Хамхоев, Ваха Висангирин воӀ
Хамхоев Ваха Висангирин воӀ (1952 шеран 11 сентябрь, Батпакты, Карагандан область — 2014 шеран 15 февраль, Несара, ГIалгIайчоь) — гӀалгӀайн поэт, прозаик, драматург, гочдархо, публицист.
Хамхоев Ваха Висангирин воӀ | |
---|---|
Вина терахь | 1952 шеран 11 сентябрь |
Вина меттиг | Кхазакхстан, Карагандан область, Осакаровски кӀошт, Актасты станци |
Кхелхина терахь: | 2014 шеран 15 февраль (61 шо) |
Кхелхина меттиг: | ГӀалгӀайчоь, Несара |
ГӀуллакхан тайпа: | прозаик, поэт, драматург, гочдархо, публицист |
СовгӀаташ: |
Биографи
бӀаьра нисйанХамхоев Ваха вина 1952 шеран 11 сентябрехь Карагандин областан Осакаровски кӀоштера Актасты станцехь, вайнах махках баьхначу заманахь. 1957 шарахь доьзалца цхьаьна цӀехьа вирзира Нохч-ГӀалгӀайн АССР Несаран кӀоштарчу Эккажакъоьнгий-Юрта.
1959 шарахь Эккажакъоьнгий-Юртан №1 йолчу йуккъерачу ишколан 1-чу классе вахара, 1969 шарахь чекхйаьккхира и ишкол. Цул тӀаьхьа, 1969—1974 шерашкахь (эскаре вахале а, эскарера ваьлчи а) болх бира БуритӀе гӀалин тайп-тайпанчу гӀишлошйаран предприятешкахь а, заводашкахь а. 1970—1972 шерашкахь эскарехь вара Малхбузан Украинин махкахь, ССРС ТӀеман-хӀаваан ницкъашкахь. 1974 шеран мартера август кхаччалц дийшира Эна-Хишкарчу ЮГТД шоферан курсашкахь, тӀаккха 1 шарахь болх бира Несаран КӀЦ «Сельхозтехника».
1975 шеран августехь дехьавелира чоьхьарчу гӀуллакхий меженашка, цигахь 1980 шо кхаччалц болх бира шофер а, Несаран КӀЧГӀД дежурни декъан милиционер а.
1980 шарахь дуьйна вехара Несарахь. 1980—1981 шерашкахь дийшира ЦӀарах лардаран хьаькамаллин хӀоттаман лахарчу а, йуккъерачу а ишколехь Воронежехь, цул тӀаьхьа болх бира Несаран КӀЧГӀД Пачхьалкхан цӀеран тергонан лакхара инспектор, Несара гӀалин № 1 йолчу ЦӀеран декъан хьаькам. ГӀалгӀайн Республика кхоьллинчул тӀаьхьа Хамхоевс болх бира РГӀ ЧГӀМ пачхьалкхан цӀеран гӀуллакхан декъан хьаькаман гӀовс даржехь. 1995 шеран июнехь чоьхьарчу гӀуллакхийн капитан чинехь пенси вахара.
1983—1989 шерашкахь дийшира Нохч-ГӀалгӀайн Л. Н. Толстойн цӀарах университетан филологин факультетан дуьхьала воцучу декъехь, делира «оьрсийн меттан а, литературин а, гӀалгӀайн меттан а, литературин а хьехархо» квалификацин говзанчийн диплом.
2009 шарахь «Йукъара Росси» партин испискашца хаьржира «Несара гӀалин гуо» муниципалан кхолламан ГӀалин кхеташонан депутат, 2011 шарахь йуха хаьржира керлачу хенан а.
Велира 2014 шеран 15 февралехь.
Доьзал
бӀаьра нисйанЗуда — Котикова Ӏайшат Юсупан йоӀ;
- бераш — Дали, Яха, Чах, Мухьаммад.
Кхолларалла
бӀаьра нисйанИсбаьхьаллин кхолламаш йазбан волавелла ишколехь дуьйна, жигара дакъалоцура драматургин гуонехь. Исбаьхьаллин литературин а, ненан метам а безам чубиллира Вахин ишколан хьехархоша. Баркаллица дагалоьцура Вахас шен хьехархой — гӀалгӀайн меттан а, литературин а говзанчаш, кхин хьехархой: Гойгов Ахьмада Хьамзатан воӀ (1959-1960 шерашкахь хилла дуьххьарлера классан куьйгалхо), Экажев Мажит, Сапралиева Роза, Албогачиева Рукъият, Гагиев Ахьмад, Добриев Мохьмад, Цечоев Юсуп, Муталиев Увайс, Албогачиев Салман.
1981 шарахь Хамхоев Вахас дакъалецира Республикин (НГӀАССР) литературин Бадуев СаӀидан цӀарах къовсамехь, цуьнан «Цӏена безам» дийцаро баьккхира 3 меттиг.
1994 шарахь, вайнах мехках бахаран 50 шо кхочучу дийнахь, ГӀалгӀайн Пачхьалкхан драмин Базоркин Идрисан цӀарах театро цуьнан пьесица «Іоажал йоаца халкъ» («Ӏожалла йоцу халкъ») спектакль хӀоттийра.
Хамхоев Вахин байташ, дийцарш, очеркаш, йаззамаш зорбанехь йара кӀоштанийн а, республикин а газеташкахь, литературин альманахашкахь, журналашкахь, «Литературин ГӀебартойн-Балкхаройчоь», «Минги тау» («Эльбрус», балкхаройн маттахь), нохчийн «Вайнах» журналехь, хӀиттайора ТВ. Иштта цуьнан байташ гочйина оьрсийн, гӀебартойн, гӀалмакхойн меттанашка. Хамхоев Вахин байташца йазйина эшарш, уьш хеза Евлоев Раян, Барахоева Любин, Алиева Ӏайнаан, Мархиева Людмилин аьзнашца локхуш.
2001 шарахь Хамхоева В. В. ГӀалгӀайчоьнан йаздархойн бертан йукъаийцира, ткъа 2002 шарахь — Российн йаздархойн бертан декъа. Иза ву Кавказан йаздархойн клубан а, Российн Литературин Фондан а декъахо.
2006 шеран апрелехь йаздархойн йукъарачу гуламехь В.Хамхоев хаьржира Республика ГӀалгӀайчоьнан йаздархойн союзан председатель, цунна куьйгалла дира ша валлалц.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- «ГӀуллакхаш дарна» орден[1].
- РФ ФГ Федерацин Кхеташонан председателан баркалалла (2010).
- «Республика ГӀалгӀайчоьнан халкъан йаздархо» сийлахь цӀе[2].
- «Йукъаралло къобал вар» сийлахь детин орден (Росси).
Билгалдахарш
бӀаьра нисйанХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |