Лабаза́нов Русла́н Хами́дович; 1967, Кхазакхийн ССР — 1996 шеран 31 май, Девкар-Эвла) — нохчийн политикин а, тӀеман а гӀуллакххо, юхьанца Дудаев Джохаран накъост, 1994 шеран мартехь дуьйна — дуьхьала бевллачарех. «Нийсо» партин корта, цуьнан векаллица, юкавагӀара Нохчийн Республикин хенан советан.

Лабазанов Руслан
Лабазанов Руслан
 — март 1995
Правительствон корта Автурханов Ӏумар Джунитович
Когаметтаниг дарж дӀадаьккхина
 — март 1994
Президент Дудаев Джохар Мусаевич
Когаметтаниг дарж дӀадаьккхина
Дин ислам
Вина терахь 1967({{padleft:1967|4|0}})
Вина меттиг Кхазакхийн ССР, ССРС
Кхелхина терахь 1996 шеран 31 май({{padleft:1996|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:31|2|0}})
Кхелхина меттиг Девкар-Эвла, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Ичкери
ДӀавоьллина Девкар-Эвла, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохчийчоь, Росси
Да Лабазанов Хьамид
Парти Нийсо
Дешар Краснодаран физоьздангаллин институт
Корматалла тренер кёкусинкай
Динлелор ислам[1]
ТӀеман гӀуллакх
ГӀуллакхан шераш ССРС 19851987
Нохчийн Республика Ичкери 19911994
Нохчийчоь 19941996
Пачхьалкх  ССРС
 НРИ
 Нохчийчоь
ЦӀе Нохчийн Республика Ичкери капитан
Нохчийчоь полковник
Латар Хенан советан ницкъашца Соьлжа-ГӀалин штурм
Нохчийчуьра хьалхара тӀом

Дешна йолу говзалла охьатохар латаран тренер йара, 1990 шо кхаччалц вехира Краснодарехь, хьоьхура кёкусинкай, малхбален латаршан меттигерчу ассоциацин президент вара. 1990-гӀа шераш долалуш рэкет лелош вара, лецира, этапе вохийтуш кхечира Соьлжа-ГӀалин СИЗО, Нохчийчохь Нохчийн къоман шадолу халкъан Конгрессан ницкъашца Ӏедал дӀалоцуш бунт гӀаттийра, иза бахьнехь аравелира маршоне. Нохчийчохь къаьсттина хала хьал хӀоттийначу хенахь гергарло тасаделира Дудаевца, цуьнан хойн хьаькам а, цуьнан хьехамча хилира.

1994 шеран мартехь президентаца хиллачу дар-дацарца, герзаш тухуш меттигаш а нислуш, дуьхьал бевллачарна йукъавахара. Кхоьллира ах тӀеман а йолуш йолу политикин парти, тӀехьуо дӀакхийтира Автурхановх. Нохчийчуьра хьалхара тӀом боьдучу хенахь федералан ницкъашца болх беш вара. 1996 шеран 31 майхь вийна Девкар-Эвлаахь.

Лабазанов Руслан вина Кхазакхийн ССР 1967 шарахь[2][3][4]. Нохч-КIелой тайпанара ву[5].

№ 10 йолу училище чекхйаьккхина, спортан говзанчийн кандидат вара боксехь. Ишкол чекхйаьккхича гӀуллакхехь вара Белоруссин тIеман гуонаннехь, Бобруйскехь[3], спортротехь. Эскарера ваьлча дӀахӀоьттира Краснодаран физоьздангаллин институтан спортан медицинан факультете[3][2]. Институт чекхйаьккхича кёкусинкай инструктор болх бира Краснодарехь[4]. Малхбален латарехь йолчу кубанан ассоциацин президентан даржехь лаьттира[3]. Оцу хенахь гӀера а кхоьллина рэкет лелийра[6].

1990 шарахь Лабазанов лецира Дон тӀиера Ростовхь стаг веран шеко йолуш[2][4], циггахь кхел йира 10 шо чохь даккха хууш стаг вер бахьнехь[1], кхечу версица — талораш дарна[3]. 1991 шо долалуш НГIАССРе цуьнан гергарнаш бехачу чохь валла дехьаваккха буьйлабелира, иштта иза кхечира Соьлжа-ГӀалин СИЗО[1].

1991 шеран октябрехь бунт гӀаттийра талламан набахтехь, иза бахьнехь чубоьхкинарш арабевлира. Бунт гӀаьттанчу набахтера, герз тоха новкъарло йеш болу зударий а, кхиана бовланза кхелйина бераш а арадахархьама бахийтина болу барт баран тобан декъашхой, Ю. М. Лучинскийс а, А. С. Куликовс а цуьнан сурт хӀоттийра, спортсмен, дика тӀейоьхна бедар, акцент йоцуш оьрсех къамел деш, бунтхошна йукъахь боккха лерам болуш, цуо ша сецабора къуй парламентерашна хӀума ца дойтуш[1][7]. Цул тӀехьа бут баьлчи, 8 ноябрехь, Ельцин Борис Нохчийчохь къаьсттина хала хьал хӀотто хьаьжира, Лабазановс кхоьллира чубоьхкина хиллачу Дудаевн агӀончех герзаца йолу тоба[3]. Дудаевс лакхара мах хадийра хадам боллуш а, шена тӀехьа нах хӀитто а хууш волчу авторитетан, иза бахьнехь цуьнан тоба шен хе хӀоттийра[8][9][10]. Лабазанов ша НРИ президентан этносийн гӀуллакхийн хьехамча хӀоттийра[11][3], цунна йелира эпсаран чин гвардин капитан[3].

Цхьаболчу хаамашца, 1992—1993 шерашкахь къайлаха Кавказехь герз духкуш вара. ГӀаравелира нохчийн Робин Гуд санна, бехаш болчаьргар схьа а доккхуш, мискачарна дӀа а луш[3][7][12][13][14]. Оцу хенахь Лабазановн тоба хилира Ичкерехь уггар дика Ӏамийначарех а, низам долчарех а цхьаъ[11]. Лабазановн куьйгакӀела болчара лерам бора цуьнан, иза морса вара, амма нийса баьчча вара[12], масала, муьйлучу салтийчун веран кхелйора[11], Руслана ша малар а, узург а ша лелош вацара[12]. Лабазановн тобанехь «Рэмбо» харц цӀе йара[3].

Оппозицехь

бӀаьра нисйан

1994 шеран мартехь Дудаевца дар-дацар хилира, герзаш а тухуш[6], жамӀ — Лабазанов Соьлжа-ГӀалин Коьрта дарбан цӀа чу кхечира дӀандаргин чевнашца[3]. Цигара араваьлча Дудаевн Ӏедал емал деш вистхилира, дуьхьалболчарех дӀа а кхийтира[15]. Лабазановс бехке вора Дудаев Ичкерехь талорхойн гуонийн лаамаш кхочушбо бохуш[6]. 23 мартехь РФ пачхьалкхан думо схьахьедарехь Ичкерера политикин хьолан декъашхойх уггар ладамечех цхьаъ хилира иза[15]. В мае 1994 года[4], цуо кхайкхийра «Нийсо» парти кхоллар[3]. «Нийсо» арайелира Дудаевн раж йемалйеш[4]. «Нийсо» партин корта хилла Лабазановс хӀоттийра ша Дудаевн дуьхьал. Соьлжа-ГӀалин 4-гӀачу микрокӀоштехь дуккха а гӀаьтнаш йолу нах беха цӀа дӀалаьцна, Лабазановс кхоьллира оцу чохь шен штаб, цӀенох гӀап йира, бетонийн пилтанашца а, герз тохаран Ӏуьргашца а чӀагӀвелира[16].

2 июнехь Лабазановшен агӀончашца герзаца тӀелетира Радион цӀенна[6][17]. 12 июнехь Дудаев Ӏедална дуьхьал болчара митинг хӀоттийра Соьлжа-ГӀалин йуккъехь Шейх Мансуран цӀарахчу майданахь, пачхьалкхан президентега а, вице-президентега а сихха болх охьабилла бохура цара[3]. Митинг йоьдуш а йолуш Лабазановн тобанера масех стага НРИ ЧГӀМ гӀишлон хьалха герз дӀасадиттира меттигерачу полицин белхалошца[18]. ШолгӀачу дийнахь, 13 июнехь, Дудаев Джохара Лабазановн штаб-квартира схьайаккха эскар дахийтира[3]. «Нийсо» партин Соьлжа-ГӀалара база йохош, тӀом 12 сохьтехь лаьттира[16], цӀа чӀогӀа дохийра, кхелхира бахархой а, шинне агӀора тӀомбеш берш а. Лабазановн шича а, уллора доттагӀ а оцу тӀамехь йийсар а бина кортош бохуш байира[11], ткъа церан кортош, кхин цхьаьна тӀемлочун коьртаца массарна а гайта дӀахӀиттийра[6] Минутка майданехь[16]. Операцехь коьрта роль йара Басаев Шамилан куьйгаллехь йолу «Абхазийн батальон»[19][20][21]. 13 июнехь хиллачунна Лабазановс чӀира кхайкхийра президентан Дудаевн[11][6][10].

Оцу шеран августехь Лабазановс зӀе хӀоттийра Дудаевн рожан дуьхьал йолчу коьртачу тобанашца, дуьхьал болчеран тӀеман куьйгаллан йукъа вахара, Дудаевн дуьхьала гӀаттамхойн цхьана тобана куьйгалле а хӀоьттира[7]. Устар-ГӀордойхь база кхоьллира, Устар-ГIордой[22], кхин лулара кӀоштийн доладархьама[10]. ЧӀагӀвелла, Лабазанов волавелира Дудаевн Ӏедал, ша президент декъахь а волуш 1992—1993 шерашкахь маьхкдаьтта дохкар нахала даккха. Цуьнан хаамашца, маьхкдаьттасурсаташна схьатесна ахча тӀепаза дара. Болабелла талламаш дукха чехка совцура талламхо вала а лей. Ша дуьцучух тешийта цуо Ичкерин Президентан куьг долуш кехаташ гойтура[16]. Маьхкдаьттасурсаташна къоладарна бехке вира оцу хенара НРИ маьхкдаьттан промышленностан министр Албаков Адам, иза бахьнехь Лабазановн цуьнца доккха мостагӀалла дара. Цхьацца хаамашца, оцу къийсамехь вийра АлбаковгӀеран цхьа ваша[11].

1994 шеран 5 сентябрехь Лабазановн тоба Устар-ГӀордойхь хӀаллакйира дудаевгӀара[23][24][25] Гелаев Русланан куьйгаллица[26][27]. Тешаллаш ду, Лабазановн тобанаш Соьлжа-ГӀалахь а, Устар-ГӀордойхь а хӀаллакйинчех дукхаха берш «Абхазийн батальон» йукъара хиларан, хаийтира операцин декъахь Басаев Шамиль хилар[19][21]. Оцу тӀамехь Дудаевн кхолламаш дуьххьара лелийра авиаци а, йеза бронетехника а. Лабазановн тоба тӀамца дехьайелира ДегIастане, 20 стаг гергга вен а вуьйш[6], цул тӀехьа дӀакхийтира Хасбулатов Русланан Машаркхолларан тобанах Девкар-Эвлахь[3][28].

Октябрехь-ноябрехь Лабазановс дакъалецира тӀемашкахь Нохчийчоьнан Хенан советан агӀора. Цуьнан куьйгаллера тоба 15 октябрехь Соьлжа-ГӀалин чуйахара микрокӀоште чубаьхкира уьш. Цул тӀехьа, Дудаевн ницкъаш дуьхьала лата болабелира, Лабазановн тобана гуо бира (Автурхановн тоба цӀеххьана йухайелира[29], хетарехь, Москвохан омарца[30]), цул тӀехьа Лабазанов ца тешара шен хьалхалерачу накъостех[12]. 1994 шеран 26 ноябрехь Соьлжа-ГӀалин коьрта тӀелатар долуш Лабазановн тоба Минутка майданхула гӀалин чуйан йезаш йара, цигара тӀейан йезара президента гӀалина[31]. Тоба тӀехьайисина арайелира[32], йаккхий тоьпашна кӀела нисйелира. ТӀаьххьара ши танк «гӀалин» тӀекхочуш йохийначул тӀехьа, Лабазановн йухадовларан омар дала дийзира[33]. Оцу хенахь цуо лелон йолийра полковникан къасторан хьаьркаш, хууш дац, и чин цунна хьан йеллера[7]. Прессехь лелара хабарш, ФКХГI полковникан чин цунна йелла Степашин Сергейс[12] йа кхечу российн эскаран чинаш[4][10].

Нохчийчуьра хьалхара тӀом

бӀаьра нисйан

Нохчийчуьра хьалхара тӀом боьдуш Лабазанов мосийттаза йукъалийлира российн эскаршна а, Дудаевн кхолламашна а[12]. 1995 шеран мартехь Лабазанов цхьанакхийтира Оьрз-ГIалахь инарлица Куликовца, и шиъ вевзаш вара СИЗОра бунтера дуьйна. ТӀеххьарчун дехарца, российн эскар Устар-ГӀордойн тӀелатале Лабазановс Дудаевн агӀора нохчашна йукъахь бира пропагандин болх[7]. Шен балхехь иза гӀертара йукъаозо къаной а, динан куьйгалхой а, амма, цуо дийцарехь, барт бечу хенахь цара цхьан дакъа а ца лацара, кхечеран омраш кхочуш а дора[34]. Дудаевн цхьана кхолламера герз схьадоккхуш российн эскарша оьшучу хенахь эвакуаци йира[7] Лабазановн кхаа зудчух цхьанна[35], доьзалхочух йолчунна[7].

1995 шеран аьхка Лабазанов политикин гена велира[11]. Валале масех де хьалха иза вен гӀиртира, аьтту ца белира. 1996 шеран 31 майхь иза карийра герз тоьхна Девкар-Эвлахь[28][36]. Вер бахьнех а, вийначарех а шортта эладиташ дара[10]. Цхьаъ царех, нохчийн сепаратисташлахь а, российн оппозицийн гуонашкахь а лелаш дерг, иза вийнера шен хуочо[25] йа шен агӀончашха цхьамма[8].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 Лучинский Ю. М. Лобзик. Или память о полевом командире (2004). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 24 июнь. Архивйина 2013 шеран 20 июлехь
  2. 1 2 3 Музаев, 1995, с. 75.
  3. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 Михайлов, 2000, с. 29.
  4. 1 2 3 4 5 6 Черкасов, 1998.
  5. Головлёв, 2007, с. 279.
  6. 1 2 3 4 5 6 7 Прокопенко, 2015.
  7. 1 2 3 4 5 6 7 Куликов, 2002, Мятежная территория.
  8. 1 2 Михайлов, 2000, с. 28.
  9. Сухов, 2001, с. 52.
  10. 1 2 3 4 5 Askerov, 2015, Labazanov, Ruslan, p. 147.
  11. 1 2 3 4 5 6 7 Зелев, 2012.
  12. 1 2 3 4 5 6 Кольев, 1997.
  13. Головлёв, 2007, с. 150.
  14. Tishkov, 1997, p. 207.
  15. 1 2 Зенькович, 2010, с. 568.
  16. 1 2 3 4 О Руслане Лабазанове с момента 1 мин 0 с YouTube чохь, йолало тӀера 60-й сек
  17. Гродненский, 2004, с. 105.
  18. Головлёв, 2007, с. 149.
  19. 1 2 Музаев Т. Выпуски политического мониторинга: Чеченская Республика. www.igpi.ru (1998 шеран январь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 11 сентябрь. Архивйина 2013 шеран 30 августехь
  20. Михайлов, 2000, с. 70.
  21. 1 2 Гродненский, 2004, с. 544.
  22. Сухов, 2001, с. 21.
  23. Гродненский, 2004, с. 106.
  24. Черкасов, 1998, с. 255.
  25. 1 2 Eldin, 2011, Notes.
  26. Михайлов, 2000, с. 78.
  27. Askerov, 2015, Gelayev, Ruslan, p. 107.
  28. 1 2 Сухов, 2001, с. 53.
  29. Черкасов, 1998, с. 31.
  30. Чеченская оппозиция YouTube чохь
  31. Гродненский, 2004, с. 111.
  32. Михайлов, 2000, с. 30.
  33. Гродненский, 2004, с. 111.
  34. Tishkov, 1997, pp. 108—109.
  35. Tishkov, 1997, p. 108.
  36. Михайлов, 2000, с. 96.

Литература

бӀаьра нисйан

Оьрсийн маттахь

бӀаьра нисйан

Кхечу пачхьалкхийн меттанашкахь

бӀаьра нисйан