Саммитан декъашхой

Саммитан декъашхой:

 Австрали
Премьер-министр Скотт Моррисон
 Бруней
Султан Хьассанал Болкиах
 Камбоджа
Премьер-министр Хун Сен
 Цийчоь
Премьер Ли Кэцян
 ХӀинди
Премьер-министр Нарендра Моди
 ХӀиндонези
Президент Джоко Видодо
 Япон
Премьер-министр Ёсихидэ Суга
 Лаос
Премьер-министр Тхонглун Сисулит
 Малайзи
Премьер-министр Мухьиддин Яссин
 Мьянма
Президент Мьин Шве
 Керла Зеланди
Премьер-министр Джасинда Ардерн
 Филиппинаш
Президент Родриго Дутерте
 Росси
Президент Владимир Путин
 Сингапур
Премьер-министр Ли Сяньлун
 Къилба Корей
Президент Мун Чжэ Ин
 Таиланд
Премьер-министр Прают Чан-Оча
 АЦШ
Президент Джо Байден
 Вьетнам
Премьер-министр Нгуен Суан Фук

Малхбален Азин саммит (инг. East Asia Summit) — хӀора шарахь лакхахь цхьаьнакхетар, Малхбален а, Къилба-Малхбален а Азин 16 пачхьалкхан куьйгалхойн форум. 2011 шарахь декъалалла шордира 18 мехке кхаччалц, форуме кхайкха болийра АЦШ а, Российн а мехкийн куьйгалхой. Лакхенашкара хьалхара цхьаьнакхетар хилира 2005 шеран 14 декабрехь Куала-Лумпурехь, (Малайзи).

МАС Азин-Тийнаокеанан регионан лидерийн йукъара оьшуш йолу политикин а, экономикин а белхан шуьйрачу гуонан къамелийн коьрта майда йу. Оцу форматера цхьаьнакхетарш хуьлу хӀора шарахь КъМАПА лакхарчу тӀегӀанара белхашца дихкина.

Шайн секкретариат форуман йац, цуьнан функцеш кхочушйо Джакартехь (ХӀиндонези) йолчу КъМАПАн секретариато. Берриг сацамаш саммиташкахь тӀеоьцу консенсусца.

МАС 18 махкахь дуьненан бахархойх 50 % бахархой бу, 55 % гергга цхьаьнатоьхна ДЧС.

МАСан гӀуллакх

бӀаьра нисйан

МАСан белхан профилан агӀонашна йукъадогӀу финансийн, энергетикин, гуонахьара хьал лардаран, сихха реагировани йаран, могушаллаӀалашйаран, дешаран, регионан цхьаьна уьйр хиларан сферашкахь цхьаьнагӀуллакдар.

ХӀора шарахь дӀахьо МАС мехкийн министрийн а, лакхарчу даржерачеран а профилан агӀора цхьаьна болх барехь.

Энергетикехь цхьаьнагӀуллакхдар

бӀаьра нисйан

МАСан гуранчохь энергетикехь цхьаьнагӀуллакхдаран коьрта хьесапийн формула йу Малхбален Азин Энергокхерамзаллин декларацехь, иза тӀеэцна 2-гӀачу саммитехь ВАС (2007 ш.).

Документехь эффектаца а, экологиллица а дагорг лелоран а, энергин ламаста хьостех дазар лагӀдар а, углеродан шимусталла аракхийсар лагӀдаран а, гидроэнергетикин, гражданийн атоман энергин чоьтах айар энергоэффекталла а, энергоресурсаш кхиорехь пачхьалкхан йоцу инвестицеш шорйаран, йиллина, конкуренци йан лур йолу йерриг тӀегӀанашкара экономикин аьргалла латтор йолу регионан а, дуьненайукъара а базараш кхоллар а Ӏалашонаш хӀиттийна.

Климат, энергетика, гуонахьара хьал хийцайаларан декларац, тӀеэцна МАСан 3-гӀачу саммитехь (2007 ш.), билгалдина ду арахецараллин энергочухоам а, энерги йайар а лагӀдаран Ӏалашо йолу белхаш дӀабахьар, экономикин коьрта секторшкахь энергоэффекталла шорйаран технологеш йаржор а, кхиор а.

Саммитийн исписка

бӀаьра нисйан
Терахь Меттиг ТӀеоьцуш волу лидер Билгалдаккхар
1-ра 2005 шеран 14 декабрь   Куала-Лумпур Ӏабдулла Ахьмад Бадави Росси кхайкхинера сийлахь хьешан статусехь.
2-гӀа 2007 шеран 15 январь   Себу Глория Арройо дӀатеттина йара 2006 шеран 13 декабрера
3-гӀа 2007 шеран 21 ноябрь   Сингапур Ли Сяньлун
4-гӀа 2009 шеран 25 октябрь   Хуахин Апхисит Ветчачива Саммит дехьайаьккхинера Бангкокера — коьртачу шахьрахь политикин чолхе хьал хиларна.[1]
5-гӀа 2010 шеран 30 октябрь   Ханой Нгуен Тан Зунг АЦШ пачхьалкхан секретарь а, Российн арахьара гӀуллакхийн министраш а дакъалецира саммитехь.
6-гӀа 2011 шеран 18-19 ноябрь   Бали Сусило Бамбанг Юдойоно АЦШ а, Росси а хилира саммитан йуьззина бакъонаш йолу декъахой.
7-гӀа 2012 шеран 19-20 ноябрь   Пномпень Хун Сен
8-гӀа 2013 шеран 9-10 октябрь   Бандар-Сери-Бегаван Хьассанал Болкиах
9-гӀа 2014 шеран 12-13 ноябрь   Нейпьидо Тейн Сейн
10-гӀа 2015 шеран 21-22 ноябрь   Куала-Лумпур Наджиб Тун Разакъ
11-гӀа 2016 шеран 6-8 сентябрь   Вьентьян Тхонглун Сисулит
12-гӀа 2017 шеран 13-14 ноябрь   Манила Родриго Дутерте
13-гӀа 2018 шеран 14-15 ноябрь   Сингапур Ли Сянлун Саммитехь дуьххьара дакъалаьцна Российн Президенто В.В.Путина
14-гӀа 2018 шеран 15 ноябрь   Бангкок Прают Чан-Оча Кхайкхийра ХӀиндин-Тийнаокеанан инициатива Архивйина 2021-12-11 — Wayback Machine дӀайолорах лаьцна.
15-гӀа 2020 шеран 14 ноябрь   Ханой Нгуен Суан Фук Пандеми COVID-19 бахьнехь саммит дӀайаьхьира онлайнехь.
16-гӀа 2021 шеран ноябрь   Бандар-Сери-Бегаван Хьассанал Болкиах

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. [1](ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан