Бану ХӀашиман бутт
«Бану ХӀашиман бутт» (Ӏаьр. قمر بني هاشم) — шеман телесериал ю, Мухьаммад пайхамаран ﷺ биографих лаьцна ю, 30 сери а йолуш. Сериал арахецнарг ву режиссëр Мухьаммад Шейх Наджиб. Сериалан сценари дӀаязйинарг ву Махьмуд Ӏабдул-Карим. Фильмехь дакъа лаьцна бу, дикаха болу Ӏаьрбийн актëраш: Рашид Ӏассаф, Басам Яхур, АсӀад Фаддат, Наджахь Сафакуни, ЗухӀайр Рамадан а дӀ.кх.
Бану ХӀашиман бутт | |
---|---|
Ӏаьр. قمر بني هاشم | |
Жанр | истори / драма / дин |
Сценарихо | Махьмуд Ӏабдул-Карим |
Режиссёр | Мухьаммад Шейх Наджиб |
Рольшкахь |
Рашид Ӏассаф Бассим Яхур АсӀад Фаддат Наджахь Сафкуни Тайсир Идрис ЗухӀайр Рамадан |
Композитор | Валид аль-ХӀашим |
Пачхьалкх | Шема |
Мотт | Ӏаьрбийн |
Сереш | 30 |
Кхоллар | |
Трансляци | |
Телеканал | Lebanese Broadcasting Corporation International |
Экранаш тӀехь | 2008 дуьйна |
Хьажоргаш | |
IMDb | ID 9500124 |
2008-чу шарахь хӀара фильм дикаха ерг хилира, Мухьаммадан дахарах лаьцна йолчарна юкъахь.
Бюджет
бӀаьра нисйанДешдакъа: «Мухьаммад пайхамаран дуьззина дахарах лаьцна дӀаяздар».
Сериалехь гойтуш Мухьаммадан дайшах лаьцна а, цуьнан бераллех лаьцна а. Мухьаммад дедех а, денеах а лаьцна гойту Ӏабдул-МуттӀелип, ПетӀимат бинт Ӏамр а, Абу ТӀелип, Хьамзат а дӀ.кх. Мухьаммад гойтуш вац кху чохь, цунах тера диллина суьрто цуьнан элчаналла сийсаз йолу, и бахьана долуш. Кхин цуьнан ансарех, наскъостех, асхьабех а лаьцна гойтуш ю дукха меттигаш. Къурайшин элий а бу гойтуш, Абу Супьян, Абу ДжаьхӀль, Умайят, Валид ибн МугӀират, Ӏутбат кхиберш а. Иштта гойтуш бац кху чохь, сийлахь болу турпалхой а, Мухьаммадан зударий а, йоӀарий а.