Славя́нийн хро́ника, оригиналан цӀе лат. Chronica Slavorum, — ладаме историн хьост, цуо дуьйцу керсталлал хьалхара а, хьалхара керсталлин а муьрера полабин славянийн дахарах лаьцна. Автор — XII бӀешеран немцойн мозгӀар а, динан хьехамийн гӀуллакххо а Босаура Гельмольд; кхин дӀаязйина (11711209) Любекан Арнольда. Хроника Бременан Адаман «Гамбурган килсан архиепископийн гӀуллакхаш» цӀе йолчу колламан тӀаьхье ю, оцу кхолламо гойту IX—XI бӀешерашкахь немцой Эльбан дехьа охьаховшош малхбуза славянашна (ваграшна, ободриташна) йукъахь керсталла даржош хилла хиламаш.

Авторо баржабо славянаш Балтикан хӀордан къилба бердашца. Славянийн ладамечех цхьа пачхьалк ю йукъ Хуэхь (Chue) йолу Русия (Rucia). Хуэх хьалха олура Острогард (Ostrogard) а, Хунигард (Chunigard) а, хьалха цигахь гуннаш Ӏийнадера. Славянаш делахой цигахь пруссаш бен ца бисина. Одеран бердашца беха венеташ, ткӀъа оцу эркан чеккхенехь лаьттина мацах делахойн хилла славянийн гӀала Юмнета (Iumneta). Малхбузехь славянаш баьхна Эльбан а, Одеран а йукъахь. Кхин дӀа авторо ягарйо иштта славянийн гӀаланаш, масала Мекленбург (Mikilinburg, бодричийн гӀала) а, Ретра а.

Цул тӀаьхьа юьйцу саксаш къарбинчу Сийлахь-воккха Карлан майраллаш. Цхьадолу славянийн тайпанаш а дирзира Карлан куьйга кӀела. Славянаш а, данаш а серлонга бахаран йукъ хилира Гамбургах. Амма тӀаьхьуо и импери йийкъира 4 декъе: Германи (Germania), Галли (Gallia), Аквитани (Aquitania), Юккъера паччахьалла (Lotharingia) Италица (Italia) а, Бургундица (Burgundia) а. Людовикан долахь яра Германи, ЛотаранЛотаринги, Карлан — Галли, ткъа Пипинан — Аквитани.

Иштта дуьйцу Норманди кхоллаяларх, иза Сийлахь-воккха Карла дӀаелира викингашна дола, уьш тӀе ца летийта.

Славянийн тайпанаш

бӀаьра нисйан
  • Ruci — оьрсий, церан латташ дахделла Оьрсийн хӀорд (Rucenum mare) тӀекхаччалц.
  • Polani — полякаш, Полонин (Polonia) бахархой
  • Boemos — богемаш, чехаш
  • Marahi — мораваш
  • Karinthi — каринтихой
  • Sorabi — сорбаш
  • Pomerani — поморянаш

Оьрсийн маттера гочдарш

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Гельмольд // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  • Гельмольд. Славянская хроника / пер. Л. В. Разумовской. — М.: АН СССР, 1963.
  • Гельмольд из Босау. Славянская хроника / Пер. Л. В. Разумовской // Адам Бременский, Гельмольд из Босау, Арнольд Любекский. Славянские хроники. — М.: SPSL; Русская панорама, 2011. — (MEDIÆVALIA: средневековые литературные памятники и источники). — ISBN 978-5-93165-201-6. — С. 151-304.
  • Арнольд Любекский. Славянская хроника // Латиноязычные источники по истории Древней Руси. Германия. Середина XII- середина XIII в. — М. Институт истории АН СССР, 1990.
  • Кеп:Книга:Арнольд Любекский: Славянская хроника

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан