Омаев, Дагун Ибрагимович
Ома́ев, Дагу́н Ибраги́мович (1943 шеран 5 майхь, Сиржа-Эвла, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС - 2019 шеран 30 апрелехь, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн театран, а кинон артист, Советски Союзан Турпалан Ханпаша Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драматически театран актер, Къилбаседера Осетин а, Абхазин а, ГӀебертойн а, Балкарийн а Республикин Сийлахь артист, Нохч-ГӀалгӀайн АССРн а, Российн Федерацин а (2002 шо) Халкъан артист.
Дагун Ибрагимович Омаев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | актёр, киноактёр |
Вина терахь | 1943 шеран 5 май |
Вина меттиг | Сиржа-Эвла, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 30.4.2019 шо |
Кхелхина меттиг | |
Корматалла | артист |
Гражданалла | СССР → Росси |
СовгӀаташ |
|
Дагун Ибрагимович Омаев Викилармехь |
Биографи
бӀаьра нисйанДагун Омаев вина Нохч-ГӀалгӀайн АССРн Шелан кӀоштан Сиржа-Эвлахь 1943 шеран 5 майхь. Кхазакхстанера цӀадирзича цо дийшира Несаран юртабахаман техникумехь. 1961 шо дуьйна 1963 шо кхаччалц цо дийшира Нурадиловн цӀарах йола театрех йолу школа-студехь. Цо чекхйаьккхира Российн театран исбаьхьаллин университет — ГИТИС.
Болх
бӀаьра нисйанБ. Равенских а, М. Анчаровн а «Драматически эшар» цӀе йолу спектаклехь Павел Корчагин роль левзина аьлла цунна йелира Ленинан комсомолан совгӀат. «Лийр боцуш берш» спектаклехь Ханпаша Нурадиловн роль бахьнехь цунна шозза йелира ЧИАССРн а, РСФСРн а культурин министерствашан дипломаш.
Дагун Омаев дакъа лецна М. Солцаевн «Асланбек Шерипов» спектаклехь коьрта ролехь, «Оптимистически трагеди» цӀе йолу Вишневскийн спектаклехь (Алексей), «Даймохк» цӀе йолу Руслан Хакишевн спектаклехь, «Дуьне духуш хенахь» Р. Хакишевн а, О. Иоселиани а спектаклехь (Анзор), «Маршо йа Ӏожалла» М. Солцаевн спектаклехь (Байсангур), «Тайми Бейбулат» М. Мусаевн спектаклехь (Бейбулат), «Нигат» Л. Яхьяевн спектаклехь (Бексолт Исмаилов), и. к. д.
Классикан спектаклешкахь цо дакъа лецна «Кориолан» Уильям Шекспиран спектаклехь (Тулл Авфидий), «Ричард III» У. Шекспиран спектаклехь (Глостер), «ЦӀийх дуьзна ловзар» Гарсиа Лоркин спектаклехь (Леонардо), «Зуда йалор» Н. Гоголин спектаклехь (Жевакин), «Бехк боцуш бехкинарш» А. Островскийн спектаклехь (Незнамов), «Ромео а, Джульетта а» В. Шекспиран спектаклехь (Лоренцо), и. к. д.
Йерригроссийн театран фестивалашкахь дакъа лацарна а, «Лениниана» спектаклехь Забелинан роль ловзарна а, Шаулан роль «Лом а, чагӀалкх а» спектаклехь (Шандор Петёфи, Мажаройчоь), Живко роль «Говзанчаш» спектаклехь (Р. Стоянов, Болгари), Шахбулатан роль исбаьхьаллин фильмехь «ЦӀераш бӀоьвнаш тӀехь» (Къилбаседера Осетин телевиденин фильмашан студи) цунна делира СССРн а, РСФСРн а, ЧИАССРн а, культурин министерстваш а, Российн Федерацин театран белхалойн бертан сийлахь дипломаш.
1968 шарахь шен хьалхара кинохь роль левзира цо «ЦӀераш бӀоьвнаш тӀехь» фильмехь. Цул тӀаьхьа цо кхиъ 40 сов роль левзира кинохь, царех 35 — коьртаниш.
Фильмографи
бӀаьра нисйан- «Костры на башнях», 1969 шо;
- «Жизнь, ставшая легендой» (ТВ), 1969 шо;
- «В черных песках», 1972 шо;
- «О тех, кого помню и люблю», 1973 шо;
- «Главный день», 1974 шо;
- «Горская новелла», 1979 шо;
- «Два долгих гудка в тумане», 1980 шо;
- «Буйный Терек», 1981 шо;
- «Каждый третий», 1981 шо;
- «Требуются мужчины», 1983 шо;
- «Пробуждение», 1983 шо;
- «Приходи свободным», 1984 шо;
- «Последняя инспекция» (ТВ), 1985 шо;
- «Тайное путешествие эмира», 1986 шо;
- «Золотая голова мстителя», 1988 шо;
- «Чудовище или кто-то другой», 1988 шо;
- «Расстанемся, пока хорошие», 1991 шо;
- «Горец», 1992 шо;
- «Легенда горы Тбау», 1994 шо;
- «Пленный», 2008 шо.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Дагун Омаев Архивйина 2014-01-18 — Wayback Machine
- Актер благородного образа Архивйина 2014-09-16 — Wayback Machine
- Дагун Омаев