Хьехархо волу Буддан дашо хӀусам

(Хьехархо волу Буддан дашо хIусам тӀера хьажжина кхуза)

Хьехархо волу Буддан дашо хӀусам (гӀалм. Бурхн Багшин алтн сүм; оьрс. «Золотая обитель Будды Шакьямуни»)- ГӀалмакхойн Республикехь буддийн зиярт. Европехь буддийн зиярташах даккхийчерах цхьаъ. Лаьтташ ю Элиста гӀалахь, Юрий Клыков цӀарах болу урамехь.

Сийлахь меттиг
Хьехархо волу Буддан дашо хӀусам
Бурхн Багшин алтн сүм
46°18′34″ къ. ш. 44°16′17″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх ГӀалмакхойчоь
ГӀала Элиста
Лаьтта меттиг Элиста, ГӀалмакхойчоь
Дин Тибетан буддизм
Орденан тайпа гелуг
Проектан автор С.Курнеев а, В. Гиляндиков а, Л. Амнинов а.
Йиллинарг XIV-гӀа Далай-лама
Йиллина терахь 2005 шо
Реликвеш а, сийлаллаш а XIV Далай-Ламан бедар а, Цонкапан Ламан месаш а
Статус ГӀалмакхойн Юккъера Буддийн монастырь
Сайт buddhisminkalmykia.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Зияртан гӀишлон локхалла кхузткъе кхо метр ю. Циг чохь Буддан исс метр лекха статуя ю.

Истори нисйе бӀаьра

ГӀишлояр нисйе бӀаьра

Ленин цӀарах урамехь, хьалха эчиг-бетонан тиша завод литтина меттехь йина хурул. 2004-чу шарахь Элиста веана волчу XIV-гӀа Далай-ламас къобалдарца хурул яран белхаш долийра . Иза Тибетан а, монголийн а, Россиян а буддисташан динан хьалхаваьлларг ву.

Исс беттан муьрехь гӀишлошъярхой а, архитекторш а гӀишло дӀахӀотто а, зиярт чоьхара кеч а дан ларабира. Проект кхоьллинарш бу С.Курнеев а , В. Гиляндиков а, Л. Амнинов а.

Хурул схьаеллар нисйе бӀаьра

Зиярт схьадиллира 2005-чу шеран гӀуран (декабрехь) 27-чу дийнахь. Зул цӀе йолу гӀалмакхойн халкъан дезде дара цу дийнахь. Иштта а зиярт схьадаьллар лерина дара гӀалмакхой махкахбаьхна (Сибрех а, Гена-Малхбале а) кхузткъе ши шо кхачарна.

Ӏуьйранна ялх сахьт даьлча хурул схьаеллар доладелар. Цу церемонехь монахаш бен дакъа ца лоцу.  Цундела нахан телевизионан трансляци йира. Официалан дакъехь вара ГӀалмакхойчоьнан Шаджин-лама Тэло Тулку Ринпоче а, юккъерчу хурулан монахаш а, Монголан Хамбо-лама а, Тыва Республикер Кымбы-ламан векалш а, Бурятин векалш Еше Лодой Ринпоче, Чжампа Тинлей а, ГӀалмакхчоьнан а, Элистан а владыка Зосима а, Москван Патриархатан векал Дудко да а.

Иштта церемонехь дакъалецара ГӀалмакхойчоьнан а, Тыван а, Бурятин а Урхаллин векалш а, Оьрсийчоьх Непалан векало а, Японер а, Индер а, Ӏамеркер а, Европер а хьешаш а.

ТӀехулара куц нисйе бӀаьра

 

Элиста-гӀалан коьрта хӀоллам бу Шакьямуни Буддан дашо хӀусам. Хаза зиярт ду иза. Циг чохь буддисташ доӀанаш до, шай Ӏадаташ а, ламасташ а кхочушдо, циг чохь даздо сийлахь денош а, Буддан Ӏибадат а до.

 

Хурулан гонаха йина 108 ступа ю. Къилбера кевнаш коьрта ду.  Зияртан кертахь диъ ков ду. Цхьа ков- къилбаседан агӀор ду, важа- къилбан агӀор, кхоалгӀниг- малхбале агӀор ду, доьалгӀаниг малхбузе агӀор.

Мандалан кепахь ю зияртан архитектура. Наланда монастырер сийлахь-беза хьехархошан статуяш а йолуш 17 пагод ю хурулан йистехь.

Интерьер нисйе бӀаьра

Хурулан ворхӀ гӀат ю.

Хьалхара гӀат- библиотека а, музей а, конференц-чоь а.

ШолгӀа гӀат- Шакьямуни Буддан исс метр статуя чохь йолу доӀанаш деш чоь (дуган) ю. Статуя чохь сийлахь хӀуманаш ю, масала мантраш а, хаза хьожанаш а, мехала хӀуманаш а, ерриг республикин кӀошташкар латтанаш а, ГӀалмакхойчоьх кхуьу ораматаш а. Статуя тӀе деши диллина ю, цул сов брильянташца кечйина иза. КхоалгӀа гӀат тӀехь монахаш а, тибетан дарбанан лоьраш а, астрологин говзанчаш а нах тӀеоьцуш чоьнаш ю. Иштта а администраци ю цигахь. ДоьалгӀа гӀат- ГӀалмакхойчоьнан буддисташан куьйгалхочун резиденци а, жима конференц-чоь а ю. ПхьоьлгӀа гӀат- Цуьнан Сийлалла Тензин Гьятцо  цӀе йолу XIV-гӀа Далай-Ламан резиденци ю. ЙолхалгӀа гӀат- бахаман гӀирс чохь болу чоь ю. ВорхӀалгӀа гӀат- динан дайшан садаӀаран (медитацин) чоь ю.

 
Хурул буьйсанна

Зияртан белхан раж нисйе бӀаьра

ХӀора дийнахь иссолгӀа ах даьлча гӀалмакхойн къоман имаъ-беркат хилита доӀа до хурулехь. ХӀора пӀераска дийнахь 2 даьлча белларш дагалоцуш йөрәл цӀе йолу ламаст кхочушдо. Оршот де доцург, индивидуалан тӀеэцар хӀора дийнахь ду 11 сахьт даьлчул тӀаьхьа. Тибетан мотт а, йога а Ӏамайо хурулехь. Иштта ГӀалмакхойчоьнан къоман музейн филиал ю цигахь. Музей чохь тайп-тайпана буддизмах лаьцна гайтарш хуьлу.

Ламасташ нисйе бӀаьра

 

Юккъерчу хурулехь хӀора дийнахь исс даьлча Ӏуьйренан доӀанаш до. ДоӀанашкахь гӀалмакхойн къоман диканаш сов даккхар а, мехкан  заза далар а, массо садолухӀуманашан ирс а, могшалла а хилар доьху.

Монахаш доьшу:

  • Кхаа Мехала хӀумнашан- Буддан а, Дхарман (хьехаран) а, Сангхин (монахийн жамӀатан) а чохь йолу- КӀелхьардолийлан йозанаш а, «Тушита ялсаманин 100 цӀунаш» йозанаш а;
  • Ямантакин лакхара Маха-ануттара-йогатантран доӀа а;
  • ГӀодаккхархо волу Окон-Тенгран доӀа а;
  • Мехкан да волу КӀайчу Воккхачу Стеган доӀа а;
  • Цуьнан Сийлалла XIV-гӀа Далай-Ламан могшаллан тӀера доӀанаш до.

Ӏуьйранна кхочушдо дахар дахдаран (насн уттулх) а, Ӏаьржа мотт дӀахадоран (хар кел утлх) а, вон гӀенашах ларвеш  (зүднә хәрү) а, дуьхьалонаш дӀайогӀуш («Сержм») а ламасташ. И доӀанаш дечу хенахь буддийн цӀуннашка кхайкхам а бо, царна совгӀаташ до, иштта доьху декъалдар а, ламастехь болу нахан цӀандалар а.

И Ӏадаташ хӀора дийнахь до . ПӀераска дийнахь дӀакхелхина нахан тӀера (буйн, йөрәл) ламаст до.

Мацк денош нисйе бӀаьра

Мацк деношкахь- 8-гӀа, 15-гӀа, 30-гӀа беттан деношкахь- монахаш Баьццарчу Таран а (8-гӀа беттан де), Манла Буддан дарбанан а (15-гӀа б.д.), Бурхн-Багш а (30-гӀа б.д.), Окон-Тенгр (29-гӀа б.д.) а ламасташ кхочуш до.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра