Хьамзат бин Ӏабдул-МуттӀелип

Мухьаммадан деваша

Хьамзат бин Ӏабдул МуттӀелип бин ХӀашим (Ӏаьр. حمزة بن عبد المطلب‎‎) — Мухьаммад пайхамаран жимах волу деваша ву. Цулла диъ шо воккха ву иза. Ӏабдул-МуттӀелипан жимах волу кӀант а ву. «Делан лом — АсадуллахӀ» — аьлла цӀе йахара цунна.

Хьамзат бин Ӏабдул-МуттӀелип
حمزة بن عبد المطلب
[[Файл:|200px|Сурт]]
Абу Ӏамарат, Абу ЯӀала, АсадуллахӀ ва Асаду-р-расулахӀу, Саййид АшшухӀадаъ, Саййидина Хьамзат
Вина терахь 568
Вина меттиг Макка
Кхелхина терахь 625 шеран 22 март({{padleft:625|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:22|2|0}})
Кхелхина меттиг Ухьуд, Мадинат
ДӀавоьллина меттиг Ухьуд лам
Къам Ӏаьрбий, Къурайш, Бану ХӀашим
Да Ӏабдул-МуттӀелип бин ХӀашим
Нана ХӀалат бинт ВахӀб
Зуда Сальма бинт Умайс
Бераш ЯӀла, Ӏамир, Ӏамарат, Умамат
Динлелор ислам

Биографи нисйе бӀаьра

Хьамзат къурайшин йукъахь уггаре чӀогӀа онда стаг вара. Иштта таллархо а вара иза. «Делан лом» — аьлла цӀе тиллира цунна. МостагӀех хьулвелла Къаф лам тӀехь Оркам цӀе йолчу шен асхьабан хӀусамехь хилла Мухьаммад-пайхамар  . Цигахь иза, сийсазвеш, лаза а веш, цунна дов дина Абу ДжаьхӀала. Иза хиина Мухьаммадан девешина Хьамзатана, талла ваханчуьра цӀа вогӀуш. Гулбеллачу нахана йуккъехь ша диначух дозалла деш, иза дӀадуьйцуш лаьтташ Абу-ДжаьхӀль а волуш, озийна Ӏад а долуш веана тӀе хӀоьттина Хьамзат. ТӀекхоччушехь цо коьртах тоьхна Абу ДжаьхӀлана, йоккха чов а йеш. Орцах хьаьдда Абу-ДжаьхӀилан гергарнаш. «Виталаш иза, — аьлла кхеравеллачу Абу ДжаьхӀила, — Хьамзат кӀад ван а дагахь. Ша бакъ долуш, вон лазийна цуьнан вешин кӀант». Ткъа иза ша даран бахьана, Мухьаммада дин хийцар ду, аьлла цо. Хьамзат ша а ца хилла цу хенахь имане веана. Амма шен вешин кӀант лазорна кийра йоьссинчу оьгӀазлоно, кхетамо ца динарг деш, дог хийцина Хьамзатан.

«ТӀаккха со а ца теша-кха шун тӀулгийн деланах. Ницкъ буй шун со цунах тешийта?» — аьлла цо. Цу меттехь дакхайкхина Хьамзата, Дела цхьаъ во ша, шен вешин кӀант Мухьаммад пайхамар хиларца бакъ а во ша, аьлла.

Ухьудан гӀазотехь иза вийнера, Вахьши бин Хьарбас, хӀунда аьлча Ӏутбатан йоӀ ХӀиндо шен да вийна дера, цунах чӀир эцархьама. Ша вийначу меттехь дӀавоьллина ву Хьамзат.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Фильмаш нисйе бӀаьра