Димаев, Саид Умарович

(Са1ид Димаев тӀера хьажжина кхуза)

Саи́д Ума́рович Дима́ев (1939 шеран 24 август, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2005 шеран 29 март, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн музыкант, композитор, дирижёр, Российн композиторийн бертан декъашхо, Умар Димаеван кӀант.

Саид Умарович Димаев
СаьӀид Димаев 2003 шарахь
СаьӀид Димаев 2003 шарахь
ГӀуллакхан тайпа композитор, дирижёр
Вина терахь 1939 шеран 24 август({{padleft:1939|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:24|2|0}})
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 2005 шеран 29 март({{padleft:2005|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) (65 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси
Корматалла музыкант, композитор, дирижёр
Гражданалла  ССРС Росси
Да Димаев, Умар Димаевич

Саид Димаев винера Соьлжа-ГӀалахь 1939 шеран 24 августехь. Цуьнан да вара гӀарваьлла нохчийн пондарча Умар Димаев.

1957 шарахь иза деша вахара Нохч-ГӀалгӀайн музыкин училищен композиторийн декъа. Цуьнан хьехархо вара Сийлахь СССР исбаьхьаллин гӀуллакххо доцент Л. М. Шаргородский. 1963 шарахь училище чекхйаккхча иза хилира композитор-теоретик. Цу шарахь иза Гнесинийн цӀе йолу Москохан пачхьалкхан музыкин а, хьехархойн а институте музыкин теорин декъа деша вахара. Кхано иза композиторийн декъа дехьавелира. Цуьнан хьехархо вара профессор Олег Константинович Эйгес. Иза оьхура гӀарваьлла советски композитор Арам Ильич Хачатурян мастер-классе.

Институт чекхйаьккхинчул тӀаьхьа шина шарахь цо болх бира Соьлжа-ГӀалин музыкин училищехь музыкин теори а, полифони а, гармони а хьоьхуш.

1970 шарахь Саид Димаев хилира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан филармонин исбаьхьалин куьйгалхо. Цо дакъа лоцуш кхоьллинера нохчийн фольклоран а, эстрадан а тобанаш «Зама», «Самукъане сахьт», берийн тоба «Седарчий», иштта кхи йераш а. Кхано иза хилира Нохч-ГӀалгӀайн АССР телевидени а, радиовещанин а Госкомитетан халкъан пондарийн оркестран коьрта дирижёр а, исбаьхьаллин куьйгалхо а.

Цо йазйора эшараш, романсаш, симфониш, орекстран сюиташ, кинон а, театран а музыка.

Иза вара Российн композиторийн бертан декъашхо. Цуьнан музыка локхуш йара Москван а, БуритӀе гӀалин а, Соьлжа-ГӀалин а, Тбилисин а оркестраш. Цо йазйина «Берийн альбоман» Российн композиторийн барто лаккхара мах хадийра.

Иза вара Российн композиторийн бертан берийн а кегирхойн эстетикан кхиабаран секцин декъашхо. ХӀора шарахь цо дакъа лоцура «Российн композитораш — берашна» цӀе йолу фестивалехь. Цо дакъа лоцур дукха Российн а, СНГ а гӀаланашкахь хуьлу фестивалин концерташкахь. Иштта цо дакъа лоцура «Москохан гуьйре» цӀе йолу фестивалишкахь. Цуьнан авторан концерташ хилира Къилбаседера Осетехь, Кабардино-Балкарехь.

Цуьнан произведениш локхуш бу гӀарбоьвла солисташ а, ансамбльш а, масала Н. Некрасов куьйгалхо волу «Солистийн ансамбль» а; пианист, Российн Сийлахь артистка Татьяна Рубина а; скрипач, Российн Сийлахь артист Леонора Дмитерко а; Москонцертан солистка Надежда Дарьина; гӀарвелла операн эшархо, йерригсоюзан а, халкъашна йуккъера конкурсийн лауреат Мовсар Минцаев а; кхибераш а.

  • Да — Умар Димаев, гӀарваьлла нохчийн музыкант а, композитор а, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист;
  • Ваша — Али Димаев, музыкант а, композитор а, «Зама» цӀе йолу нохчийн хьалхара рок-тобан бухбиллинарг а, хийцацалуш куьйгалхо а, Москвахь хилла XII кегирхойн а, студентийн а дуьненан фестивалин дипломант (1985), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат (1986), Нохчийн Республикин Халкъан артист (2001), ГӀалгӀайн Республикин Халкъан артист (2001);
  • Ваша — Димаев Амарбек, музыкант а, композитор а;
  • Зуда — Димаева Фатима Вахаевна, философийн Ӏилманийн кандидат;
  • ЙоӀ — Алита Саид-Эминовна, пианист;
  • КӀант — Димаев Арби Саид-Эминович.

Произведениш

бӀаьра нисйан
  • Концерт для фортепиано с оркестром.
  • Оратория «Время действовать» для хора, солистов и большого симфонического оркестра.
  • Симфония-концерт с солирующей трубой в финале для симфонического оркестра.
  • Симфоническая поэма «Сестра милосердия»
  • Рапсодия для симфонического оркестра с солирующей национальной гармоникой.
  • Две сюиты из музыки к трагедии Шекспира «Отелло»
  • Сюита для духовых инструментов симфонического оркестра.
  • Элегия для скрипки и фортепиано.
  • Музыка к спектаклю «Отелло»
  • Музыка к спектаклю «Из тьмы веков» — И. Базоркин.
  • Музыка к спектаклю «Имам Шамиль» — А. Айдамиров
  • Музыка к спектаклю «Бессмертные» — А. Хамидов.
  • Музыка к спектаклю «Радуга зимой» — М. Рощин.
  • Фортепианные прелюдии, вариации
  • Концертные пьесы
  • Романсы
  • Песни
  • Балет «Хаджи-Мурат» (чекхйаккхаз йисина)

Библиографи

бӀаьра нисйан
  • Димаев С. У. Альбом фортепианных пьес. — Москва: Издательский дом «Композитор», 2000.
  • Димаев С. У. Альбом для детей и юношества. — Москва: Издательский дом «Крона», 2000.
  • Димаев С. У. Педагогический репертуар для учащихся музыкальных школ и училищ.
  • Димаев С. У. Сто шедевров из рук Умара Димаева. — Москва: Издательство «Советский композитор», 2001.
  • Димаев С. У. Сюита «Московская осень».

Литература

бӀаьра нисйан
оьрсийн маттахь
  • Дэти Сулумова. Чарующие звуки музыки (русский) // Вести республики : газета. — 25.11.2011. — № 220. — С. 3.
  • Лечи Яхъяев. Музыка, напоенная солнцем... (русский) // Столица плюс : газета. — 18.9.2004. — № 74.
  • Иса Атабиев. Старое пианино (русский) // Вести республики : газета. — 19.1.2012.
нохчийн маттахь
  • Димин Iумаран СаьIид (чеченский) // Даймохк : газета. — 5.4.2005.
  • Х. Абаев. Композитор Димаев СаьIид (чеченский) // Даймохк : газета. — 15.12.2011. — № 138.
  • Димаев СаьIид (чеченский) // Даймохк : газета. — 14.1.2012.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан