ХӀинд бинт Ӏутбат (Ӏаьр. هند بنت عتبة‎‎) — Ӏутбат бин РабиӀатан йоӀ йу, Макки элан Абу Супьенан зуда а йу. Мухьаммад-пайхамаран зудчуьн Хьабибатан нана йу иза.

ХӀинд бинт Ӏутбат
Ӏаьр. هند بنتت عتبة‎‎
Говзалла поэт
Йина терахь 584
Йина меттиг Ӏаьрбийн ахгӀайре
Кхелхина терахь 635[1]
Кхелхина меттиг Макка
Къам, некъе Къурайш, Бану Ӏабд Шамс
Да Ӏутбат бин РабиӀат
Нана Сафият бинт Умайят
Майра ФакъихӀ ибн МугӀират, Абу Супьян ибн Хьарб
Бераш МуӀавият, Марьям Умм Хьакам, Абан, Джувайрият, Ӏутбат, Умм Хьабибат
Динлелор Ширк, тӀаккха Ислам
ТӀеман гӀуллакх
ТӀемаш

Дахарех лаьцна

бӀаьра нисйан

ХӀинд чӀогӀа хьекъал долуш стаг хилла. Цуьнан да Ӏутбат Хьамзатас вийра Бадрехь, иштта цуьнан ваша Валид а. Эфиопийн лай вара Вахши олуш, цуьнга ХӀиндас Хьамзат вийтинера Ухудехь. ХӀиндас Хьамзатан доӀах схьа даькхна, даа гӀерташ йара. Бусулба дин тӀеийцира цо, Пайхамар къинтӀира велира цунна. Шен цIахь цолу делойн хIуппалгаш йохийра цо. "Наггахь цара гӀо динехьара, ас дийр дацара хӀара" - элира цо. Ярмукехь тӀам тӀехь а хиллера иза.

  1. VIAF(бил-боцу.)[Dublin, Ohio]: OCLC, 2003.