Коьрта меню схьаелла

Муса́ев, Рамза́н Хава́жиевич (1968, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, СССР а, Российн а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, Российн Кубок яккхинарг, Европан чемпионатан совгӀатхо (1993), халкъашна юккъера дукха яхьаллонийн толамхо.

Рамзан Хаважиевич Мусаев
Гражданалла ССРС СССРРоссиFlag of Russia.svg Росси
Клуб ЦСКА
Вина терахь 1968 шо({{padleft:1968|4|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Спортан карьера 1981-2001
Говзалла штангист
Тренераш
Йозалла 67,5 кг

БиографиНисъе

Спорт лело волавелира 1981 шарахь. Цуьнан хьалхара тренер вара Вячеслав Адаменко. ТӀаьхьа иза Ӏамо волавелира Ибрагим Кодзоев. 1984 шарахь иза хилира РСФСР кегирхойн юккъехь чемпион 60 кг йозаллин категорехь. Цо СССР спортан мастеран норма кхочуш йира.

1985 шарахь цо школа чекхъяккхира. 1986 шарахь юниорашна юккъера СССР чемпионатехь иза чемпион хилира.

1986 шарахь иза арме дӀакхайкхира. И хан цо Североморскехь яккхира. 1987 шарахь СССР герзан ницкъийн чемпионом а хилира, ЦСКА гулйина командан юкъа а вахара.

1988 шарахь Харьковехь хилла СССР чемпионатехь цо дато медаль а яккхира, СССР халкъашна юккъера спортан мастеран норма а кхочуш йира. Шен армехь яккха еза хан чекхъялча иза хенал сов армехь висира. 1994 шо кхаччалц иза армехь вара, цӀахь хӀоьттина хьал бахьнехь цӀа ва деззалц.

1990 шарахь Ленинградехь иза чемпионом хилира. 1991 шарахь цо СССР халкъийн спартакиадехь кхозлугӀа меттиг яккхира. 1992 шарахь Санкт-Петербургехь хилла йолу Российн чемпионатехь цо толам беккхира. 1993 шарахь цо Европан чемпионатехь яккхира борзан медаль.

2001 шарахь цо Российн чемпионатехь 2-гӀа меттиг а, Российн Кубок а яккхира.

ДоьзалНисъе

Цуьнан де цӀе Хаваж ю. Иза автобусан водитель вара. Ненан цӀе Ӏайшат ю. Цуьна ворхӀ ваша а, йиъ йиша а яра. Рамзан доьулгӀа бера дара. Цуьна вежарий а бара еза атлетика лелош.

ХьажоргашНисъе