ЦӀадахьройНохчийчуьран тайпа. Тайпанан векалийн йаьхна ДНК тесташ гайтина цӀадахьрой G2 гаплотобанера хилар[1].

Нохчийчуьра тайпа
ЦӀадахьрой
Этноиерархи
Раса кавказан
Йукъара хаамаш
Мотт Нохчимахкахойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар
Къилбаседа Кавказ:

Тайпан даьргӀойн орамаш бу. Церан схьабовлар ду ДегӀастанара ЦӀадахьар эвлара. Оцу эвлара паччахьан Ӏазапан дуьхьала гӀевттина бахархой бахьнехь, 1877 шарахь эвла йерриг йоха а йина, паччахьан администрацис кхалхийра эвлахой тайп-тайпанчу йарташка. Нохчийчу а иштта бахьанца кхечира цӀадахьрой.

ЦӀадахьрой хевшира Шара, ХӀиман гергахь, тӀаьхьа цигара кхелхира ЦӀен Ведана, амма Ичкери оьрсийн карайахча, доккхаха долу церан дакъа, ДегӀастана йухадирзира[2].

Беха йарташ

бӀаьра нисйан

ЦӀадахьрой алсама беха Нохчийчуьра бухара йарташкахь: Устрада-ГӀала, Йоккха АтагӀа, Макане, МахкатӀе, Хоттане, ЦӀен Ведана.

ГӀарабевлла векалш

бӀаьра нисйан
  • Уггаре тайпанан гӀараваьлла векал хилла Ника-къеда, 1877 шарахь гӀаттаман куьйгаллехь хилла, Теркан областан гӀаттаман куьйгалхочуьнца, Даев Умица, цхьаьна лаьцна российн эскарша.
  • Абдуллаев, Минкаилан воӀ Супьян

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан