Коьрта меню схьаелла

Вахи́т Гара́евич Магома́дов (1967 шеран 20 сентябрь, Шела, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — 67,5 а, 71 а кг кхаччалц йозаллин категорешкахь лаьтта волу нохчийн боксёр, СССР кегирхойн юкъахь чемпион, СССР Кубок яккхинарг (1986 шо), МВД белхалойн юкъахь дуьненан чемпион, СССР говзанчийн юкъахь чемпион, дукха халкъашна юккъера яхьаллонийн толамхо, СССР халкъашна юккъера классан спортан говзанча.

Вахит Гараевич Магомадов
Стен-боьршалла стаг
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Вина терахь 1967 шеран 20 сентябрь({{padleft:1967|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:20|2|0}}) (52 шо)
Вина меттиг Шела, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Тренераш
Йозалла 67,5 - 71 кг
Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Вахит Магомадов

БиографиНисъе

Винера 1967 шеран 20 сентябрехь Шелахь. 1978 шарахь иза волавелира паргӀат кепар латар Ӏамадан. Юртан йистера юккъе дӀаэха гена дара. Цундела генахь йоцуш боксан секци схьайиллича иза цига дӀаязвелира. Цуьнан хьалхара тренер вара Умар Эдильханов. Цуьнан куьйгалца иза 19801983 шерашкахь хилира кегирхойн юккехь Нохч-ГӀалгӀайн республикан чемпион, кегирхойн юккъехь Российн къилбан чемпион, кегирхойн юккъехь СССР чемпионатан финалист.

1984 шарахь иза веара «Динамо» спортан юкъаралле Владимир Алексеевич Моребис тренер волча. Цуьнан куьйгалца иза хилира «Динамо» спортан юкъараллин чемпион (1984 шо), РСФСР чемпион (1985 шо), СССР Кубок яккхинарг (1986 шо), къона спортсменашна юкъахь СССР чемпион (1987 шо), дукха халкъашна юкъараллин яхьаллонийн толамхо, МВД белхалойн юкъахь дуьненан чемпион (Пхеньян, КНДР, 1987 шо).

1987 шарахь Владимир Моребис веллачул тӀехь, иза волавелира Хамзат Джабраиловца болх бан. Уьш цхьана болабелира Сеулехь хила езаш йолу Олимпиадан кечбала. Амма цамгар бахьнехь цуьнан СССР чемпионатехь дакъа лацар ца нисделира.

Магомадов марзбеллачарца 130-за летира, царех 115-за туьлира. 57-за иза летира халкъашна юккъера яхьаллонашкахь, царех 50-за туьлира.

Цул тӀаьхьа иза профессионал хилира. 19901991 шерашкахь иза хилира профессионалашна юккъехь СССР чемпион. Профессионал волуш иза Россиехь 11 летира, шен массо а къийсархо эша а бира.

1991 шарахь иза АЦШ дӀавахара. Цигахь иза 6-за летира, царех 5-за туьлира, 2-за — нокаутца.

1992 шарахь цуьнца чӀагӀам бинера пхеа шеран. Амма иза цӀавирзича Нохчичоьхь керла Ӏедал а хӀоттина, нохчашна доза дӀакъевлира.

Вахитан бокс йита дизира. Иза тренеран болх бан волавелира. Цо кхиина 15 сов Российн спортан говзанча.

ДоьзаллаНисъе

Цуьнан кхо бер ду.

ХьажоргашНисъе