Редант Хьалхара — Россера, Къилбаседа ХӀирийчоьн БуритӀен йисттера эвла, климатан курортан меттиг[1].

Эвла
Редант Хьалхара
Фыдхуыз
42°57′48″ къ. ш. 44°38′51″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Федерацийн субъект Къилбаседа ХӀирийчоь
КӀошт БуритӀе
Истори а, географи а
Сахьтан аса UTC+3
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 362009
Автомобилан код 15
Картин тӀехь
Редант Хьалхара картан тӀехь
Редант Хьалхара
Редант Хьалхара картан тӀехь
Редант Хьалхара
Редант Хьалхара картан тӀехь
Редант Хьалхара

Лаьтта Кавказан Тархийн дукъан кӀажошкахь, 700 м гергга лакхахь, ТӀеман-Гуьржийн новкъан уллехь. Цуьнан латтанаш тӀаьхь йу хьуьнан парк, дукхах долу дитташ баганан долуш, стоьмийн беш а йу. Климат барамера континенталан. Ӏа кӀеда ду; январан температуран йуккъера барам —4°С. Аьхке йовха йу; июлан температуран йуккъера барам — 20°С. Шеран йочанаш 800 мм йу, максимум — майхь-июлехь[2].

Болхбеш йу санаторисанатореш «Редант» (420 меттиг) а, «Осетия» (326 меттиг) а, уьш лерина йу деган-пхенийн а, нервийн системан а цамгарш йолучарна. Климатотерапица цхьаьна (кечйина лерина учеш) лелайо дарбанан физкультура, физиотерапи, ваннаш (царна йукъахь баганан, кислородан, хӀордан). Уллехула долу Теркан берда тӀаьхь пляж йина. СадоӀучарна хазахета БуритӀехула, ТӀеман-Гуьржийн новкъахула, ткъа иштта Нальчике, Пятигорске экскурсеш[3].

Инфраструктура

бӀаьра нисйан

Эвлахь цхьа урам ду[4]. Универсалан ишкол. Редантан йукъарадешаран урхаллех берийн беш а хилла[5].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан