Гуьйре
Гу́ьйре — шеран заманех еаннах цхьаъ, аьхкенан а, Ӏаьнан а йукъахь. Гуьре — дехьаваларан зама, оцу хенахь хаалуш де дацло, тӀаьхь-тӀаьхьа охьайолу гуонахьарчу хьолан температура.
Гуьйре тайп-тайпанчу оьздангаллашкахь
бӀаьра нисйанРоссехь тӀеэцна гуьйре йолалуш лара 1 сентябрехь, аьлчи а, гуьйренан зама сецца цхьаьна йогӀу рузманан гуьйренца. Къилбаседа Америкехь гуьйре сецца цхьаьна йогӀу астрономин гуьйренца[1].
XVIII бӀешо кхачале Москохан олаллехь гуьйре лаьттара 23 сентябрера Ӏийса пайхамар вина де кхаччалц — аьлчи а, 25 декабрь кхаччалц. ХӀора шеран заманахь лорура 91 де а, 7 минот, 30 секунда. Нохчийчохь хӀинца а лелайо астраномин шеран заманаш.
1348 шарахь Гулам хилла Москохахь, цигахь сацам бина шо мартехь а ца долош сентябрехь дуьйна доладан. XV бӀешарахь дуьйна керла шо долалора 1 сентябрехь, Керла шо даздарех хаамаш гучубовлу XV бӀешо чекхдолуш. «Парижан московитийн дошамо» (XVI бӀешо) Ӏалаш дина оьрсийн керлачу шеран Ӏидан цӀе: Шерера хьалхара де.
Иштта хьал ду дерриг дуьненахь а. Масала, Ирландехь, къоман метеорологин гӀуллакхца (Met Eireann), гуьйренан беттанаш бу сентябрь, октябрь, ноябрь[2], амма шира кельтийн ламастан тӀехь бух болу Ирландин рузмаанца, гуьйренан беттанаш лору август, сентябрь, октябрь.[3]
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Kanalley, Craig (2010-09-22). "First Day Of Fall 2010: Autumn Equinox Photos". The Huffington Post. Архивировано 2010 ш. 24 сентябрехь. ТӀекхачаран де: 2010 ш. 22 сентябрехь.
{{cite news}}
: Неизвестный параметр|deadurl=
игнорируется (|url-status=
предлагается) (справка) «Today, Sept. 22, 2010, is the first day of fall for North America» - ↑ http://www.met.ie/climate/monthly_summarys/autumn07.pdf Архивйина 2010-12-30 — Wayback Machine
- ↑ Autumn Hemisphere Seasons Temperate Southern Winter Trees . ТӀекхочу дата: 2009 шеран 25 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 11 октябрехь Архивйина 2008-10-11 — Wayback Machine
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Иван Забелин. «Домашний быт русских царей в XVI и XVII столетиях». Издательство «Транзиткнига». М.: 2005. С. 162. ISBN 5-9578-2773-8
- Описание осени в природе