Димаев, Саид Умарович
Саи́д Ума́рович Дима́ев (1939 шеран 24 август, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2005 шеран 29 март, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн музыкант, композитор, дирижёр, Российн композиторийн бертан декъашхо, Умар Димаеван кӀант.
Саид Умарович Димаев | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | композитор, дирижёр |
Вина терахь | 1939 шеран 24 август |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР |
Кхелхина терахь | 2005 шеран 29 март (65 шо) |
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси |
Корматалла | музыкант, композитор, дирижёр |
Гражданалла | ССРС → Росси |
Да | Димаев, Умар Димаевич |
Биографи
бӀаьра нисйанСаид Димаев винера Соьлжа-ГӀалахь 1939 шеран 24 августехь. Цуьнан да вара гӀарваьлла нохчийн пондарча Умар Димаев.
1957 шарахь иза деша вахара Нохч-ГӀалгӀайн музыкин училищен композиторийн декъа. Цуьнан хьехархо вара Сийлахь СССР исбаьхьаллин гӀуллакххо доцент Л. М. Шаргородский. 1963 шарахь училище чекхйаккхча иза хилира композитор-теоретик. Цу шарахь иза Гнесинийн цӀе йолу Москохан пачхьалкхан музыкин а, хьехархойн а институте музыкин теорин декъа деша вахара. Кхано иза композиторийн декъа дехьавелира. Цуьнан хьехархо вара профессор Олег Константинович Эйгес. Иза оьхура гӀарваьлла советски композитор Арам Ильич Хачатурян мастер-классе.
Институт чекхйаьккхинчул тӀаьхьа шина шарахь цо болх бира Соьлжа-ГӀалин музыкин училищехь музыкин теори а, полифони а, гармони а хьоьхуш.
1970 шарахь Саид Димаев хилира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан филармонин исбаьхьалин куьйгалхо. Цо дакъа лоцуш кхоьллинера нохчийн фольклоран а, эстрадан а тобанаш «Зама», «Самукъане сахьт», берийн тоба «Седарчий», иштта кхи йераш а. Кхано иза хилира Нохч-ГӀалгӀайн АССР телевидени а, радиовещанин а Госкомитетан халкъан пондарийн оркестран коьрта дирижёр а, исбаьхьаллин куьйгалхо а.
Цо йазйора эшараш, романсаш, симфониш, орекстран сюиташ, кинон а, театран а музыка.
Иза вара Российн композиторийн бертан декъашхо. Цуьнан музыка локхуш йара Москван а, БуритӀе гӀалин а, Соьлжа-ГӀалин а, Тбилисин а оркестраш. Цо йазйина «Берийн альбоман» Российн композиторийн барто лаккхара мах хадийра.
Иза вара Российн композиторийн бертан берийн а кегирхойн эстетикан кхиабаран секцин декъашхо. ХӀора шарахь цо дакъа лоцура «Российн композитораш — берашна» цӀе йолу фестивалехь. Цо дакъа лоцур дукха Российн а, СНГ а гӀаланашкахь хуьлу фестивалин концерташкахь. Иштта цо дакъа лоцура «Москохан гуьйре» цӀе йолу фестивалишкахь. Цуьнан авторан концерташ хилира Къилбаседера Осетехь, Кабардино-Балкарехь.
Цуьнан произведениш локхуш бу гӀарбоьвла солисташ а, ансамбльш а, масала Н. Некрасов куьйгалхо волу «Солистийн ансамбль» а; пианист, Российн Сийлахь артистка Татьяна Рубина а; скрипач, Российн Сийлахь артист Леонора Дмитерко а; Москонцертан солистка Надежда Дарьина; гӀарвелла операн эшархо, йерригсоюзан а, халкъашна йуккъера конкурсийн лауреат Мовсар Минцаев а; кхибераш а.
Доьзалла
бӀаьра нисйан- Да — Умар Димаев, гӀарваьлла нохчийн музыкант а, композитор а, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артист;
- Ваша — Али Димаев, музыкант а, композитор а, «Зама» цӀе йолу нохчийн хьалхара рок-тобан бухбиллинарг а, хийцацалуш куьйгалхо а, Москвахь хилла XII кегирхойн а, студентийн а дуьненан фестивалин дипломант (1985), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат (1986), Нохчийн Республикин Халкъан артист (2001), ГӀалгӀайн Республикин Халкъан артист (2001);
- Ваша — Димаев Амарбек, музыкант а, композитор а;
- Зуда — Димаева Фатима Вахаевна, философийн Ӏилманийн кандидат;
- ЙоӀ — Алита Саид-Эминовна, пианист;
- КӀант — Димаев Арби Саид-Эминович.
Произведениш
бӀаьра нисйан- Концерт для фортепиано с оркестром.
- Оратория «Время действовать» для хора, солистов и большого симфонического оркестра.
- Симфония-концерт с солирующей трубой в финале для симфонического оркестра.
- Симфоническая поэма «Сестра милосердия»
- Рапсодия для симфонического оркестра с солирующей национальной гармоникой.
- Две сюиты из музыки к трагедии Шекспира «Отелло»
- Сюита для духовых инструментов симфонического оркестра.
- Элегия для скрипки и фортепиано.
- Музыка к спектаклю «Отелло»
- Музыка к спектаклю «Из тьмы веков» — И. Базоркин.
- Музыка к спектаклю «Имам Шамиль» — А. Айдамиров
- Музыка к спектаклю «Бессмертные» — А. Хамидов.
- Музыка к спектаклю «Радуга зимой» — М. Рощин.
- Фортепианные прелюдии, вариации
- Концертные пьесы
- Романсы
- Песни
- Балет «Хаджи-Мурат» (чекхйаккхаз йисина)
Библиографи
бӀаьра нисйан- Димаев С. У. Альбом фортепианных пьес. — Москва: Издательский дом «Композитор», 2000.
- Димаев С. У. Альбом для детей и юношества. — Москва: Издательский дом «Крона», 2000.
- Димаев С. У. Педагогический репертуар для учащихся музыкальных школ и училищ.
- Димаев С. У. Сто шедевров из рук Умара Димаева. — Москва: Издательство «Советский композитор», 2001.
- Димаев С. У. Сюита «Московская осень».
Литература
бӀаьра нисйан- оьрсийн маттахь
- Дэти Сулумова. Чарующие звуки музыки (русский) // Вести республики : газета. — 25.11.2011. — № 220. — С. 3.
- Лечи Яхъяев. Музыка, напоенная солнцем... (русский) // Столица плюс : газета. — 18.9.2004. — № 74.
- Иса Атабиев. Старое пианино (русский) // Вести республики : газета. — 19.1.2012.
- нохчийн маттахь
- Димин Iумаран СаьIид (чеченский) // Даймохк : газета. — 5.4.2005.
- Х. Абаев. Композитор Димаев СаьIид (чеченский) // Даймохк : газета. — 15.12.2011. — № 138.
- Димаев СаьIид (чеченский) // Даймохк : газета. — 14.1.2012.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Саид Димаев Архивйина 2014-02-25 — Wayback Machine
- Чарующие звуки музыки
- Вечер памяти Саида Димаева YouTube чохь