Лиза Дешон Лесли-Локвуд (инг. Lisa Deshaun Leslie-Lockwood; йина 1972 шеран 7 июлехь Гардинехь, Калифорни штатехь, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, шийтта шарахь левзина зударийн КъБА «Лос-Анджелес Спаркс» командехь, шозза хилла ДКъБА чемпион, кхузза — ДКъБА уггаре мехала ловзархо. АЦШ къоман гулйина командин йукъахь доьазза хилла олимпийн чемпион, шозза дуьненан чемпион. Зударийн КъБА ловзарехь дуьххьара слэм-данк дира.

Лесли Лиза
инг. Lisa Deshaun Leslie-Lockwood
Лесли Лиза 2010 шарахь
Лесли Лиза 2010 шарахь
Карьера чекхйаьккхина
Позици Центровой
Локхалла 196 см
Йозалла 77 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1972 шеран 7 июль({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (51 шо)
Йина меттиг Гардина, Калифорни, АЦШ
Ишкол Морнингсайд (Инглвуд, Калифорни)
Колледж USC (1990—1994)
Драфт ДКъБА коьрта драфт хила кхо бутт болуш 7-гӀа, 1997, «Лос-Анджелес Спаркс»
клубе хьажийна

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Атланта 1996 баскетбол
Деши Сидней 2000 баскетбол
Деши Афина 2004 баскетбол
Деши Пекин 2008 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Австрали 1994
Деши Германи 1998
Деши Цийчоь 2002
Америкин чемпионаташ
Деши Бразили 1993
2015 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Биографи нисйе бӀаьра

Бералла нисйе бӀаьра

Лесли Лиза йина Гардинехь, Калифорништатехь[1], ахпрофессионалан баскетболхочун Лесли Уолтеран а, цуьнан зудчун Лесли-Эспиносан а доьзалехь. Лизин диъ шо долуш да дӀавахара доьзалера[2]. Кристина, кхаа йоьӀца йисина, мохь лелон машен а эцна гена лела шофер хилира. Шен болх бахьнехь иза кӀиранашкахь цӀахь ца хуьлура, оцу хенахь берашка хьожура ненайиша Джуди. Лизин итт шо кхаьчча, цӀийнан гӀуллакхийн дукхаха долу декхарш цуьнан букъ тӀехь дара. Доьзал бехара Комптонехь, цул тӀаьхьа кхелхира Карсоне[3].

Бераллехь Леслин чӀогӀа ойла латтара телевизионера хенан-хӀоттаман прогноз лелочун карьерин тӀехь. Иза шен нана а, йижарий а санна лекха йара, йолайелира баскетболех ловза, йуьхьанца башха дог догӀуш йоцуш. Лахара йуккъера ишколехь доьшуш йолуш, 182 см лекха йолу, Лиза, ловза йолайелира ишколан командехь. Цуо дӀалецира центровойн меттиг, чӀогӀа аьттонца ловза йолайелира, эффектаца очкош гулйеш, хӀоз бухара буьрканаш схьалехьош, уьш дӀа а луш. Дукха хан йалале баскетбол цуьнан шовкъ хилира. Леслин хьомен ловзархо вара «Лос-Анджелес Лейкерсера» форвард-универсал Уорти Джеймс. Цуьнан ловзаран терго йеш, Лиза кхийтира, еккъа локхалла тоьуш цахилар, тӀаккха йолайелира шен шичин гӀоьнца буьрка кхоссаран а, когашца болх баран а агӀо тоян. Гаьзло йолу Леслис тӀетаьӀӀина аьтту куьйган тренировкаш йора, хӀора денна упражненеш йора доьналла ойуш[3].

Лакхара ишколе дехьайалале, Лесли тидаме ийцира дукхаха йолчу колледжийн селекционераша, царна йукъахь йара Теннессин университет а, Стэнфордан университет а. 1986 шарахь Лесли дехьайелира Инглвудера Морнингсайдан лакхара ишколе, оцу хенахь дуьйна ишколан баскетболан командин седа хилира, цуьнца цхьаьна кхуьура волейболан а, йайн атлетикин командашна йукъахь къийсамашка эха. АЦШ ишколан тӀегӀанехь Лесли уггаре дикачех баскетболхойх йара, 1989 шарахь шен командица штатан чемпионатехь туьйлира, кхин тӀе кхайкхира АЦШ кегийрхойн гулйина команде. ТӀаьхьарчу шарахь ишколан чемпионатехь Лизас кхуссура йуккъера барам 27 очко, 15 буьрка хьалха схьаоьцура, ткъа шен ишколан коммандера тӀаьххьарчу матчехь садаӀа а бахале кхоьссира 101 очко, цул тӀаьхьа дуьхьала йолу команда ловзаран шолгӀачу декъе ара ца йелира.

1990 шарахь Лесли хӀоьттира, студентийн баскетболехь уггаре ондачех зударийн команда йолчу, Къилба Калифорнин университете. Университетехь Лизас йаьккхира бакалавран тӀегӀа коммуникацийн говзаллехь, ткъа тӀаьхьуо магистран тӀегӀа йаьккхира Финиксан университетехь гӀуллакхан администрировани говзаллехь. Колледжера деа шарахь Лесли лезира 120 матчехь, цигахь гулйора йуккъера барам 20 очко. Иза йолуш университетан команда туьйлира 89 ловзарехь, 31 ийшира, хилира конференцин чемпион, доьазза дакъа лецира NCAA турнирехь. 1991 шарахь Лиза къобал йира студентийн чемпионатан уггаре дика керла ловзархо аьлла, ткъа 1994 шарахь делира студенташна йукъара шеран уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀат, кхузза, 1992—1994 шерашкахь, иза йукъайахийтира студентийн чемпионатан сийлаллин гулйина командин. 1991 шарахь Лесли левзира америкин гулйина командин йукъахь ингалсан Шеффилд гӀалара Универсиадехь, командина гӀодира чемпион хила.

Профессионалан карьера нисйе бӀаьра

1997 шарахь Лесли хилира, керла кхоьллина профессионалан зударийн КъБА, «Лос-Анджелес Спаркс» командин ловзархо. тӀаьхьий-хьалхий пхеа шарахь «Спаркс» левзира плей-оффехь, 2001 шарахь дуьххьара хилира чемпионаш, ткъа 2002 шарахь и кхиам кхин а баьккхира. ДКъБА 12 шарахь Лесли Лизас гулйира тайп-тайпана совгӀатийн йоккха коллекци: кхузза лерира уггаре мехала ловзархо, шозза — финалан уггаре мехала ловзархо а, уггаре мехала дуьхьалонан ловзархо а, 10-зза йукъайахийтира сийлаллин гулйина командин лигин хьалхарчу итт шеран командин. 2002 шеран 12 июлехь цуо зударийн КъБА исторехь дира дуьххьарлера слэм-данк. 2009 шо чекхдаьлча Леслис чекхйаьккхира карьеру, оцу хенахь цуьнан лигехь уггаре лакхара гайтамаш бара гулйинчу очкошца (6263) а, буьрка схьаэцарца (3307) а.

АЦШ гулйина команда нисйе бӀаьра

АЦШ зударийн гулйина командин йукъахь Леслис йаьккхира йиъ олимпийн дешин мидал, оцу гайтамца иза хилира Эдвардс Терезин тӀаьхьа зударийн баскетболехь. 1996 шеран ахфиналан матчехь Японин дуьхьала, Леслис гулйира 35 очко, цуьнца цхьаьна гулйина командин рекорд хӀоттийра. Кхин а Лесли дуьненан чемпион хилира 1998 а, 2002 а шерашкахь.

Шен дахар нисйе бӀаьра

2006 шарахь Лесли Лиза мааре йахара Локвуд Майкле. 2007 шеран 15 июнехь цуо йоӀ йира, Локвуд Лорен Джоли. 2010 шеран 6 апрелехь вира кӀант, Локвуд Майкл Джозеф II. Леслин контракт ду нью-йоркан моделан Wilhelmina Models агенталлица, дакъа лецира Vogue а, Newsweek а, ткъа кхин а дуккха а спортан арахецараллин журналийн фотосессешкахь.

СовгӀаташ а, кхиамаш а нисйе бӀаьра

Колледжехь
  • Pac-10 конференцин чемпион: 1994
  • Цхьан дуьхьала воцуш лерина студентийн чемпионатан уггаре дика ловзархо: 1994
  • Студентийн чемпионатан керла ловзархо: 1991
  • Pac-10 конференцин керла ловзархо: 1991
  • Йукъатоьхна студентийн чемпионатан сийлаллин гулйина командин (3): 1992, 1993, 1994
  • Йукъатоьхна Pac-10 конференцин гулйина хьалхара командин (4): 1991, 1992, 1993, 1994
Зударийн КъБА
АЦШ гулйина командехь
  • Олимпийн чемпион (4): 1996, 2000, 2004, 2008
  • Дуьненан чемпион (2): 1998, 2002
  • Дикчу лаамийн ловзарийн чемпион: 1994
  • Джонс Уильяман кад баьккхинарг: 1992
  • Аьхкенан Универсиадин чемпион: 1991
  • Дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1994
  • Дуьненан чемпионатан уггаре мехала ловзархо: 2002
  • АЦШ баскетболан федерацин версица шеран спортхо: 1993, 1998, 2002

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. USA Basketball Athletes - Lisa Leslie (инг.). USA Basketball. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 9 январь. Архивйина 2009 шеран 28 ноябрехь
  2. Porter, 2005, с. 279.
  3. 1 2 JockBio: Lisa Leslie Biography (инг.). Black Book Partners. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 9 январь. Архивйина 2012 шеран 8 сентябрехь

Литература нисйе бӀаьра

  • Lisa Leslie, Larry Burnett. Don't Let The Lipstick Fool You. — Dafina, 2009. — 320 с. — ISBN 978-0758227362.
  • David L. Porter. Basketball: A Biographical Dictionary. — Greenwood, 2005. — 616 с. — ISBN 978-0313309526.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра