Кусаев, Ӏадиз Джабраилович

(Кусаев, Адиз Джабраилович тӀера хьажжина кхуза)

Куса́ев, Ӏади́з Джабраи́лович (1938 шеран 3 январь) — нохчийн поэт, йаздархо, журналист. СССРн журналистан бертан декъашхо (1970 шо), Российн журналистан бертан декъашхо (1995 шо), СССРн йаздархойн бертан декъашхо (1990 шо), Российн йаздархойн бертан декъашхо (1990 шо), Нохч-ГӀалгӀай АССР культурин Сийлахь белхало (1990 шо). 2003 шарахь РФ культурин министерствос цунна йелла Знак отличия «За достижения в культуре».

Кусаев Ӏадиз Джабраилович
ГӀуллакхан тайпа поэт, журналист, переводчик, новеллист
Вина терахь 1938 шеран 3 январь({{padleft:1938|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:3|2|0}}) (86 шо)
Вина меттиг Шоьнахь, Нажи-Йуьртан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀай АССР
Кхелхина терахь 2022 шеран 18 март({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})[1] (84 шо)
Корматалла йаздархо, поэт, журналист, гочдархо
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Да Джабраил

Ӏадиз Кусаев вина 1938 шеран 3 январехь Нохч-ГӀалгӀай АССРн Нажи-Йуьртан кӀоштан Шоьна юртехь. Цьуна да вара юртан школан директор. Нохчий цӀера бехначу хенахь цуьна жима ши ваша мацалах велира. Дас-нанас кхи дан хӀума а ца хилла иза детдоме дӀавелира.

ЦӀа вирзинчул тӀехь цӀен дипломца чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин статистикин техникум. Цул тӀехьа чекхйаьккхира тӀеман авиацин а, техникин а училище Тамбовн областехь Кирсанов гӀалахь. Дешна ваьлча болх бира Соьлжа-ГӀалин аэропортехь кеманаш то а деш, лела а деш.

1969 шарахь Кусаевс чекхйаьккхира Ростовн пачхьалкхан университетан филологин факультетан журналистикан отделени. Университет чекхйаьккхили 1966 шарахь иза Нохч-ГӀалгӀайн Телевиденин а, Радион а Пачхьалкхан комитетан коьрта редактор балха дӀаийцир.

19711972 шерашкахь иза вара Ленинан некъ газетан культурин а, дахаран а декъан куьйгалхо. 1972 шо дуьйна иза говзала лакхайоккху курсашка оьхуш вара Телевиденин белхалойн говзалла лакхайокху Еригсоюзан институте, Останкинан а, Шаболовкан а телецентрашкахь болх бира.

1972 шарахь иза Госкомитете йуха а балха хьавеара исбаьхьаллин программашан редакцин коьрта редактор. 1994 шо кхаччалц иза вара Телевиденин комитетан коьрта редактор а, Председателин когаметтаниг а. 1995 шарахь иза хилира «Вайнах» Пачхьалкхан телерадиокомпанин Председателин когаметтаниг. Цигахь цо болх бира 1997 шарахь пенси ваххалц.

Амма иза цӀахь ца Ӏавелира. Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан журналистикан кафедран коьрта хьехархо балха вахара иза. ХӀинца иза оцу кафедран доцент ву. 2000 шарахь цо Нохчийн Республикин Халкъан музейн уггара керла историн декъан куьйгалхо болх бира. Цул тӀехьа иза хилира оцу музейн Ӏилманан а, серладаккхаран а белхан а, йукъараллин белхан а Генеральный директоран когаметтаниг хилира.

Литературин болх

бӀаьра нисйан

Ӏадиз Кусаевс йазйо нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь. Цуьна литературин болх болабелира 1958 шарахь. Цу хенахь «Комсомольское племя» газетехь арайелира цуьна хьалхара байт «В большую жизнь» оьрсийн маттахь, «ДоттагӀалла» альманахехь арайелира «11 августан урам» цӀе йолу байт нохчийн маттахь.

Цо йазйина прозин а, поэзин а 20 сов книг нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь, республикин культурин дахарех лаьцна шортта газетан а, журналан статьяш, радио- а, телеочеркаш а.

Цуьна байташ зорбан тӀе тоьхна «Литературин газетехь», «Литературин Россиехь», журналашкахь «Дружба народов», «Юность», «Дон», коллективан гуламашкахь «Звезды в ладонях» (1965), «Зовут нас горизонты» (1966), «Встреча в пути» (1978), «Строки, опаленные войной» (1997), «Антология чечено-ингушской поэзии» (1981), «Антология чеченской поэзии» (2003).

Цуьнан бӀе сов байтах гӀарйалла эшараш хилира.

19942009 шерашкахь Нохчичоьхь хиллачунах лаьцна Кусаевс йазйира йаккхи байтан циклаш («Стихи о войне», «Реквиемы и плачи»). ТӀаьххьара хенахь цо йазйина нохчийн маттахь пхеа сонетан гулам («Иэс», «Нохчийн лаьмнаш», «Нохчийн латта», «Нохчийн къам», «Къа», «Безам»).

Библиографи

бӀаьра нисйан
Нохчийн маттахь
  • Байтан гулам «Амал» (1968);
  • Байтан гулам «Некъаш» (1972);
  • Байтан гулам «Цхьаалла» (1982);
  • Байтан гулам «Ламанан Леча» (1985);
  • Байтан гулам «БӀаьстенан мохк» (1987);
  • Байтан гулам «Амал» (2008);
  • Байтан гулам «Кхоллам» (2011).
Оьрсийн маттахь
  • «Необходимость» (1975);
  • «Мой путь» (2010).

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  1. https://chechnyatoday.com/news/354011