Уралан пачхьалкхан техникин университет — УПИ

(Упи тӀера хьажжина кхуза)

Ура́лан пачхьа́лкхан те́хникин университе́т — УПИ́ Кировн цӀарах (УПТУ-УПИ) — Екатеринбургера лдм. 1992 шо кхаччалц цӀе Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институт, 1992 шарахь дуьйна — УПТУ (УПТУ-УПИ), 2008 шеран 23 апрелехь дуьйна Б. Н. Ельцинан цӀе тиллина[2]. 2010 шарахь Уралан пачхьалкхан А. М. Горькийн цӀарах университетца цхьаьнатоьхна кхоьллина Уралан федералан университет.

Уралан пачхьалкхан техникин университет — УПИ
Российн хьалхара Президентан Б. Н. Ельцинан цӀарах
(УГТУ-УПИ)
сурт
Дацдар УГТУ-УПИ
Халкъашна йуккъера цӀе инг. Ural State Technical University
Хьалхара цӀе Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институт, Уралан индустрийн институт
Девиз лат. Ingenium Creatio Labor
Кхоьллина шо 1920
Хийцам бина Уралан федералан университет
Хийцам бина шо 2009
Тайпа Техникин университет
Ректор А. И. Матерн
Президент C. С. Набойченко
Студенташ 40 300[1]
Аспирантура 1 124
Хьехархой 2 171
Лаьтта меттиг  Росси, Екатеринбург
Юридически адрес 620002, Росси, Екатеринбург, Машаран урам, 19.
Сайт сайт = http://urfu.ru/
СовгӀаташ Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден (Монголи)
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Университетах лаьцна

бӀаьра нисйан
 
УПТУ-УПИ коьрта корпус Ленинан проспектан агӀора гар
  • Хьехархойн персоналан барам 2 171 стаг, царна йукъахь 310 Ӏилманийн докторш а, профессораш а, 1124 Ӏилманийн кандидаташ а, доценташ а.
  • 39 100 студент (царех 23100 дуьхьала болчу кепара дешаран факультеташкахь).

Хьалхара цӀераш

бӀаьра нисйан
  • 1920 шеран 19 октябрь — 1925 шеран 15 май — Уралан Пачхьалкхан Университет
  • 1925 шеран 15 май — 1930 шеран 5 май — Уралан политехникин институт
  • 1934 шеран 22 июнь — 1934 шеран 17 декабрь — Уралан индустрийн институт
  • 1934 шеран 17 декабрь — 1948 шеран 20 февраль — Уралан индустрийн С. М. Кировн цӀарах институт
  • 1948 шеран 20 февраль —1967 шо — Уралан политехникин С. М. Кировн цӀарах институт
  • 1967 шо — 1992 шеран 24 декабрь — Уралан Къинхьегаман ЦӀен Байракхан орденан С. М. Кировн цӀарах политехникин институт
  • 1992 шеран 24 декабрь — 2000 шеран 12 май — Уралан пачхьалкхан техникин университет
  • 2000 шеран 12 май — 2008 шеран 23 апрель — Уралан пачхьалкхан техникин университет — УПИ
  • 2008 шеран 23 апрель — 2010 шеран 4 июнь — Уралан пачхьалкхан техникин Российн хьалхара Президентан Б. Н. Ельцинан цӀарах университет — УПИ
  • 2010 — Уралан федералан Российн хьалхара Президентан Б. Н. Ельцинан цӀарах университет (хийцамаш бинчул тӀаьхьа)
Файл:Логотип УГТУ-УПИ.png
Логотип

ЛДМ кхолла гӀертар

бӀаьра нисйан

1894—1896 шерашкахь оцу хенахь арахоьцуш хиллачу газеташкахь дуьйцура Уралехь техникин лдм кхолларх. Махкара гӀуллакххоша, Уралан Ӏаламдезархойн йукъараллаша жигара дуьйцура и гӀуллакх, лакхара ишколан тайпанах а, программех а, иза кхолларан меттигах, финансийн хьостех. Урхаллин меженашка, цуьнан хьокъехь хьажийра, масех дехар. Д. И. Менделеев шуьйрачу программица гӀиртира Уралехь промышленностан говзанчаш кечбаран система кхолла. Амма и проекташ кхочуш ца йира, хӀунда аьлча Уралан маьӀданан заводхоша оцу Ӏалашонна ахча ца лора. Уралехь лакхара техникин ишкол йилларан белхана Ӏаткъам бира гӀийлачу экономико. Уралан дечиган кӀоран тӀехь йолу металлургин лахара техникин тӀегӀа, лелош йара кегийра заводийн масштабехь, тиша техника хиларо сецайора интеллигенци кхиар[3].

XX бӀешеран юьххьехь иккхина экономикин къоьлло гӀуон Ӏаткъам бира Уралан маьӀданан заводийн промышленностана. Къоьллин шерашкахь (1900—1909) мехкан къилбан заводийн дайша шуьйра тӀелетира ламастан уралан базаршна. Керла заводаш яхкар сецира, гӀирс тишлора, заводаш дӀакъуьйлуш йара. 1909 шарахь Уралехь чуьна дар дуьйжира XIX бӀешеран йуккъехь хиллачу тӀегӀане. Къоьллин хиламаш а, депресси а ца иэшийра 1910 шарахь бен. Берриг махкахь хилла экономикин йукъара айам, баьржира Уралан маьӀданан заводийнпромышленностехь а. Металлургин сурсаташ иэшар алсама даьлла заводаша шордора арахецар, гӀирсаш карлабохура, белхалойн меттигаш алсама бохура. XX бӀешеран юьххьехь тӀекхийтира Уралехь инженераш кечбаран лдмаш дӀаелларан дехарш. Деккъа 1910—1911 шерашкахь дахьийтира ткъа сов дехар[4].

1910 шеран сентябрехь Екатеринбурге веина Министрийн Кхеташонан председатела П. А. Столыпина, махлелоран а, промышленностан а министре йаздинчу кехатехь билгаладоккхура

тешна Уралехь лакхара техникин дешаран меттиг йиллар дӀататта кхин йиш ца хиларх.

Ламанан институт дӀаелларан закон чӀагӀдира 1914 шеран 3 июлехь. Цуьнца план йара 14 кафедра дӀаелла: математикин, теоретикин механикин, физикин, химин, прикладн геологин, прикладни механикин, электротехникин, металлургин. Дешаран курс лерина йара 4 шарна. Институтан штатехь хила таро йара 19 ординаран а, экстраординаран а профессор, 15 штатан хьехархо, 6 лектор. Амма институт 1914 шарахь дӀа ца йиллира, студенташ дӀаэца пурба ца делира. Лдм кхуллуш болу кечаман белхаш бахбелира кхин а масех шарна[5].

Хьалхара шераш

бӀаьра нисйан

Университет йиллира 1920 шеран 19 октябрехь Халкъан Комиссарийн Кхеташонан «Уралан Пачхьалкхан Университет кхолларах лаьцна» цӀе йолчу декретаца. Факт йу ала мегар долуш ду, иза дӀаеллар Уралан ламанан Императоран Николай II-гӀачун институтан хиллачу гӀишлонан чохь, иза чӀагӀдира 1914 шеран 3(16) июлехь, дӀайиллира 1917 шеран январехь[6]. 1917 шеран апрелехь дешар институтехь сацийра. Институтан болх карлабелира 1917 шеран 9(22) октябрехь. Студентийн а, хьехархойн а коьрта дакъа (царна йукъахь ректор П. П. фон Веймарн) кхелхира 1919 шеран июлехь Владивостоке Колчакан эскарца, мебелна а, гӀирсна а талораш дина. Официалан университет дӀаеллар хилира 1921 шеран 8 январехь.[7]

Уралан пачхьалкхан университетан йукъа йолхара:

  • Ламанан институт (геологин талламан а, металлургин (1921 шо кхачале) а факультеташ),
  • Политехникин институт (механикин, химин, инженерин-хьуьнан, металлургин (1921 шарахь дуьйна) факультеташ),
  • Медицинин институт,
  • Хьехархойн институт,
  • Йуьртабахаман институт (фактехь ца йиллира),
  • Йукъараллин Ӏилманийн институт,
  • Белхан факультет[8].

Къоьлла, ялта ца кхиар, 1921 шеран Ийдалйистан мацалло таро ца йира Советийн Ӏедалан лакхара дешар кхио. 1922 шарахь ерриг а мехкан ЛДМашна финансаш елира хьалха цхьаьна Москохан университетан луччул. Уралан университетан пачхьалкхо латто рицкъ оьшучул а шозза кӀезиг дара, дисина рицкъ хьажадора меттигерачу промышленностан предприятешка, шахташка, рудникашка. 1921—1922 шеран Ӏай иккхира дуучун а, дагочу а къоьлла, хьедора алапа далар, паёк ялар, дагорг далар. Ӏилманан ницкъаш дӀаэха буйлабелира: дӀабахара промышленносте говзанчаш, церан Ӏилманан гӀуллакх чӀогӀачу уьйранашца арахецараллица дихкина дара; профессурин цхьа дакъа йухадирзира Москоха а, Петрограде а[9].

1922 шарахь институташка йекъайалар дӀадаьккхира, университетан йукъахь 3 факультет йисира: химин-металлургин (шена йукъайогӀура иштта химин а, инженерин-хьунан дакъа) а, ламанан а, медицинин а. 1924 шарахь медицинин факультет дӀаелира Перман пачхьалкхан университетан. Дуьххьарлера арахецар хилира 1924 шарахь, цуо мехкан ялх инженер велира. 1925 шеран 15 майхь РСФСР Халкъан комиссарийн кхеташонан сацамца Уралан Пачхьалкхан Университетан цӀе хийцира Уралан политехникин институт (УПИ) аьлла. Цул тӀаьхьарчу шерашкахь институтехь кхоьллира (я метахӀиттийра) факультеташ: геологи талламан, рудникин, хьуьнан промышленностан, механикин. 1929 шарахь йиллира гӀишлошйаран факультет, ткъа химин-металлургин факультет йийкъира химин а, металлургин а факультеташна[10].

1923 шарахь дуьйна уралан промышленносто Уралан университетан техникин факультеташна проценташ ялар бахьнехь, студентийн хьал тодала доладелира[11].

  • Филиал Алапаевск гӀалахь
  • Филиал Лакхара Салда гӀалахь
  • Филиал Ирбит гӀалахь
  • Филиал Краснотурьинск гӀалахь
  • Филиал Красноуральск гӀалахь
  • Филиал Невьянск гӀалахь
  • Филиал Первоуральск гӀалахь
  • Филиал Серов гӀалахь
  • Филиал Сысерть гӀалахь
  • Филиал Чусовой гӀалахь
  • Филиал Каменск-Уральски гӀалахь

Спорт а, туризм а

бӀаьра нисйан

1959 шарахь 5 курсан Дятлов Игорь куьйгаллехь волу УПИн студентех а, арахецначарех а лаьтта туристийн тоба, новкъа елира ламанан походе. ЖамӀехь ерриг туртоба кхелхира, баларан хьал хӀинца а хаанза ду.

Студентийн спортан база йу Ӏаьнан а, аьхкенан а стадионаш, 11 башха спортан залаш, 2 когсалазий база. Университетан векалш масийттаза хилира яккхийн спортан дуьненайукъара къийсамийн толамхой, царна йукъахь Олимпийн ловзарийн, Дерригдуьненан универсиадийн, дуьненан а, Европин а чемпионатийн. Дуьххьара, 1982 шарахь, уггаре лекха дуьненан бохь Эверест къарбинчарна йукъахь вара — С. Ефимов а, Е. Виноградский а[12].

Университетехь йина профессионалийн спортан клубаш: баскетболех, мини-футболех, гандболех ловзарехь, яйнлегкой атлетикан, тархаш тӀевийларан, боксан[13]. Еккъа 1996 шарахь студенташа йаьккхина 2 детин мидал Олимпийн ловзаршкахь (Атланта, АЦШ), 7 стаг дуьненан чемпион хилира. 1995 шо кхачале университето кечвира 5 спортан хьакъ долу говзанча, 20 спортан дуьненайукъара классан говзанча, 578 спортан говзанча, 4889 спортан говзанчийн кандидат а, I-ра тӀегӀа йолу спортхо а. Йина Российн Лакхара лигин говзанчийн 4 команда[14].

СовгӀаташ

бӀаьра нисйан
  • 7 май (Радион де) — хӀора шарахь 7 майхь суьйрана боьлху радиотехникин факультет тӀера А. С. Поповн иэсе[15].
  • ХӀора шарахь майн 3-гӀачу кӀиранан дийнахь гӀалин турклубаца цхьаьна дӀахьо Майн дуьйладалар.
  • ХӀора шарахь апрелан шолгӀачу мукъачу деношкахь университетехь дӀахьо интеллектан ловзарийн фестиваль «ТӀулган зезаг»[16].
  • 1956 шарахь дуьйна УПИхь дӀахьо Дуьненайукъара Студентийн Фестиваль «БӀаьсте-УПИ». Фестиваль дӀахьо 5 шарахь шозза[17].

Литература

бӀаьра нисйан
  • Уральский государственный технический университет. 1920—1995 гг.: Исторический очерк / Отв. ред. Б. В. Личман. — Екатеринбург: УГТУ, 1995. — 352 с. — ISBN 5-230-17188-X.
  • В. С. Шаврин, С. В. Карелов, С. В. Устелемов и др. Уральский государственный технический университет — УПИ: 80 лет / Редкол.: С. С. Набойченко (отв. ред.) и др.. — Екатеринбург: УГТУ-УПИ, 2000. — 87 с.
  • Ред. совет: С. С. Набойченко (пред.), А. Б. Соболев, В. Г. Усенко и др. Уральский государственный технический университет — УПИ. — Екатеринбург: Реал-Медиа, 2005. — 431 с.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. УГТУ-УПИ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  2. УПИ стал президентским вузом! ТӀекхочу дата: 2010 шеран 7 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 10 майхь Архивйина 2010-05-10 — Wayback Machine
  3. Личман, 1995, с. 7—8.
  4. Личман, 1995, с. 9.
  5. Личман, 1995, с. 11.
  6. Уральский государственный горный университет. Rosmining – это специализированный ресурс посвященный горнодобывающей отрасли России.. Rosmining (2014 шеран 17 июль).
  7. Личман, 1995, с. 11—12.
  8. Личман, 1995, с. 13.
  9. Личман, 1995, с. 15.
  10. Личман, 1995, с. 15—17.
  11. Личман, 1995, с. 19.
  12. Личман, 1995, с. 245.
  13. Личман, 1995, с. 317—318.
  14. Личман, 1995, с. 4.
  15. Анастасия Москвина. «РТФ! УПИ! Попов!» В День радио улицы Екатеринбурга перекроют из-за шествия. Сетевое издание «Е1.РУ Екатеринбург Онлайн». ООО «Сеть городских порталов» (2014 шеран 7 май). Архивйина 2018-07-19 — Wayback Machine
  16. Анастасия Москвина. В Уральском федеральном прошел XIV Межрегиональный фестиваль интеллектуальных игр «Каменный цветок». ООО Интернет-издательство «Афиша нашего города» (2011 шеран 25 май). Архивйина 2018-07-19 — Wayback Machine
  17. Личман, 1995, с. 159—160.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан