Мадийнат

СаӀудийн Ӏаьрбийчуьра гӀала, исламан исторехь дуьххьарлера пачхье, бусалбанийн шолгӀа йеза меттиг
(Медина тӀера хьажжина кхуза)

Мадийнат (Ӏаьр. الْمَدِينَةُ الْمُنَوَّرَةُ‎‎ [Аль-Мадинату-ль-Мунавварат] — «Нурдогу Мадийнат») — иза исламан исторехь дуьххьарлера пачхье (столица) а, Макка дӀайаьллачул тӀаьхьа бусалбанийн шолгӀа йеза меттиг а йу. Историн Хьижазан лаьтта тӀехь йолчу СаӀудийн Ӏаьрбийчуьра малхбузехьара Мадинатан провинцин пачхье йу иза. Маккина къилбаседа-малхбалехьара агӀора 400 км генахь йу иза. ЦӀен хӀордана къилбаседехь 150 км гергга генахь йу иза. ХӀинцалерчу хенахь цуьнан бахархой — 1 152 991 адам ду (2017 шарахь лерича)[1]. Мадийнат схьайиллина хӀижрат далале 1500 шо хьалха.

ГӀала
Мадийнат
Ӏаьр. المدينة المنورة‎‎
Сурт
24°28′ къ. ш. 39°36′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  СаӀудийн Ӏаьрбийчоь
Истори а, географи а
Йиллина IX бӀешо в. э. хьалха
Майда 589 км²
Центран локхалла 608 м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 1 102 728 стаг (2010)
amana-md.gov.sa(Ӏаьр.)
Картин тӀехь
Мадийнат картан тӀехь
Мадийнат

Ислам дин гучудалале Мадийнат йевзаш йара «Ясриб» аьлла, и цӀе хьахийна йу Къуръан чохь: ﴾Царех цхьаболчара элира: «ХӀай, Ясрибан бахархой! Дуьхьаллатталур дац шу, йухадерза [шайн цIа]!». Ткъа царех цхьаболчара пурба дийхира пайхамаре [дӀабаха], ала а олуш: «Тхан хIусамаш ларйеш йац [йа Ӏуналла доцуш йисина йу]». [ТӀам тӀера] бовдар бен дац царна луург﴿ [Къуръан:33-13]. Бакъ хьадисехь деана ду Мухьаммад пайхамаро ﷺ Ясрибан цӀе «Мадийнат» аьлла, хийцинера аьлла. Цо цуьнан хьалхалера цӀе лело магийна а ца хилла, цо аьлла: «Мадийнатах “Ясриб” аьллачо Деле гечдар доьхийла». Мадийнат чубахка магийна дац бусалба боцучарна, Мухьаммад пайхамаро ﷺ аьлла-кх: «Везан Дела, ас хьарамдо-кх [даздо-кх] цуьнан [Мадийнатан] шина лавана йуккъехь дерг, ИбрахӀима Макка хьарамйаре терра, Везан Дела, беркатде Ахь цуьнан муддангахь а, саӀангахь а»[2].

622-чу шарахь ийман диллинчарах шеца 70 стаг а волуш, стундеца Абу Бакарца, девешица Хьамзатца а цхьаьна Ясрибе (Мадийнате) дӀакхелхина Мухьаммад пайхамар. Мадинату-н-Набави (Пайхамаран гӀала) аьлла цӀе йоккху цунах цул тӀаьхьа.

Мадинат гӀалина гена йоцуш йолчу Бадрехь 624-чу шарахь дуьххьара тасадалар хилла Маккин элийн эскаран а, бусалба нехан а. Кхузахь кӀезиг хилла бусалбанаш, амма уьш тоьлла. Бекхамна кечам беш 10 эзар дошло вовшахтоьхна маккахоша. Бусалбанаш 2 эзар стаг бен ца хилла, делахь а, Рум-лам тӀехь йолчу гӀоьпехь гӀазот а дихкина, дуьхьалбевлла уьш мостагӀчунна. Оцу тӀамехь бусалбанаш эшийна. Къаьсттина цавезаш хилла маккахошна майра а, доьналла долуш а волу Хьамзат. ТӀехьашха тоьхна охьа а виллина, гобина пхьарс боккхуш, ност йоккхуш, корта боккхуш, къиза вийна цара иза. Чов хилла Мухьаммад пайхамарна а. Бусалба нахана тӀехь толам баьккхинехь а, шаьш а дукха хӀаллакьхилла маккахой.

Цундела Мадинат ца яккхалуш бухабевлла уьш. ТӀом дӀабаьлча, байина асхьабаш дӀабухкуш, Хьамзатан дакъа карош ца хилла.

— ТӀеман зурма лакха, — аьлла хьехардина боху бухабисинчу асхьабаша.

— Зурма лекхча, цуьнан меженаш меттах ца хьовш Ӏийр йац, — аьлла. ТӀеман зурма лекхча, етталуш, тӀеттӀа яхана боху Хьамзатан меженаш. Ухьуд ломана уллохь шерачу арахь дӀабоьхкина гӀазотехь белларш. Оццу кешнашкахь дӀавоьллина ву Хьамзат. Цуьнан коша гонах дехкина тӀулгаш ду. Коьртехь болу цхьа тӀулг жимма боккха а болуш.

Мадинатан климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 35,2 36,0 37,4 39,5 42,6 46,4 47,7 47,0 42,5 38,5 36,6 34,5 47,7
Юккъера максимум, °C 23,6 26,1 30,2 33,9 38,9 41,7 39,3 42,2 41,0 36,4 29,7 25,0 34,0
Юккъера температура, °C 17,7 19,9 23,8 27,6 32,2 35,8 36,0 35,9 34,4 29,4 23,4 19,0 27,9
Юккъера минимум, °C 11,6 13,3 17,4 20,8 24,9 27,9 28,4 28,7 27,1 21,9 17,2 12,9 21,0
Юьззина минимум, °C 0,0 4,6 7,4 10,0 18,8 21,0 25,7 25,5 22,9 15,5 10,6 8,2 0,0
Йочанан норма, мм 8 1,2 8,3 11,9 4,6 0,4 0,2 0,3 0,1 1,1 9,2 3,8 49,1
Хьост: World Climate

ГӀалин панорама (сурт)

бӀаьра нисйан
 

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан