Майртуп[2]Нохчийчоьнан Курчалойн кӀоштан эвла.

Эвла
Майртуп
43°12′15″ къ. ш. 46°07′55″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Республика Нохчийчоь
КIошт Курчалойн
Истори а, географи а
Центран локхалла 189 метр
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366315
Автомобилан код 95
Код ОКАТО 96212000009
Код ОКТМО 96612422101
Картин тӀехь
Майртуп картан тӀехь
Майртуп
Майртуп картан тӀехь
Майртуп
Майртуп картан тӀехь
Майртуп

Иза йу Майртупан йуьртан меттиган административан центр[3].

Бахархой нисйе бӀаьра

Бахархойн дукхалла
2020[1]
13 824

Географи нисйе бӀаьра

Майртуп йу Гумс эркан бердаца, Курчалойн-ГӀалин малхбалехьа йу.

Уллера нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехьа — БӀачи-Йурт эвла йу, къилбаседа-малхбузехьа — Илсхан-Йурт эвла йу, къилбехьа — Хьиди-КӀотар эвла йу, къилба-малхбалехьа — ЖагӀларги эвла йу, къилба-малхбузехьа — НикӀи-ХитӀа эвла йу, малхбузехьа — Курчалой-ГӀала (кӀоштан центр)[4].

Истори нисйе бӀаьра

23 февралехь 1944 шарахь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Сулебкент аьлла хийцина[5][6]. Эвла бахкина Дагестанера суьйлий. 9 январехь 1957 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[7] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча йуха баха.

Тайпанаш нисйе бӀаьра

Майртупахь дехаш доллу тайпанаш:

  1. Аьккхий
  2. Бийтарой
  3. Гуной
  4. Мелардой
  5. Чартой
  6. Ялхой
  7. Хьачарой
  8. ЦӀонтарой
  9. Ширдий
  10. Шоной
  11. Энакхалой ишт кхин тайпанаш ду.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 https://web.archive.org/web/20200822004543/https://rosstat.gov.ru/storage/mediabank/CcG8qBhP/mun_obr2020.rar
  2. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006
  3. Майртупская сельский округ (сельсовет)* (Курчалоевский район) Архивйина 2012-02-08 — Wayback Machine
  4. Карта Чечни Объем 8 МБ.
  5. Краткая историческая справка об административно-территориальном делении Чечено-Ингушетии. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 2 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 8 ноябрехь
  6. Ведомости Верховного Совета РСФСР № 5 1958
  7. Указ Президиума ВС СССР от 09.01.1957