Субтропикийн аса

(Сутропикан аса тӀера хьажжина кхуза)


Субтро́пикаш, йа субтро́пикан а́са, — Къилбаседа а, Къилба а эхигашкахь, экваторан гергара тропикашна а, барамера шораллашна а йуккъехь лаьтта Дуьненан Ӏаламан (географин) асанаш[1] а, климатан зонаш а. Субтропикаш лаьтта 30° а, 40° гергарчу къилбаседан а, къилбан а шораллашна йукъахь. Оцу регионашкахь, дукхаха дерг, хаало тропикан аьхке а, тропикан доцу Ӏа а. Субтропикаш, дукха хьолахь, йоькъу аридан, тӀуьна, ах тӀуьна. Аьхка — тропикан, Ӏай — барамера хӀаваан массаш. Шеран заманашкахь хаъал къаьста температураш а, очанаш а. Ло дан а тарло. Субтропикан асан лаьмнийн тӀуьна кӀошташкахь хаало хьун-байн, йекъачу къошташкахь — хьун-аренан локхаллин асан спектр[1].

Латта тӀехь субтропикаш латтар (Алисовца)
Ливера Лаьттайуккъера хӀордан хьун

Баьржинчу кхетамо лору климат субтропикан, нагахь шеран йукъара температура Цельсин 14 градусал лакхара елахь, ткъа уггаре шийлачу беттан (январан йа июлан, наггахь — февралан йа августан) йукъара температура цулла а кӀезиг елахь, амма 0 градусал лахара яцахь.

Субтропикашкахь йисина хьалхарчу кайнозойн (йуккъера Киран мур) реликташ.

Температуран раж

бӀаьра нисйан

Беттан йукъара температура аьхка 20 °C лакхара, Ӏай 4 °C лакхара, полюсан хӀаваъ дагӀахь тарло гӀоролаш а, наггахь кӀеззига шелонаш а −10 °C кхаччалц. Субтропикан латтан тӀехь йочанийн барам а, церан раж а чӀогӀа хийцало Ӏапказ гергарчу кӀошташкара материкан чоьхьахьа, цуо климатан континенталалла оцу агӀора тӀекхетарца, дикка башхалле даладо Ӏаламан зонаш кхоллар[1].

Субтропикийн бухара тайпанаш

бӀаьра нисйан

Субтропикашкахь дикка къаьста коьрта кхо дакъа: Ӏаьнан тӀуналла йолу[1], малхбузан Ӏапказ йисттера, йа Лаьттайуккъера хӀордан климат (цӀере хьаьжна ца Ӏаш — Антарктида йоцучу массо а материкашна тӀаьхь[2]); дерриг шарахь а кӀезиг йочанаш йолу континенталан климат, аьхка шортта йочанаш йолу[1], малхбален Ӏапказ йисттера, йа муссонан климат. Цул сов, къастало цхьатерра тӀуьна йолу субтропикан климат (Аргентинан йукъ, Австралин къилба-малхбале)[2]. Малхбузан Ӏапказ йисттерачу декъехь — ах йекъа субтропикаш — йу боьмаша латта тӀехь евлла Лаьттайуккъера хӀордан онда гӀа долу хьаннаш а, коьллаш а. Къилбаседа эхигехь Лаьттайуккъера хӀордан онда гӀа долу хьаннаш а, коьллаш а хийцало къилба-малхбалехь сира-боьмаша латтан тӀехь йолу субтропикийн аренийн зонашца, уьш, шен рогӀехь, малхбалехь дехьайовлу континенталан декъе сира-боьра а, сиралаттан а субтропикийн ахгӀум-аренан а, гӀум-аренан а зонашка — йекъа субтропикашка. КӀилба эхигехь континенталан декъера субтропикийн дакъойн амалехь йу субтропикийн сира-боьра латта тӀиера аренаш; малхбален декъера субтропикийн дакъошкахь — гуттаренна а сийна лаьтта тӀуьна субтропикаш,, лакхарчу шораллашкахь — аьхка сийна лаьтта шуьйра гӀа долу хьунан формаци, дакъа лоцу гуттаренна сийначу кепаша, можа-боьран, можалаттан, цӀиенлаттан, Ӏаьржалаттан тӀехь шортта йочанаш а йолуш.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 4 5 Субтропикийн аса — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. 
  2. 1 2 География материков и океанов: Атлас. — М: Дрофа, ДиК. — 1997. — Карта «Климатические пояса и области мира».