Талхигова, Роза Шахидовна
Роза Талхигова (1965 шеран 3 июль, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн поэтесса а, Нохчийн яздархойн союз декъашхо а (1996 шо), Российн яздархойн союз декъашхо а (2002 шо), Российн журналистийн союз декъашхо а ю (2003 шо).
Талхигова Роза Шахидовна | |
| |
ГӀуллакхан тайпа | Яздархо, Поэт |
---|---|
Йина терахь | 1965 шеран 3 июль (55 шо) |
Йина меттиг | |
Корматалла | поэт |
Гражданалла |
![]() ![]() |
Да | ШахӀид |
Бераш | 2 йоӀ |
БиографиНисъе
Йина 1965 шеран 3-гӀа июлехь Соьлжа-ГӀалахь. Дуьххьара байт цо итт шо кхаьчча язйина. Цо Нохчи-ГӀалгӀайн республикан литературан къийсамашкахь дакъалоцар, даимма а лакхара меттигаш йохара. 1983 шарахь Саид Бадуев цӀарах болу къийсамехь шозлугӀа меттиг яккхира цо. Кест-кеста цо язйина байташ республикера журналашка а, газеташка а тӀейокхура. Цкъаццкъа иза радиос а, телевиденис а йистхила кхойкхура.
Цо школа чекхйаккхинчулатӀехь 1984 шарахь цуьна байташ къоначу тобанан цхьанатоьхна арахоьцушйолу «Ӏуренна аз» цӀе йолу байташан гуламан юкъаяхара. 1985 шарахь араелира цуьна шозлугӀа сборник «ОрамаштӀе хьалвахар».
1990 шарахь цо чекхйеккхира Москвара Горький цӀарах йолу литературан институт. Цул тӀеха цо «Вайнах» цӀе йолу литературин а, исбаьхьаллийн а журнал байтан дъека редакторан болх бина, Нохчийн Республикан адамийн бакъоний векал аппаратехь коьрта специалист болх бина.
Цо язйина байташца яккхина эшарш лоькхуш бу масийтта бевзуш болу нохчийн а, российн а эшархой.
БиблиографиНисъе
ХьажоргашНисъе
- Роза Талхигова Архивацийина 18 январехь 2014 шеран.
- Роза Талхигова — любящие сердца