Сайтиев, Адам Хамидович

Сайти́ев, А́дам Хами́дович (1977 шеран 12 декабрь, Хаси-Эвл, ДегӀаста) — нохчийн паргӀата кепар латархо, Российн Сийлахь спортан говзанча (2000), 3-за Российн чемпион (1999, 2000, 2002), 3-за Европан чемпион (1999, 2000, 2006), 2-за дуьненан чемпион (1999, 2002), Олимпиадан чемпион (2000).

Wrestling pictogram.svg
Адам Хамидович Сайтиев
Гражданалла ССРС СССРРосси Росси
Вина терахь 1977 шеран 12 декабрь({{padleft:1977|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (42 шо)
Вина меттиг Хаси-Эвл, ДегӀаста, РСФСР, СССР
Говзалла паргӀата кепар латархо
Йозалла 76 кг, 85 кг

БиографиНисъе

Цунна 11 кхаьчча цуьнан да машенахь велира. Цуьна нена дизи шашх виъ кӀант, кхо йоӀ хьалакхиаян. 1996 шарахь иза Красноярске дӀавахара. 1997 шарахь иза 69 кг кхаччалц йозаллин категорехь Российн чемпион хилира. Цу шарахь иза Российн вовшахтоьхна тобана юкъаязвира. 1998 шарахь цо толам беккхира Иван Ярыгинан сий деш яш йолу турнирехь, дуьненан Кубкехь 2-гӀа меттиг а яккхира, Европин чемпионатан борзан мидал а яккхира. 1999 шарахь иза хилира 76 кг кхаччалц йозаллин категорехь Российн а, Европин а, дуьненан а чемпион. 2000 шарахь 85 кг кхаччалц йозаллин категорехь цо беккхира 3-гӀа толам Российн чемпионатехь а, 2-гӀа — Европин чемпионатехь а.

2000 шарахь Сиднейхь хилла йолу XXVII Олимпиадехь Адам Сайтиев финале кхечира шен дуьхал летачарна цхьаа бал дӀа ца луш. Цо бен финалехь цӀена толам ца беккхира.

2002 шарахь иза дуьненан чемпион хилира, 2006 — Европин чемпион.

ДоьзаллаНисъе

Иза ву 3-за Олимпиадан чемпион хилла волу Бувайсар Сайтиеван жима ваша.

СовгӀаташНисъе

  • Силаллийн Орден (2001)
  • ДоттагӀаллин Орден (2004).

ХьажоргашНисъе