 Ат-Тахьрим التحريم Ца магор
67 Мульк الملك Бакъо
68 Къалам القلم Къолам
69 Хьаккъат الحاقة Хилаза ца долу
70 МаӀаридж المعارج ТӀегӀанаш
71 Нухь نوح Нухь
72 Джинн الجن Джинн
73 Муззаммиль المزمل Йуккъехьарчориг
74 Мудассир المدثر ДӀахьовзориг
75 Къиямат القيامة Къематде
76 Инсан الإنسان Адам
77 Мурсалат المرسلات Дахьийтар
78 Набаъ النبأ Хаам
79 НазиӀат النازعات Синош дохурш
80 Ӏабаса عبس Кхоьлина
81 Таквир التكوير ДӀахьарчор
82 ИнфитӀар الانفطار Стигал йекъайалар
83 МутӀаффифин المطففون Терза эшораш
84 Иншикъакъ الانشقاق Стигал ятIар
85 Бурудж البروج Зодиакан седарчийн гуламаш
86 ТӀарикъ الطارق Буьйсанан некъахо
87 АӀла الأعلى Сийлахь-Везаниг
88 ГӀашийат الغاشية ДIахьулдийриг
89 Фаджр الفجر Ӏуьйре цӀийъйалар
90 Балад البلد ГӀала
91 Шамс الشمس Малх
92 Лайл الليل Буьйса
93 Духьа الضحى Ӏуьйре
94 Шархь الشرح Накха схьабеллар
95 Тин التين Инжир
96 Ӏалакъ العلق ЦӀийн улх
97 Къадр القدر Билгалдаккхаран буьйса
98 Байинат البينة БӀаьрла билгало
99 Залзалат الزلزلة Латтадегор
100 Ӏадийат العاديات Хахкайелла йогӀурш
101 КъариӀат القارعة Боккха бохам
102 Такасур التكاثر Хьал дебор дезар
103 Ӏаср العصر Малхбузан хан
104 ХӀумазат الهمزة ТIаьхьашха луьйриг
105 Филь الفيل Пийл
106 Къурайш قريش Къурайшаш
107 МаӀун الماعون Кегийра хӀуманаш
108 Кавсар الكوثر Шорто
109 Кафирун الكافرون Гаураш
110 Наср النصر ГӀо
111 Масад المسد Нахлун-диттан хьесий
112 Ихлас الإخلاص Динан цIоналла
113 Фалакъ الفلق Садаржар
114 Нас الناس Адамаш

Къуръанан структура

бӀаьра нисйан

Къуръанан чохь 114 сурат ду тайп-тайпана дохала долуш (3 тӀиера 286 аятан тӀекхаччалц, 15 тӀиера 6144 деше кхаччалц)[4]. Дерриг сураташ аяташна декъна ду. Тайп-тайпанчу дагардаршца Къуръан чохь 6204 - 6236 аят[4][6] а, 320 эзар сов элп а ду. Къуръан кхин а декъна ду ворхӀ цхьатеррачу декъе (манзилшна) цхьана кӀирнах деша атта хилийта. Къуръан 30 декъе (джуз) декъаро, аьтту бо Къуръан деша цхьаьна баттахь.

Бусалбачеран ламастаца, сураташ доькъу Маккарнаш — Мухьаммада (АллахӀера салам-маршалла хуьлда цунна) хиджра (Мадината кхалхар) дан ле йа цига воьдуш новкъахь диссина долу, — Мадинатарнаш — Мадинатехь йа хиджра динчул тӀехьа цхьанхьа новкъахь диссинарш а.

Къуръанан чулацам хийцалур болуш бац, хӀунда аьлчи Лекхачу АллахӀа лардан тӀелаьцна Барт хӀотту де даллалц(Коран, 15:9):

  Бакъдолуш, Оха доссийна Дагадаийтар, Оха лардеш ду иза  

Къуръанан дерриг сураташ, иссалгӀаниг доцург, долало дешнашца: «Къинхетаме а, Совкъинхетаме а волчу АллахӀ цӀарца доладо». Къуръанан хьалхарчу суратехь и дешнаш хьалхара аят долуш далийна.[4]

Сураташ, цхьадерш доцурш, Къуръан чохь хронологица хӀиттийна дац, ткъа церан бараме хьаьжжина ду: хьалха лаьтта деха сураташ, тӀаккха тӀехь-тӀехьа аятан барам лахлучу кепара хӀиттийна[4][7].


Къуръанан истори

бӀаьра нисйан
 
VII бӀешерера куьйга йаздина Къуръан

Къуръан доьссина дуьнен тӀе АллахӀера дуьззина Лейлатуль-Къадр буса, амма Джабраил малико пайхӀамарна делла иза дакъошкахь 23 шарахь(Коран, 17:106). Дин даржош, Мухьаммада дукха хьехамаш бина. Цуьнца цхьаьна ша АллахӀа цӀарах дуьцург Къуръанан тӀиера бен ца дуьцура. Мухьаммадан еша а, йаздан хууш ца хилла, аяташ дӀайаздойтуш хилла. Амма цхьа дакъа дӀайаздар бахьнехь ца дисина, ткъа дагахь Ӏамийна дисина. Дерриг а 114 сурат, 30 джуз хилира. Къуръан хронологица хӀоттийна дац. ТӀаккха а цхьацца агӀонаш йу хенаца сураташ къасто. Масала сураташ декъна ду Макканаш а, Мадинатанаш а.[8].

ПайхӀамар дийна волуш йаздина Къуръан оьшуш дацара — муьлхха а ца кхеташ дерг ша Мухьаммада хьоьхура. Иза кхелхинчул тӀаьхьа, сиха даьржачу исламан ийшира пайхӀамаран бетехула схьадеана долу йозанан закон. Иза бахьнехь Абу Бакра а, Ӏумара а (АллахӀ реза хуьлда царна) тӀедиллира пайхӀамаран уллохь леллачу Зайд ибн Сабитан (АллахӀ реза хуьлда цунна) вовшахтоха долаш долу йаздинадолу пайхӀамаран дешнаш. Дикка сиха чекхбаьккхира Зайда (АллахӀ реза хуьлда цунна) шен болх, йуьхьанцара Къуръанан вариант гайтира. Оццу хенахь изза болхбеш бара кхин нах. Иштта АллахӀан къамелан кхин диъ жайна хилира. Зайдан (АллахӀ реза хуьлда цунна) тӀедиллира пхий а редакци цхьаьнатохар, и болх чекхбаьлча хьалхалера пхи жайна дӀадаьккхира. ЧӀогӀа хазахеташ доьшуш хилла Къуръан халифа Ӏусмана (АллахӀ реза хуьлда цунна), иза вуьйчу хенахь Къуръан доьшуш хилла боху. Ду боху шира куьйга йаздина Къуръан, дийцарехь, тӀехь халифан цӀий долуш[9].

Мухьаммад кхелхинчул тӀехьа, хьалхарчу иттаннаш шерашкахь къийсамаш буьйлабелира бусалба нахана йукъахь. Уьш бекъабала буьйлабелира тобанашка — суннаш, хьариджийш, шиӀийш. Царна йукъахь йаздинчу Къуръанан цхьацца долчун реза боцурш а бара. Суннийш шеко йоцуш къобал йира Зайдан (АллахӀ реза хуьлда цунна) текст. Хьариджий реза ца хилира шен вежарша Мисаре лолле воьхкинчу Юсупах (ӀалайхӀи салам) лаьцначу 12 суратан. Хьариджийшна гарехь, сурато эвхьаза дуьйцу Мисран хьаькаман зудчо Юсуп (ӀалайхӀи салам) Ӏехо гӀортар. ШиӀийшна хетара, Ӏусманан (АллахӀ реза хуьлда цунна) омрица Къуръан чуьра Ӏелех лаьцна меттигаш дӀайаьхна. ТӀаккха а массара а лелийра Зейдан (АллахӀ реза хуьлда цунна) верси[9].

Цуьнан цӀаро ма-баххара, Къуръан хезаш деша дезаш дара. Хан-хене мел йолу Къуръан дешарах дийнна говзалла хилира. Иштта хӀоранна а дагахь хаа дезаш дара Къуръанан дакъа. Хьалха а хилла, хӀинца а бу дерриг Къуръан дагахь хуурш – хьафизаш. Къуръан доккха беркат ду адаман, ладаме меттиг йу цуьнан адаман дахарехь, дика дешаран гӀирс а бу иза. Къуръан Ӏарбийн маттахь доссарна, иза Ӏамадарца баьржа Ӏаьрбийн мотт. Исламах йолу литература, муьлххачу маттахь иза елахь а, Къуръанан тӀе хьажоргех йуьззина йу[8].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. معجزة حفظ القرآن نسخة محفوظة 02 يونيو 2017 على موقع واي باك مشين Архивйина 2023-07-04 — Wayback Machine
  2. Watton, Victor, (1993), A student's approach to world religions:Islam, Hodder & Stoughton, pg 1.
  3. Shaikh، Khalid Mahmood (1999). [http://books.google.com/books?id=wjNneGwYhUIC&lpg=PA71&dq="is%20the%20last%20and%20final%20testament."&pg=PA44#v=onepage&q="is%20the%20last%20and%20final%20testament."&f=false A study of the Qur'an & its teachings. ]
  4. 1 2 3 4 5 Резван Е. А. Зеркало Корана //«Звезда» 2008, № 11
  5. Бибикова О. П. Коран // Энциклопедия Кругосвет (С.1, С.2, С.3, С.4, С.5, С.6)
  6. Айа // Религия: Энциклопедия / сост. и общ. ред. А. А. Грицанов, Г. В. Синило. — Кеп:Мн.: Книжный Дом, 2007. — 960 с. — (Мир энциклопедий).
  7. Коран / Грязневич П. А. // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  8. 1 2 Глава 58 Коран, предание и фик // Иллюстрированная история религий в 2-х тт./ Ред. Проф. Д. Л. Шантепи де ля Соссей. Изд. 2-е. М.: изд. отдел Спасо-Преображенского Валаамского монастыря, 1992. Т. 1 ISBN 5-7302-0783-2
  9. 1 2 Глава 9 Ислам: теория и практика//Л. С. Васильев. История религий востока Архивйина 2011-07-08 — Wayback Machine. — М.:Книжный дом «Университет», 2000. ISBN 5-8013-0103-8

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан