Чока́ев Кати́ Зайнди́н воӀ (1929 шеран 27 февраль, Шела, ССРС — 2021 шеран 20 октябрь[1]) — российн нохчийн Ӏилманча, филологин Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин академик, Российн Федерацин лакхара говзаллийн дешаран Сийлахь белхало.

Чокаев Кати Зайндин воӀ
Вина терахь 1929 шеран 27 февраль({{padleft:1929|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:27|2|0}})
Вина меттиг Шела
Кхелхина терахь 2021 шеран 20 октябрь({{padleft:2021|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})[1] (92 шо)
Пачхьалкх  ССРС Росси
ГӀуллакхан тайпа Ӏилманча
Ӏилманан кхоче дешнийн кхолладалар, меттанийн йукъаметтигаш, оьрсийн-нохчийн билингвизм, ономастика, оьрсийн мотт хьехаран методика
Белхан меттиг Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет
Альма-матер ГӀиргӀазойн къоман Баласагын Жусупан цӀарах университет
Ӏилманан дарж филологин Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор
Ӏилманан куьйгалхо Дешериев, Юнус Дешериевич
СовгӀаташ а, премеш а Российн Федерацин лакхара говзаллийн дешаран Сийлахь белхало
Арахьара суьрташ
Кати Чокаев

Вина 1929 шеран 27 февралехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Шела эвлахь ахархочун доьзалехь. 1944 шеран 23 февралехь 15 шо кхочуш махках ваьккхина, берриг нохчий санна.

1952 шарахь чекхйаьккхира ГӀиргӀазойн ССР Фрунзен областера Токмак гӀалара суьйренан ишкол. Дийнахь болх бора киранча, хадорхо, йуьхьанца Чуйн, ткъа тӀаьхьа Токмакан Ӏехайаккхарехь. Стахановн болх барна масийттаза совгӀат дира грамоташца, царна йукъахь ГӀиргӀазойн ССР ЛККС ЦК грамота комсомолан 30 шо кхачарна лерина (1954), ахчанца а.

1957 шарахь чекхдаьккхира ГӀиргӀазойн пачхьалкхан хьехархойн институтан оьрсийн меттан а, литературин а факультетан дуьхьала воцуш дешаран дакъа. Доьшуш а волуш оьрсийн меттан а, литературин а хьехархо болх бира Фрунзен областан Чуйн кӀоштарчу Шамсински ворхӀшеран ишколехь.

1958 шарахь даймахка цӀавирзира. 1971 шо кхаччалц болх бира меттахӀоттийначу гуманитарин Ӏилманийн институтан нохчийн а, гӀалгӀайн а меттанийн декъехь, йуьхьанца лахара, ткъа цул тӀаьхьа лакхара Ӏилманан белхало. Оцу институтехь 1963 шарахь чекхдаьккхира кандидатийн диссертаци «Нохчийн маттахь цӀердешнаш кхолладалар» (гӀалгӀайн а, бацойн а меттанийн материалаш а лелош) теманца, Ӏилманан куьйгалхо Дешериев Юнус а волуш.

1958—1970 шерашкахь Чокаев Кати, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Министрийн Советан терминологин комиссин жоьпаллин секретарь. Цул тӀаьхьа вара республикин правительствон орфографин комиссин председатель. 1975 шарахь чекхдаьккхира докторийн диссертаци.

1983 шеран 1 сентябрехь дуьйна 15 шарахь хилла Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институтан профессор, оьрсийн меттан а, иза хьехаран методикин а кафедран куьйгалхо.

1993 шарахь дуьйна «НР ӀА хаамча» журналан редколлегин декъашхо. 1996 шарахь вара Одессехь хилла йолу вайнехан диаспоран Дуьненайукъара конгресс дӀайахьаран оргкомитетан сийлахь сопредседатель. 1998 шарахь лакхара а, Нохчийн Республикин йуккъера башха дешаран а концепци кхуллу Ӏилманчийн тобанан куьйгалла дира.

Нохчийн Республикин Ӏилманийн Академи кхуллуш дакъалецира. Ву цуьнан бакъонца волу декъахойх хьалхарчех цхьаъ а, филологин декъан хьалхара академик-секретарь а. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан оьрсийн меттан кафедран профессор. Нохч-ГӀалгӀайн АССР Ӏилманан хьакъ долу гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Российн Федерацин лакхара говзаллин дешаран сийлахь белхало.

150 Ӏилманан белхан автор ву, царна йукъахь 11 монографи йу, кхин а цхьа могӀа мотт Ӏаморан проблемийн Ӏилманан-кхетаме йаззамаш бу. Цуьнан Ӏилманан сферан чудогӀу дош кхолладалар, меттанийн йукъаметтигаш, оьрсийн-нохчийн билингвизман проблемаш, ономастика, оьрсийн мотт хьехаран методика.

Библиографи

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Интеллектуальный центр Чеченской Республики в лицах: популярная биографическая энциклопедия / Жеребило Т. В.. — Кеп:Мх.: ИП «Султанбегов Х. С.», 2013. — Т. 1. — С. 7-9. — 180 с. — 500 экз. — ISBN 978-5-906650-01-6.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 https://doshdu.com/kati-chokaev-lichnost-v-nauke/