Шаипов, Саид Эдилсултанович
Саи́д Эдилсулта́нович Шаи́пов (1934 шеран 1 январь, Хиди-КӀотар, Куршлойн-Эвлан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР — 2009 шеран 2 январь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси) — нохчийн эшархо, «Вайнах» ансамблин декъашхо, Нохчийн Республикан Халкъан артист.
Саид Эдилсултанович Шаипов | |||
Вина терахь | 1934 шеран 1 январь | ||
---|---|---|---|
Вина меттиг | |||
Кхелхина терахь | 2009 шеран 2 январь (75 шо) | ||
Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Росси | ||
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
||
Говзаллаш | эшархо | ||
Коллективаш | «Вайнах» | ||
СовгӀаташ |
|
![]() | |
---|---|
![]() |
Жима волуш хенахь |
![]() |
Концерт йолаяле |
![]() |
Концертехь (аьтту агӀор кхозлугӀа) |
![]() |
Елена Владимировна Куйбышеваца |
![]() |
Воккха хилча |
БиографиНисъе
БераллаНисъе
Винера 1934 шеран 1 январехь Куршлойн-Эвлан кӀоштан Хиди-КӀотарехь Эдилсултан Шаипован доьзаллехь. Цуьнан нана яра Саламат Шаипова. 1944 шеран 23 февралехь уьш цӀерабехира.
Цуьнан доьзал дӀанисбира Кокчетавски областин Куропаткино юртехь. Цуьнан дас тоьла а деккхина уьш цу чохь Ӏан болабелира. Новкъахь нана чӀогӀа шелъелира, цхьа шо даьлча иза елира. Кхин цхьа шо даьлча цера да велира. Саид вара 11 шо кхаьчна цуьнан шен 7 шо кхаьчна йиший, 4 шо кхаьчна веший дола дан дезча. Уьш кхабархьам цо муьллха болх бора.
1946 шарахь бӀаьстенна бераш Кокчетаве дӀадахара. Буьйсанна цхьана цӀенон ламин кӀелахь дӀабишира уьш. Буьйса чӀогӀа шила яра, жима кӀант ваьлха волавелира. Бераш хиллера Куйбышеван музейн лами кӀелахь дӀадийшина. Оцу музейн директор яра Куйбышеван йиша Елена Владимировна. Цунна белхар хезна хиллера. Цо бераш чу а дигна, уьш дохдира, дилира, яа хӀума а елира. Оцу цӀа чохь кхо бера шина шарахь сов дехира. Елена Владимировна йолчу кест-кеста цуьнан йиша Надежда Владимировна йохура. Цо бершна мерза хӀумнаш йохьура, цаьрца ловзура[1].
БилгалдахаршНисъе
- ↑ Жизнь, отданная искусству Архивацийина 23 мартехь 2014 шеран.
ХьажоргашНисъе
- Жизнь, отданная искусству Архивацийина 23 мартехь 2014 шеран.
- В Грозном состоится вечер памяти народного артиста ЧР Саида Шаипова
- Саид Шаипов