Уьчар-Хьаьжа
Уьчар-Хьаьжа — Ӏелам стаг, Мох-Берде йуьртара молла хилла[2], кхечара дийцарехь Майртупара молла[3][4],[5] хилла. 1825 шеран 27 июлехь Уьчар-Хьаьжас байина инарлаш Н. Греков а, Д. Лисаневич а.
Уьчар-Хьажа | |
---|---|
Iумар-Якъуб | |
| |
Харц цӀе | Уьчар-Хьажа |
Вина терахь | чакх. XVIII бӀешо |
Вина меттиг | Гендаргана, Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | хууш дац |
Кхелхина меттиг | Гезлой-Эвла, кхи дийцаршкахь — Хьалха-Марта, Нохчийчоь |
Пачхьалкх | Нохч-Мохк |
ТӀемаш | Кавказан тӀом 1817—1864 шерийн |
Биографи
бӀаьра нисйанСхьадийцарехь, Уьчар-Хьаьжа вина Гендерген эвлахь XVIII бӀешо чекхдолуш нехачу жимачу цӀа чохь, Цуьнан нана оьрсийн эскарах едда Гендергена. КӀант дуьненан тӀе волуш иза уьне долу морзгал лазар кхетта хилла, цунна уьйчохь эцна хилла бер схьа. КӀантана Ӏумар-Якъуб цӀе тиллира, ткъа Уьчар олура цунах иза уьйчохь вина волундела. Иза лекха, онда вара, буьрса хьажар дара цуьнан. Ӏелам стаг велахь а, дика тӀемло вара, ткъа тӀемло хиларна цхьаьна меттехь вехаш а вацара. Шен тӀаьххьара шераш Уьчар-Хьаьжас Хьалха-МартантӀехь дехьира. Циггахь ширчу кешнашкахь дӀавоьллина а ву. Ткъа дийцарш, Уьчар-Хьаьжа Гезлой-Эвлахь кхелхина бохург гӀалате долчух тера ду, хӀунда аьлчи, цуо дакъалаьцна Ӏалхан-Юртан гена доццуш тӀамехь, имам Шемал эскарехь, оьрсийн эскар эша а деш. Дийцарехь тӀом дукха луьра хилла, Уьчар-Хьаьжин карара тоьпа чӀижаргӀа лала а лелаш. Ткъа Гезлой-Эвлахь и хилам хиллачул тӀаьхьа хилла Ӏалхан Юртара тӀом[6].
Гирз-Эвлара хилам
бӀаьра нисйан1825 шарахь Кавказан тӀеман аренашка велира имам Шемал. Ламанхойн эскаран хьалхара тӀом хилира гӀийла ларош йолчу Терк тӀиерачу Ӏаммир-Хьажа-Юртан; цунна тӀехьа халлака йира ши гӀап — Злобн окоп а, Преградни стан а, ткъа цул тӀехьа ламанхой хьалха Таймин Биболат а волуш ворхӀ дийнахь-бусий гуо латтийра Гезлой-Эвлаа оьрсийн тӀеман чӀагӀонна, иза йара Внезапни а, Грозни а гӀопашна йукъахь. Гезлой-Эвлан гарнизонан ледара хьал девзинчу, Н. Грековс, Кавказан асанан баьчча волчу инарла-лейтенантаца Лисаневичаца цхьаьна хьаьдира Грозни гӀопара гӀоьнна, цуьнца йара иччархойн 3 рота, 400 гӀалагӀазкхий, 6 йоккха топ. Чехка кхачарца кӀелхьара йаьккхира Гезлой-Эвлан гарнизон; 1825 шеран 26 июлехь ломанхой йухатуьйхира. ШолгӀачу дийнахь паччахьан инарлашна дагадеира нохчашна гӀодина аксайхошна таӀзардан, чӀагӀоне кхайкхира 318 стаг Ширачу Аксайр. Иштта дуьйцу хилларг В. Поттос[2]
Цигахь уьш тӀеийцира, гуо лаьцначу хенахь бӀевна чу левчкъина Ӏийна болу, гӀумкийн пурстоьпо Филатовс а, Аксайн йуьртдас Хасаев Мусас а. Цара кхайкхира, Аксайн бахархоша гечдар дехар, амма Лисаневична лаара гӀаттамхой кхеро, къовламах масала хилийтархьама, бехкен берш схьабийхира. ШолгӀачу дийнахь, берхӀийтталгӀачу июлехь, Гезлой-Эвлахь вовшахтуьйхира кхо бӀе берхӀийтта гӀумкий. Кхузахь бара дика хаабелларш а гӀаттамхошца, йуьртдай а бара, Российн чӀогӀа муьтӀахь болу нах а бара. |
Поттос дийцарехь, Лисаневич гӀумкашна тӀевахана, гӀуно дика гӀезалойн мотт хууш волуш, талмач оьшуш воцуш[2] ткъа Гаммерс дийцарехь Лисанович нохчийн маттахь луш хила нах сийсаз беш[7], оьзда боцучу маттахь емалбан волавелира уьш ямарталлех Ӏиттарш а йеш. Цул тӀаьхьа йаззам схьа а баьккхина бехкенаш схьакхайкха волавелира. Хьалхарчу шимма дуьхьало ца йира, амма кхоалгӀаниг, молла Уьчар-Хьаьжа, баьццара башлакх а, кӀайн чалма а йихкина, голаш тӀекхаччалц дерзина когаш долуш, хаьнтӀахь доккха шаьлта а долуш, лаьттара тобана йукъахь акха, тиладелла хьажар долуш, аравала лууш а вацара. Лисаневича шозлагӀа а кхайкхира. Амма толмачо тӀе а веана шен куьг схьалаьцча, дӀакхоссавелла Лисаневичан улло нисвелира, инарла дӀатаӀа кхиале некхан у тӀе шаьлтанца чов йира. Лисаневич вуьжира шен адъютантан кара. Цецваьлла, Греков хьаьдира гӀоьнна, амма лап алале вуьжира Уьчаран карах, шиъ чов йина, тӀехьарниг некхьах кхетна валаран чов хилира. ЦӀийно вахийна, Уьчар хьаьдира Хасаев Мусан тӀе, охьахаа кхиина кӀелхьара велира. Уьчар цунах тасавелира, гӀумкийн пурстоьпо Филатовс, жима стаг вацара иза, оцу меттигах аьтту баьлла куьйгаш схьалецира цуьнан. И шиъ леташ хьаьрчира, амма Уьчар онда вара, Филатовл тоьлуш а вара, схьаиккхина Хасаев Мусас коьрташ тур туйхира цунна, ткъа кхечу гӀумкийчо уллора топ туьйхира. Бисина гӀумкий, кхерабелла, бевдира. Лисаневича, чевнан тӀе куьг диллина кертан тӀетевжина Ӏаш вара, амма воьхна вацара. Греков вийна ма-аьлла, зуламе хилла мохь белира: «Байа!». Салташа сиха кевнаш къевлира, массо а чӀагӀон чохьберш хӀаллакабан буьйлабелира. Дукхаха болчу гӀумкаша, хиндерг гуш, дӀахиттийна салтийн тоьпаш схьаийцира, кхинболчара шеш шаьлтанашца ларбора, берхӀийтта салтичунна чов йира, амма шеш массо цигахь ийгира. Беллачарна йукъахь бара бане а бехк боцурш, оьрсашна чӀогӀа муьтӀахьберш, масех Ӏаьдарера вахархо а вара цигахь. ОьгӀазбахана салташа, чоа доьхна гиначех, цхьаннех къинхетам ца бора. Вийнера инарлица волу кхоъ гуьржи а, масех гребенски гӀалагӀазкхи а. КӀеззига гӀумкий аралелха кхиира чӀагӀончура, амма уьш а байира орца хезна хьуьнчура богӀучу салташа. Ткъа Ермоловс дийцарехь, «аксайхой кхера ца беллийхьара, цара гӀуно атта схьайоккхур йара Гезлой-Эвлан чӀагӀо а, йаккхий тоьпаш а, хӀунда аьлчи царна уллохь цхьа канонир вацара[8][9]."
Толстой Лева Гезлой-Эвлахь хиллачух
бӀаьра нисйанТолстой Лева хоуьйту, Уьчар-Хьаьжас, ламанхочо, гӀаттам бира 1825 шарахь Шира Аксай эвлахь, байира инарлаш Греков а, Лисаневич а. Кхин дӀа йаздо:
Япишкас дийцира суна, Грековс а, Лесаневича а Ширачу Аксайр бакхий нах а, мостагӀашна сурсаташ дохкарна шеко йолуш волу Уьчар-Хьаьжа а Гезлой-Эвла кхайкарх. Уьш кхетийна, Уьчар-Хьаьжас динарг законан дуьхьала ду иза сацо веза аьлла, кхин болу гӀезалой паргӀата а бовлийтира, ткъа Уьчар-Хьаьжа кевнашкахь массаьргара а герз схьадоккхуш, шаьлта пхьош чу лачкъо кхиира, хезна хӀун ду, цуо кхоссавелла Греков шаьлта туьйхира, тӀаккха Лисеневичан туьйхира, гӀоьртира Хасаев Мусан тоха, амма Бегичев тур тоьхна вожо кхиира иза. Кхузахь хилла гӀезалой, массо а, байира. Царна йукъахь Япишкин накъост а, Парабычевра таллархо а, гӀалагӀазкхий Данил а[10].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ В лесах и аулах Чечни: Генерал Греков] / [В. Потто]. - [Санкт-Петербург] : В. А. Березовский, ценз. 1899
- ↑ 1 2 3 А.В. Потто. «Кавказская война». («Кавказская война в отдельных очерках, эпизодах, легендах и биографиях»), (в 5-ти томах). 1899 г. Том 2
- ↑ Айдамиров Абузар - Долгие ночи
- ↑ Майрбек ВАЧАГАЕВ Президент Центра кавказских исследований. Париж, Франция. "ДОШ" №3-2011
- ↑ История тейпа Дишний и топонимия аула Эндирей С. БАШИРОВ № 212 (2396)
- ↑ Очар-Хаджи
- ↑ — М. ГАММЕР ШАМИЛЬ МУСУЛЬМАНСКОЕ СОПРОТИВЛЕНИЕ ЦАРИЗМУ ЗАВОЕВАНИЕ ДАГЕСТАНА И ЧЕЧНИ Москва КРОН-ПРЕСС 1998
- ↑ Система Ермолова 1816—1826
- ↑ Кавказская война. В очерках, эпизодах, легендах и биографиях Автор: Василий Потто
- ↑ Полное собрание сочинений, Том 46 Лев Толстой (граф) Гос. изд-во худож. лит-ры, 1934