Нохчийн-оьрсийн дов
Нохчийн-оьрсийн дов — цхьаьна агӀора мостагӀий Российн империн, ССРС, Российн Федерацин Ӏедалаш долуш, вукха агӀора таханлера Нохчийчоьн махкара тайп-тайпана къоман а, дӀакъаста луу а, мохк маьрша баккха гӀерта я кхечу пачхьалкхах дӀатоха гӀерта боламаш долуш, дерриг тӀеманийн а, герзашца долу девнийн а цхьаьнатоьхна цӀе.
Девнан хӀу тесира, Российн империн йукъа Гуьржийчоь яхначул тӀаьхьа, ткъа ма-дарра аьлча Кавказехь ГӀажарийчоьн а, Хункар-мехкан а Ӏаткъам бохийнера. Иза бара Кавказан тӀом цӀе йелла къовсам, оцу тӀамехь къардира ломанхойн дукха къаьмнаш. Гражданийн тӀеман заманахь Кавказан махкахь кхоьллира кӀайнчеран а, цӀиенчеран а Ӏедал къобал ца деш йолу масех пачхьалкх, амма церан ницкъаш хӀаллак дира, ткъа латтанаш РСФСР а, Чоьхьара Кавказан СФСР а йукъатуьйхира. Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш советашна дуьхьала берш, куьйгаллехь Исраилов Хьасан волуш гӀоьртира гӀаттам бан, амма уьш Ӏедало я байира, я Йуккъера Азе кхечу бехкен доцу нохчийн къомаца арабехира.
ССРС йоьначул тӀаьхьа Нохч-ГӀалгӀайн АССР хиллачехь чӀагӀбелира Россех дӀакъастаран болам, цуо кхачийра маршоне а, официалан къобалъянза республика Ичкери кхолларе а, ткъа иштта Российца герзашца долчу девнашка а. Уггаре къиза тӀемаш хилира хьалхара а, шолгӀа а нохчийн-оьрсийн девнехь. Амма меттигерачу ислам динан белхалоша гӀолацарца, аьттурадикалан Ичкерин Ӏедал дожийра, ткъа Нохчийчоь юхаерзийра Российн Федерацин йукъа.
Революцел хьалхара мур
бӀаьра нисйанОьрсийн мухажираш Къилбаседа Кавказе кхаьчна (гребенски гӀазакхий) XVI бӀешарахь. Теркан а, Соьлжан а бердашца кхоллало гӀазакхийн гӀаланаш, 1577 шарахь кхоьллина Теркан гӀазакхийн эскар. 1567 шарахь йина Теркан чӀагӀо хилира дуьххьарлера оьрсаша йоьгна оцу регионера чӀагӀо. Оцу муьрехь нохчий юхаберза буьйлало ломан кӀошташкара Нохчийн аренашка, уьш цига хьалатеттинера Тимаран эскарша XIV бӀешарахь.
Гребенски гӀазакхий дуьххьара Ӏиттабелира, Теркал дехьара шайн латта юхадерзо гӀерташ болу, лулахошца-нохчашца. ТӀелетарш дора Ӏалашо даьхний а, кхин хонц а йаккхархьама, ткъа иштта гӀазакхий йийсар бар, царех я лайш бора, я мехах юхаберзабора. Оцу гӀуллакхо девнаш латтадора, гӀазакхаша кхойкхура гӀоьнна Оьрсийн эскар, тӀаккха тӀелетара нохчийн эвланашна. Цуьнга хьаьжна ца Ӏаш, XVI—XVII бӀешерашкахь гӀазакхийн а, нохчийн а йукъаметтигаш гӀеххьа машаре яра: царна йукъахь махлелор дара, доттагӀаллаш а, гергарлонаш а тасалора. ГӀазакхаша схьаийцира нохчашкара духар а, герз а; шайн рогӀехь, нохчаша схьаоьцура гӀазакхашца цӀеран бахаман дакъолгаш[1].
Оьрсийн эскарш нохчийн латтанашна дуьххьарлера тӀелатарш хилла Пётр I-чун заманахь. И тӀелетарш чудогӀура Российн пачхьалкх Кавказе жигара чуяхаран йукъара стратегин, амма церан Ӏалашо яцара Нохчийчоь Россех дӀатохар: къамел дара оцу хенахь Российн империн Ӏаламан къилба доза хилла, Теркан тӀехь «машар латторех». ТӀом баккхаран коьрта бахьна хилира гуттара а гӀазакхийн гӀаланашна нохчий тӀелетар. Оцу муьрехь оьрсийн Ӏедална гора нохчий кхераме талорхой санна, уьш лулахь хиларо гуттаренна а синтем бойура пачхьалкхан дозанашна[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Кудрявцев А. В.Чеченцы в восстаниях и войнах XVIII-XIX веков // Вестник Евразии. 1999. № 1.