Дон Мишель Стэйли (инг. Dawn Michelle Staley; йина 1970 шеран 4 майхь Филадельфехь, Пенсильвания штат) — америкин профессионалан баскетболхо а, тренер а, левзина Зударийн къоман баскетболан ассоциацехь. Кхаа шарахь тӀаьхьий-хьалхий левзина Студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) йеаннан финалехь «Виргиния Кавальерс» йукъахь (1990-1992), царех цхьаннан йукъахь лерира оцу турниран уггаре гӀарайаьлла ловзархо (1991), амма ца хилира цуьнан чемпион. ХӀинца йу «Къилба Каролина Геймкокс» командин коьрта тренер, 2017 шарахь иза йалайелла цуьнга дукха сатийсина титуле.

Стэйли Дон
инг. Dawn Staley
«Къилба Каролина Геймкоксан» тренер Дон Стэйли Пэрадайс турнирехь
«Къилба Каролина Геймкоксан» тренер Дон Стэйли Пэрадайс турнирехь
Къилба Каролина Геймкокс
Позици Турсло
Локхалла 168 см
Йозалла 61 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1970 шеран 4 май({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (53 шо)
Йина меттиг Филадельфи, Пенсильвани
Ишкол Профессионалан-техникин Маррелл Доббинс цӀарах ишкол (Филадельфи, Пенсильвани)
Колледж Виргини (1988—1992)
Драфт ДКъБА 9-гӀа, 1999, Шарлотт Стинг

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а

Ловзархо:

Тренер:

Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Атланта 1996 баскетбол
Деши Сидней 2000 баскетбол
Деши Афина 2004 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Австрали 1994
Деши Германи 1998
Деши Цийчоь 2002
Универсиадаш
Деши Шеффилд 1991 баскетбол
Америкин чемпионаташ
Деши Бразили 1993
Дика лааман ловзарш
Деши Петарбух 1994 баскетбол
2013 Баскетболан Сийлаллин зал
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Хьалхара шераш нисйе бӀаьра

Дон Стэйли йина 1970 шеран 4 майхь Филадельфи гӀалахь (Пенсильвани штат), циггахь дешна профессионалан-техникин Маррелл Доббинсан цӀарах ишколехь, меттигера баскетболан командехь а ловзуш, арахоьцучу классехь йолуш йаьккхира къоман ловзархочун титул.

Студентийн карьера нисйе бӀаьра

1988 шарахь Стэйли Дон хӀоьттира Виргинин университете, цигахь деа шарахь левзира баскетболан «Виргиния Кавальерс» командехь, гӀараваьллачу тренеран Зударийн баскетболан сийлаллин залан декъахочун Райан Деббин куьйгаллица, аьттонца карьера дӀайаьхьира, гулйира 131 матчехь 2135 очко (йуккъера 16,3 очко ловзарехь), 729-зза буьрка дӀайелира (5,6), 454-зза дӀайала лерина буьрка схьайаьккхира (3,5)[1][2]. Иза йолуш «Кавальерсо» шозза йаьккхира рожера чемпионат (1991, 1992), шозза — Атлантикин Бердйистан конференцин турнир (1990, 1992), кхин тӀе даиман а йолура АЦШ студентийн чемпионатан плей-оффе (1989-1992).

Стэйли Дон йолуш «Виргиния» кхузза левзира NCAA турниран еаннан финалехь (инг. Final Four) (1990-1992), амма 1991 шарахь бен ца кхечира коьртачу матче, гуттаренна а оьшура хин йолчу триумфаторна, кхин цкъа а ийшира финала 1/8 тӀегӀанехь (1989). 1990 шеран 30 мартехь «Кавальерс» ахфиналехь ийшира Эйзи Дженниферан, Стединг Кэтин, Хеннинг Сонин «Стэнфорд Кардинал» командин 66-75 чоьтаца, оцу матчехь Стэйли Стедингца цхьаьна хилира уггаре дика ловзархо шайн жамӀашца, шиммо а гулйира 18 очкош, 8-зза буьрка схьа а ийцира[3]. Цул тӀаьхьарчу шарахь, 30 мартехь, «Виргинийс» йуьхьанца ахфиналехь Бэском Керрин «Коннектикут Хаскис» командин дуьхьало каггийра 61-55 чоьтаца, оцу матчехь Дон хилира шен жамӀашца йоьалгӀа командехь, гулйира 11 очко, 8-зза схьалецира, ткъа цул тӀаьхьа финалан матчехь, 31 мартехь, халачу къовсамехь ийшира овертаймехь, Хэд Динин а, Чарльз Дэдрин «Теннесси Леди Волантирс» командина 67-70 чоьтаца, оцу ловзарехь Дон хилира жамӀашца уггаре дика ловзархо матчехь, гулйира 28 очко, 11-зза буьрка схьаийцира, 6-зза дӀайелира[3]. Дустархьама, «Теннессин» уггаре дика баскетболхо хилира Хэд Дина, цуо а иштта гулйира 28 очко, амма схьаэцар а, ДӀайалар а кӀезиг хилира (9 а, 3 а), цундела NCAA уггаре гӀарайаьлла ловзархо (MOP) лерира Стэйли, кхин тӀе иза хӀинца а йу зударийн NCAA турниран цхьаъ бен йоцу MOP оцу шарахь чемпион хиланза[3]. 1992 шеран 4 апрелехь ахфиналехь «Виргиния» компромисс йоцучу къовсамехь ийшира Уайтинг Вэл а, Гуденбур Моллин «Стэнфорд Кардинал» командина 65-66 чоьтаца, оцу матчехь Стэйли хилира жамӀашца уггаре дика ловзархо шен командин, кхоьссира 19 очко, 9-зза буьрка схьа а ийцира[3].

1990/1991 а, 1991/1992 а шерашкахь Стэйли Дон Нейсмита Джеймсан цӀарах совгӀатан лауреат хилира, USBWA версица шеран баскетболхо хилира, цул сов Atlantic Coast конференцин шеран баскетболхо хилла ца Ӏаш, хилира Атлантикин Бердйистан шеран спортхо. Студентийн карьера чекхйаьллачул тӀаьхьа Стэйлис хӀиттийра «Кавальерсан» рекордаш очкошца, ДӀайаларца, схьайаккхарца, амма тӀаьхьуо хьалхара шиъ йохийра Райт Моникас а (2540 очко), Цолль Шарнис а (785 ДӀайалар). Дон «Виргинехь» левзина 24 лоьмар йолу свитер, лелочура йукъара йаьккхира, дӀаоьллина «Джон Пол Джонс-аренин» тхов кӀелахь, «Кавальерсо» шен цӀера матчаш дӀахьо баскетболан майданехь[4].

Профессионалан карьера нисйе бӀаьра

Виргинин университет чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Дон кхаа шарахь левзира Европехь Испанин, Италин, ФранцинТарб Жесп Бигор») чемпионаташкахь, ткъа кхин а Бразилин чемпионатехь. 1996 шарахь цуо шен кандидатура хӀоттийра драфте, оцу хеннахь кхоьллинчу зударийн АБЛ, цигахь Дон Лесли Лизица цхьаьна хаьржира «Ричмонд Рейдж» клубо, цунна йукъахь шен дебют шарахь левзира турниран финалан серехь. Йуьхьанца «Ричмондо» ахфиналехь атта иэшийра «Колорадо Экспложн» команда 2-0 чоьтаца, цул тӀаьхьа финалехь халачу къовсамехь ийшира «Коламбус Квест» клубан 2-3 чоьтаца, хьалхейаккхаран жамӀашца Стэйли йукъайахийтира лигин дерриг седарчийн хьалхара гулйина командин[5]. Шина шеран йуккъехь командо хийцира меттиг, кхелхира Дон йинчу гӀала, цӀе а хийцира «Филадельфия Рейдж» аьлла. 1997/1998 шарахь «Филадельфийс» тӀаьххьара меттиг йаьккхира Малхбален конференцехь, плей-офф ца кхечира, 44 матчехь 13 толам бен ца баьккхира, ткъа Стэйли цуьнан жамӀашца АБЛ дерриг седарчийн гулйина шолгӀа командин йукъайахийтира, цул сов шозза дакъалецира дерриг седарчийн матчехь. 1998 шеран 22 декабрехь лигин куьйгалхоша цхьанне аьлча санна ца хоуьйтуш АБЛ болх сацийра, лигин банкроталлица, амма 1998/1999 шеран чемпионатехь командаш ловза кхиинера 12 – 15 матч[5].

1999 шарахь Дона шен кандидатура хӀоттийра ДКъБА драфте, цигахь хаьржира йукъара иссалгӀа лоьмарца «Шарлотт Стинг» клубо[6], цунна йукъахь левзира йалх шарахь сов. Шен дебютан шарахь Стэйли хилира кхоалгӀа жамӀ долу ловзархо шен клубехь, йуккъера барам матчехь кхуссура 11,5 очко, 2,3 буьрка схьаоьцура, 5,5 дӀалора, 1,2 дӀайала лерина буьрка схьалацара, иштта гӀодира «Стинган» Малхбален конференцин финале кхача[7]. Йуьхьанца «Шарлотта» хьалхарчу раундехь иэшийра «Детройт Шок» команда 1-0 (60-54) чоьтаца, цул тӀаьхьа ахфиналехь гӀоьртинчу къовсамехь ийшира «Нью-Йорк Либерти» клубал 1-2 чот йолуш[8]. Цул сов шеран жамӀашца Стэйли хилира спортан низаман совгӀатан лауреат[9]. Цуьнан карьерехь уггаре аьтту болу шо хилира 2001 шо, оцу шарахь «Стинг» левзира турниран коьрта серехь, кхин тӀе шен исторехь цкъа. Плей-офф хьалхарчу раундехь «Шарлотто» иэшийра «Кливленд Рокерс» клубо 2-1 чоьтаца, цул тӀаьхьа конференцин финалехь, компромисс йоцучу къовсамехь иэшийра «Нью-Йорк Либерти» команда 2-1 чоьтаца, ткъа финалехь атта ийшира «Лос-Анджелес Спаркс» клубан 0-2 чоьтаца[10], ша Дон жамӀаца шолгӀа ловзархо хилира шен командехь, плей-офф бархӀ матчехь 94 очко (11,8 ловзаран йуккъера барам) йаьккхира, 18 схьаийцира (2,3), 35 дӀайелира (4,4), 9 схьалецира (1,1)[11]. Цул сов оццу шарахь цуьнга дуьххьара кхайкхира зударийн КъБА дерриг седарчийн матче резерван гӀантан тӀера ловзархочун меттиге, оцу матчехь майданан тӀехь йаьккхина 15 минотехь йаьккхира 4 очко, 3-зза дӀайелира, 4-зза дӀайала лерина буьрка схьалецира[12].

2006 шеран 12 июнехь Стэйли Дон йукъатуьйхира ткъе итт номинантантана, Зударийн КъБА хьовсархошна, массийн хаамийн гӀирсашна, тренерашна, баскетболхошна йукъахь кхаж тесчи, сацам бира ассоциацин итт шеран гулйина команда харжа, ткъа 13 июлехь лиго кхайкхийра кхаж тасаран официалан жамӀаш, ткъа Дон оцу иттанна йукъайахара[13]. 2011 шеран 23 июлехь Стэйли йукъатуьйхира лигин 15 уггаре дика ловзархошна, царна йукъабахара зударийн КъБА хьалхарчу пхийтта шеран уггаре Ӏаткъаме баскетболхой, церан хьуьнаршна йукъахь лорура спортан фейр-плей ларйаран хьесап, йукъараллин гӀуллакх дар, лидерийн хьуьнар, зударийн баскетбол кхиор[14]. 2016 шеран 21 июнехь зударийн КъБА рогӀера юбилей йолуш нахала йаьккхира лигин 20 уггаре дика ловзархочун исписка, ткъа Дон бен ца хилира хьалхара шина испискин йукъара кхоалгӀачунна йукъа йаханза[15].

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Dawn Staley Biography (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 18 сентябрехь Архивйина 2016-09-18 — Wayback Machine
  2. Dawn Staley Named to WNBA's All-Decade Team (инг.). virginiasports.com. Virginia Cavaliers Women's Basketball. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Архивйина 2016-08-19 — Wayback Machine
  3. 1 2 3 4 Virginia Women's Basketball: Final Four Team Capsules (инг.). virginiasports.com. Virginia Cavaliers Women's Basketball. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Архивйина 2014-12-27 — Wayback Machine
  4. Virginia Women's Basketball: Retired Numbers (инг.). virginiasports.com. Virginia Cavaliers Women's Basketball. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Архивйина 2016-08-19 — Wayback Machine
  5. 1 2 History of the American Basketball League (инг.). apbr.org. The Association for Professional Basketball Research. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь.
  6. 1999 WNBA Draft (инг.). draftsite.com. USA TODAY Sports Digital Properties. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь.
  7. 1999 Charlotte Sting Stats (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь.
  8. 1999 WNBA Season Summary (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь.
  9. Postseason Awards: 1998 (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 25 январехь Архивйина 2012-11-07 — Wayback Machine
  10. 2001 WNBA Season Summary (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь.
  11. 2001 Charlotte Sting Stats (инг.). basketball-reference.com. Sports Reference LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь.
  12. 2001 WNBA All-Star Game: Box Score (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  13. WNBA Announces All-Decade Team (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 4 мартехь Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  14. WNBA Honors Top 15 Players in League History During Halftime Ceremony at 2011 WNBA All-Star Game presented by adidas (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 25 сентябрехь Архивйина 2015-09-25 — Wayback Machine
  15. WNBA Top 20@20 Presented By Verizon Unveiled (инг.). wnba.com. WNBA Enterprises, LLC. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 13 июнь.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра