Пхейн-Мохк
Пхейн-Мохк, Хевсурети[1] (гуьрж. ხევსურეთი схьадаьлла гуьрж. ხევი — Iин) — Гуьржийчоьнан къилбаседа-малхбалера историн регион. Пхейн-Мехкан бахархой — пхий (гуьрж. ხევსურები) — ламаст хилла лекхачу лаьмнашкара йукъараллашкахь беха, шайн йукъахь тIегIанашна бекъабалар а доцу гуьржийн этнографин тоба. Йуккъерачу бIешерашкахь а, феодалийн муьрехь а пхий мукъабаьхна бара муьлххачу ясакхах, амма декхарийлахь бара лардан Гуьржийчоьнан къилбаседа дозанаш. Картлин а, КӀахетин а тIелетта меттиг хилчи пхийш эскар дохуьйтура церан паччахьашна гIоьнна. Пхийша ладаме роль лелийна 1659–1660 шерашкахь хиллачу Бахтрионан гIаттамехь.[2]
Пхейн-Мохк
ხევსურეთი | |
---|---|
Дин
бӀаьра нисйанПхийша керсталла леладешшехь, гуьржийн килсе оьхуш боллушехь, ладаме роль лелайо пхийн дахарехь шира керсталлал хьалхарчу ламасташ.
Географи
бӀаьра нисйанПхийн латташ ду уггаре лекхачу ломан тогӀенашкахь а, Кавказан лаьмнийн шина басахь а. Царна къилбаседехьа бу нохчий, малхбалехьа — лаьзгӀой, жӀайхой, тушинаш, малхбузехьа — гудомакараш, ткъа къилбехьа — шуой а, тушинаш а. Церан мохк къилбаседера къилбехьа — 53 км бу, ткъа малхбалера малхбузехьа, Кавказан дукъан юккъерчу декъехь — 43 км, ерриг майда хуьлу 2300 квадратан километр[3].
1876 шарахь гӀараваьлла немцойн новкъахо Густав Радде, хилла Пхейн-Махкахь, цуо «Chewsuren und ihr Land» (Kassel, 1878) цӀе йолу жайна йаздина. Оцу жайно бовзийтина Пхейн-Мохк малхбузан дешархошна. Пхейн-Мехкан уггаре ладаме объекташ йу шен чохь юккъерачу бӀешерийн гӀопаш йолу эвланаш Шатили а, Муцо а, ткъ иштта гӀопаш Хахмати, Ахиели, Лебаис Кари.[2]
1950-гIа шерашкахь пхий нуьцкъала охьакхалхийна акъарин тӀе, цундела дукхаха йолу лекха ломара эвланаш йаьсса йу.
Меттиг, климат, латта
бӀаьра нисйанДоккхаха долу лаьмнашна тӀехь гуттаренна а лайш ду, дисинчарна тӀаехь ло ца хуьлу чӀогӀа йовха ца хилчи. Дерзина лекха тархаш айаделла дум ассо а агӀора, хьаннаш а йац, коьллаш а ца хуьлу наггахь бен. Климат луьра ю, чӀогӀа хийцалуш а ю меттиге хьаьжжина. Ӏа лаьтта бархI баттахь, гурахь а, бӀаьста а чӀогӀа мехаш хуьлу, доцца аьлчи, Ӏалам башха дика дац оцу меттиган бахархошна, церан амалехь а, гӀиллакхехь а гуш ю уьш бехачу лаьттан климат.
Латта кхузахь кӀезиг леладо, деккъа даьхний ду бахархойн бахам, Ӏа дахделча церан хьал дика ца хуьлу. Оцу меттигехь беха шуой а, тушинаш а алсама реза бу шайн дахарна, церан амал а йу кӀеда пхийнчул, цара дӀалоцу кхин а лакхара Кавказан ломан акъареш. Пхийн хьена доцу латто ялта кӀезиг даларна цара гуьржашца тӀаргӀа хуьйцу ялтан дуьхьала.
Пхейн-Мохк Кавказан уггаре лекхачу декъехь латтар бахьнехь, цигахь кегийра шовданаш а, Органан лакхе а (кхузахь цунах Ардоти олу), Пхейн-Арагви а бен дац; делахь а цигахь ду Кавказан басеш тӀехула охьаоьху дагар а ца далуш шорта цӀераш йоцу шовданаш, шортта чахьчариш а йу.
Мукх а, кӀонцерг а бен ца кхуьу пхийн; мекхо чӀогӀа кӀезиг йалта ло: дӀабийна цхьаьна буьртигах биъ бен ца кхуьу климат луьра хиларна. Хьаннаш оцу кӀоштахь йан а йац, коьллаш а ца хуьлу наггахь бен. Бахархойн берриг бахам — гезарийн а, уьстагӀийн а жаш ду, цара адамашна даар а, духар а латтадо, совдевлла сурсаташ пхийша хуьйцу туьханца, йалтанца, герзаца йа духку.
Лакхахь дийцинчо пхий хала бахкаран сурт гойту, луьра климато а, лаьттан къоьлло а амалаш кхуллу бахархойн, уьш хьалха шайн луларчу шуойшла а, тушинашла а алсама къола деш хилла.[4]
1840 шеран эвланаш а, бахархой а
бӀаьра нисйан1840 шарахь Пхейн-Мехкан 31 эвлахь бара 650 доьзал, уггаре йоккха эвлахь 50 керт яра. Вот перечень их поселений:
- 1. Моумова - 16 керт
- 2. Датуили - 14 керт
- 3. Ачахи - 8 керт
- 4. Гвилети - 9 керт
- 5. Чирдили - 20 керт
- 6. Укан-Ахо - 17 керт
- 7. Барис-Ахо - 18 керт
- 8. Харнаули - 16 керт
- 9. Рошкиони - 31 двор
- 10. Ликоки - 44 керт
- 11. Гули - 36 керт
- 12. Затечигели - 26 керт
- 13. Гудани - 26 керт
- 14. Укана-Ходо - 52 керт
- 15. Кмости - 28 керт
- 16. Цинхадо - 6 керт
- 17. Иситхи - 4 керт
- 18. Бло - 24 керт
- 19. Бацалинго - 26 керт
- 20. Атобети - 7 керт
- 21. Хахмати - 28 керт
- 22. Лебаш-Кари - 9 керт
- 23. Чормешава - 10 керт
- 24. Чия - 23 керт
- 25. Кистани - 26 керт
- 26. Муцо - 18 керт
- 27. Гуро - 22 керт
- 28. Шатиль - 32 керт (иза коьрта эвла йара Пхейн-Мехкан)
- 29. Ардоти - 22 керт (лаьтта Орган аьрру бердаца)
- 30. Хахабо - 18 керт (и эвла лаьтта иштта цIе йолчу эркан бердаца; и эрк кхета Органах аьрру агIора Хахабо а, Шатиль а эвланашна йукъахь, Боккха-Лам дукъан гергахь)
- 31. Хамар - 32 керт[5].
Антропологи
бӀаьра нисйанАнтропологи агIора пхий юккъера барамал лекха бу, айсина, цкъаццIа сира баьццара бIаьргаш а, сирла хьаьрса месаш йолу мезокефалеш бу.
Пхийн болх а, бахам а
бӀаьра нисйанПхийн коьрта болх — бежний а, уьстагIий а, латта а лелор бу, кенан куьлтураш кхиайо.[6]
Пхийша говза кечбо тIаргIа: кIади дуцу, пазаташ юцу. Цул сов даьржина ду тегаран говзалла а, дечиг агар а, дешийн пхьола а.[6]
Зиссерманан гипотеза
бӀаьра нисйанРоссийн этнографан Зиссерман Арнольдан гипотеза йу, цуьнца пхий — хIокху махка охьахевшина, гуьржаша Iаткъам бина, малхбузаевропан жIарахойн тIаьхьенаш йу. Гуьржийн XII—XIII бIешерийн малхбузан жIарахошца йолчу уьйранех лаьцна шортта тешаллаш ду; пхийн бахаман а, социалан а, динан а оьздангалла чIогIа тера ю юккъера бIешерийн малхбузаевропачух: XX бIешарахь а лелайора боьршачу пхийша гӀагӀ а, нийса тарраш а, церан духар иштта жIарашца кечдина дара, ткъа шеш цара лорура сийлахь гуьржийн паччахьийн эскаран гуттаренна а болу декъашхой.
Галерей
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Описание Пхейн-Мохк
- Перцов В. Облака сверху и снизу . // Вокруг Света, №2 (2533), февраль 1970. ТӀекхочу дата: 2011-5-23. Архивйина 2012 шеран 4 мартехь
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Хевсурия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ 1 2 Historical Dictionary of Georgia Alexander Mikaberidze Historical Dictionaries of Europe, No. 50 The Scarecrow Press, Inc. Lanham, Maryland • Toronto • Plymouth, UK 2007
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
- ↑ http://www.vostlit.info/Texts/Dokumenty/Kavkaz/XIX/1820-1840/Blaramberg/text33.htm
- ↑ 1 2 Большая советская энциклопедия. Гл. ред. Б. А. Введенский, 2-е изд. Т. 46. Фусе — Цуруга. 1957. 672 стр., илл. и карты; 48 л. илл. и карт.